Тите 2

1Ткъа ахьа билггал бакъболчу хьехамашца догІуш дерг хьеха. 2Сема а, хьанал а, собаре хилар а, ткъа шайн тешарехь а, безамехь а, собар хиларехь а уьш цІена хила безар а хьеха баккхийчу нахана. 3Иштта баккхий зударий а кхетабе, цІена а, лараме а лелаш, мотт а ца бетташ, маларан дола а ца боьлхуш, кхечарна диканиг а хьоьхуш, уьш хила безарх. 4Цаьрга хьехийта къоначарна шайн майранаш а, шайн бераш а дезар. 5Собаре а, цІена а, шайн доьзалийн бала болуш а, дола деш а, дика хила безарх а, шайн майранашна муьтІахь хила безарх а кхетабе уьш, цхьаьнгге а Делан дашах лаьцна вониг ца алийтархьама. 6Иштта къона божарий а кхетабе собаре хила 7массо а хІуманна тІехь. Царна хьайгара дика масал гойтуш хилалахь. Хьайн хьехамашкахь догцІена а, оьзда а хила. 8Хьайн хьехам цІена хилийта, тІехтохам бан йиш а ца хуьлуьйтуш, хьайн мостагІа, юьхьІаьржачу а хІоьттина, вайх лаьцна ала цхьа а вон хІума доцуш витархьама. 9Лешна а хьеха шайн олахошна муьтІахь хила безарх а, цара олахошна массо а хІуманна тІехь там бан безарх а, олахошна уьш дуьхьал лен ца безарх а лаьцна. 10Къола а ца деш, тешаме уьш хила безар а хьеха царна, цара лелош долчу дерригено а вайн КІелхьардохург волчу Делах лаьцна хьехамаш хазбархьама. 11ХІунда аьлча массо а адамашна кІелхьардохуш долу Делан дикалла гучуделира. 12Іесалла а, дуьненан боьха лаамаш а дІа а тесна, собаре а, догцІена а, суьпа а лелаш кху заманчохь даха хьоьху вайна оцу дикалло. 13Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгІуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КІелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсан а сийлалла схьадар. 14Цо вайн дуьхьа Шен дахар дІаделла, вай муьлххачу а зуламех паргІатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тІегІиртина долу а халкъ къинойх цІандархьама а. 15ХІара хьеха дезарш а хьеха, хьайн мел долчу олаллица иракара а хІиттабе уьш, шен-шен метта а хІиттош, дІанисбе, цхьа а хьох ца вешаш ца хилийта.

will be added

X\