Римхошка 8

1Делахь, хІинца Дала леррина Къобалвинчуьнца бехачарна цхьана а тайпана кхел йийр яц, 2Дала леррина къобалвинчу Іийсаца долу дахар тІедалочу Делан Синан Іедало къиношна а, Іожаллина а тІевалочу Іедалех хьо паргІатваьккхина дела. 3Вайн адаман са эгІаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тІе Шен КІант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагІа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина. 4Цо иза дина, вешан синан лаамашца а доцуш, ткъа Делан Синца дехаш долчу вайгахула товрат-хьехамийн бакъдолу декхарш дуззалц кхочушхилийтархьама. 5Шайн синан лаамашца бехачара оцу лаамех дегнаш дузу, ткъа Делан Синца бехачара Синан лаамех шайн дегнаш дузу. 6Шайн синан лаамех дегнаш дузар – иза Іожалла ю, ткъа Делан Синан лаамех дегнаш дузар – иза дахар а, синпаргІато а ю. 7И хІунда ду иштта? Нагахь санна адамо шен синан лаамех дог дузахь, иза Делан мостагІа хуьлу. Делан хьехамийн Іедална муьтІахь ца хуьлу иза, мелхо а, царна муьтІахь ца хилало иза. 8Шайн синан лаамашца лелачаьрга Далла тамехь дерг ца дало. 9Амма шу шайн синан лаамашца дехаш дац. Мелхо а, нагахь санна шуна чохь Делан Са дехаш делахь, Делан Синан лаамашца деха шу. Нагахь санна шух цхьаьнца Дала леррина Къобалвинчун Са дацахь, иза Цуьнан долахь вац. 10Нагахь санна Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь вехаш велахь, шун дегІ, къинош летош хиларна, лийр ду, ткъа шун са дийна ду, Дала шу бакъдина долу дела. 11Іийса веллачуьра денвина Волчун Са шуна чохь дехаш долу дела, Іийса веллачуьра Денвинчо шун лийр долчу догІмашна а дахар лур ду шуна чохь дехаш долчу Синехула. 12Иштта, динан вежарий, Делан Синан лаамца даха декхарийлахь ду вай, амма вайн синан лаамца даха ца деза вай. 13ХІунда аьлча шайн синан лаамашца дахахь – шу лийр ду, ткъа Делан Синан гІоьнца шайн дегІо летош долу къинош аша хІаллакдахь – шу Дела волчохь дехар ду. 14ХІунда аьлча Делан Сино лелош дерш Делан бераш ду. 15Аша тІеэцнарг шух юха а леш хуьлуьйту Са дац, юха а кхерамехь шу дехаш хуьлуьйтур долу. Аша тІеэцнарг шух Делан бераш хуьлуьйту Са ду. Оццу Синца вай кхойкху: «Абба, сан Дада!» 16Вайна чохь долчу синца цхьаьна Делан Сино Ша тоьшалла до вай Делан бераш хиларх лаьцна. 17Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хІунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду. 18Вайна гойтур йолу сийлаллица дуьстича, вай хІинца ловш йолу халонаш хІумма а доцург лору ас. 19Дала кхоьллина мел долу хІума сатийсарца ладоьгІуш ду, Делан бераш муьлханаш ду шайна дІаделладаларе. 20Дала мел кхоьллинарг цу хІуманийн лаамца ца дахийтина эрна долчун кара, ткъа иза Карадерзийначун лаамца дахийтина. Амма догдохийла ю, 21Дала кхоьллина мел дерг талхаран лоллера паргІатдоккхург хиларе, Делан берашца цхьаьна сийлаллин паргІатонехь хилийтархьама. 22Вайна хаьа, Дала мел кхоьллина хІума хІинццалц баланехь дуйла, берах хьийзош йолу зуда санна. 23Дала мел кхоьллинчо дина а ца Іаш, дуьххьарлера ялтин стом санна, Делан Са вайца доллушехь, вай а ду кийрахь узарш деш, Дала вайна Шен берийн бакъонаш яларан замане ла а доьгІуш. Оцу хенахь Дала вайн догІмаш паргІатдохур ду. 24ХІунда аьлча вай кІелхьардаьхна а дара, вайн сатуьйсийла а ю, амма вай сатуьйсуш дерг гуш делахьара, тІаккха иза сатийсар хир дацара. Хьан сатуьйсур ду шена гуш долчуьнга? 25Ткъа вай хІинца ваьшна гуш доцучуьнга сатуьйсу, собар хиларца ла а доьгІуш. 26Цу кеппара гІорасиза долчу вайна Делан Сино а гІо до. Вайна ца хаьа дан ма-деззара доІанаш дан. Ткъа Делан Сино, вайл хьалха а долий, вайна тІера Деле доьху дешнашца вайга дІа ца алалучу узаршца. 27Амма вайн дегнаш толлуш волчу Далла хаьа, стенах лаьцна доьху Шен Сино, Делан долахь болчарна тІера Делан лаамца Цо доьху дела. 28Вайна хаьа, Дала дерриге а диканна хуьлуьйту Ша везачеран дуьхьа – Шен лаамца Ша тІекхайкхинчеран дуьхьа. 29Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КІентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама. 30Ша билгалбаьхнарш Дала Шена тІекхайкхина, ткъа, тІе а кхайкхина, Шена хьалха бакъбина, бакъ а бина, церан сийлалла айина. 31ХІун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал? 32Шен КІант ца кхоош, вайн дуьхьа баланаш хьега Иза ДІавеллачо, шеко яц, Шен КІантаца цхьаьна кхин а дисина дерг а вайна совгІатна лург хиларх! 33Мила ваьхьар ву Дала хаьржинчарна дуьхьал вала? Цхьа а вац-кх! Дала бакъбеш ма бу уьш. 34Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Іийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агІор а хиъна, вайна тІера Деле доьхуш ву Иза. 35ДІакъастадалур дуй те вай цхьаьнгге а Дала леррина Къобалвинчун безамах? Дац! Халоно, балано, вай лаьхкина леларо, мацалло, къоьлло, кхерамо я Іожалло дохур дуй те вай Цуьнан безамах? Дац! 36Делан Йозанаша ма-бохху: «Хьо бахьана долуш, хІора дийнахь тхо дайаран кхерамехь ду. Тхо дайа кечдина долу уьстагІий санна хета царна». 37ХІетте а, и дерриг а гІуллакхаш хуьллушехь, ваьш Дезначо вайга уггар боккха толам боккхуьйту. 38Со теша, я Іожалло, я дахаро, я маликаша, я жинаша, я цхьана а долуш долчо, я цхьана а хиндолчо, я цхьана а ницкъаша, 39я цхьана а вайна тІехь долчо, я цхьана а вайна бухахь долчо, я Дала кхоьллинчу цхьана а кхечу хІумано а вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула болчу Делан безамах вай дІакъасто йиш цахиларх.

will be added

X\