Римхошка 9

1Дала леррина Къобалвинчуьнца а волуш, билггал бакъдерг боху Аса. Со харц ца лоь. Делан Синан карахь долчу сан даго а тоьшалла до суна: 2Исраилан халкъах йоккха гІайгІа а, лазам а бу сан даг чохь. 3Дала леррина Къобалвинчух со дІакъастийна хила луур дара суна сайн вежарийн дуьхьа, сан къомах болчу 4исраилхойн дуьхьа. Уьш хаьржина долу Делан бераш ду. Царна елла Делан бераш хиларан бакъо а, Делан сийлалла гойла а. Цаьрца Дала барташ бира. Царна белла товрат-хьехамаш а, Далла муха Іибадат дан дезаран хаар а. Царна дина Дала Шен ваІданаш. 5Вайн сийлахьчу дайн тІаьхье – уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хІуманна тІехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин! 6Ша йина чІагІо Дала кхочуш ца йина аьлла, жамІ дойла дац, хІунда аьлча Исраилан халкъах схьабевлларш Далла хьалха берриш а ма бац исраилхой. 7Дала ИбрахІим а, цуьнан тІаьхье а къастийна елахь а, ИбрахІиман тІаьхьенах берш а ма бац берриш а Делан долахь болчарах. Дала аьлла ду: «Хьан тІаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю». 8И бохург хІара ду: ИбрахІиман дегІах а, хотІах а схьадевлларш дерриш а дац Делан бераш, Дала динчу ваІданца схьабевлларш бен. 9ХІунда аьлча Дала дина ваІда иштта ма дара: «Билгалъяьккхинчу хенахь Со юхавогІур ву, тІаккха Саратан кІант хир ву». 10И хилла а ца Іа: изза хилира Ребикхица, иза вайн да волчу Исхьакхах, кийрахь цхьаьний ши кІант а волуш, берах йолчу хенахь. 11Ребикхе Дала иштта аьллера: «Воккхаха верг жимаха волчунна гІуллакх деш хир ву». И ши кІант дуьнен чу а валале, цара цхьа а дика а, вон а дале, Дала иштта аьлла, Шен Іалашо стенца йоьзна ю гайтархьама. Цо харжарца бен йоьзна яц Делан Іалашо. Динчу гІуллакхех доьзна а доцуш, ткъа хоржуш Волчун лаамца хуьлу иза. 13Делан Йозанаш тІехь яздинчуьнца догІуш ма ду иза: «Якъуб Суна везавелира, ткъа Іесав ца вийзира». 14ХІун эр вай? Делаца харцдерг ду те? Дера дац! 15ХІунда аьлча Муса-пайхамаре Дала иштта боху: «Сайна къинхетам бан луучух Ас къинхетам а бийр бу, Сайна къахета луучух Суна къа а хетар ду». 16И бохург хІара ду: стеган лааме я цо гІуллакх даре а ца хьоьжуш, Дала Шен къинхетамца хоржу стаг. 17Делан Йозанашкахь Дала иштта боху пирІуне: «Аса хьо, паччахь а вина, дІахІоттийна, хьоьгахула Сайн ницкъ гайтархьама а, дуьнен тІехь массо а адамашна Сайн цІе йовзийтархьама а». 18Иштта Шена луъучух къинхетам а бо Цо, ткъа Шена луъург дуьхьал а волуьйту Цо. 19Аша хатта там бу соьга: «Кхин стенна бехке во те Иза? Мила вер ву Цуьнан Іалашонна дуьхьал?» 20Ткъа мила ву хьо, стаг, Делаца къийсавала? Йинчу хІумано эр дуй ша йиначуьнга: «Со иштта хІунда йина ахьа?» 21Бакъо яц ткъа куьпчичун хьийначу цхьана поппарх цхьа пхьегІа лараме долчу гІуллакхна, ткъа важа пхьегІа ларамаза долчунна ян? 22Дела иштта бакъо йолуш вара. Шен оьгІазло ян а, Шен ницкъ гайта а лиира Далла, амма Шен оьгІазлонах хІаллакьхила кийча долчу адамашна Шен доккха собар хилар гайтира Цо. 23И собар дора Цо, Шен сийлаллин хьал адамашна гайтархьама. И адамаш Дала къинхетам бечу тІаьхьенах хила дезаш дара. Уьш Дала Шен сийлалла тІеэца кечдинера. 24Ткъа и адамаш Дала хаьржина долу вай ду – жуьгташна юкъара хаьржинарш хилла а ца Іаш, амма кхечу къаьмнашна юкъара хаьржинарш а. 25ХІушаІ-пайхамаран тептар тІехь Дала иштта боху: «Сайн доцучу халкъах – „Сан халкъ“ эр ду Аса, Сайна езаш йоцучух а – „Сайна езаш ерг“ эр ду Аса. 26„Шу Сан халкъ дац“ аьллачу меттехь, царах „дийна волчу Делан кІентий“ аьлла, цІе а йоккхур ю». 27Ткъа ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро исраилхойх лаьцна иштта боху: «ХІордан гІум санна, дукха исраилхой хиллехь а, царах жима дакъа бен кІелхьардер дац. 28ХІунда аьлча лаьтта тІехь дехаш долчу адамашна ян йогІу кхел Дала хадам боллуш а, леррина а кхочушйийр ю». 29ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро хир ду ма-аллара: «Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло вайн тІаьхьенах цхьаберш дийна битина бацахьара, вай Седам-гІалин бахархой санна а хир дара, Іамор-гІалин бахархойх дІа а тарлур дара». 30ХІун эр вай хІинца? Вайна хІара хиъна: кхечу къаьмнех берш, цара Далла хьалха шаьш бакъдар ца лехнехь а, церан тешарехула бакъбина хилар. 31Ткъа Исраилан халкъо товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь Далла хьалха ша бакъдар лоьххушехь, и хьехамаш цуьнга кхочуш ца бало. 32Ткъа хІунда ца дало цаьрга иза? Далла хьалха шаьш бакъдар тешарехула а ца лоьхуш, ткъа шаьш деш долчу гІуллакхашкахула лоьхура цара. «Адамаш тасалур болчу тІулгах» тасабелира уьш, 33Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу адамаш тасалур болу тІулг а, нах галбовлуьйтур йолу тарх а. Ткъа муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац».

will be added

X\