Римхошка 7

1Динан вежарий, шуна хууш дац ткъа (аса хІара бакъонаш евзачаьрга ма боху), бакъонаша, адам дийна мел ду, цунна тІехь олалла дойла? 2Товрат-хьехамийн бакъонаша тІе-ма-диллара, марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, цунна тешаме хила еза. Шен майра велча, оцу бакъонех иза паргІатйолу. 3Цундела, майра дийна а волуш, иза кхечуьнга яхча, иза нахаца леларг лору. Амма майра велла йолу зуда маре яхча, иза нахаца леларг ца лору. 4Иштта шу а, сан динан вежарий, Дала леррина Къобалвинарг валарца Цуьнца цхьаьна товрат-хьехамашна делла ду. Веллачуьра Денвинчун дола вай девлла, Далла стоьмаш бахьаш долу дахар вайн хилийтархьама. 5Вешан синан лаамийн долахь вай хилча, вайн дегІан меженаша къилахь болу лаамаш кхочушбора, ткъа товрат-хьехамаш бахьана долуш и лаамаш алсамбовлура. Цара вайга Іожаллина гІуллакхаш дойтура. 6Ткъа хІинца вай дихкинчу хьехамашна делла долу вай оцу хьехамех паргІатдаьхна. Иштта ширачу некъаца, товрат-хьехамаш кхочушбарца, Далла гІуллакх ца до вай, амма керлачу некъаца, Делан Синца до. 7Делахь, товрат-хьехамаш къилахь бу аьлла, жамІ дийр ду вай? Дера дац! Амма суна къалатор хІун ду хуур дацара, сайна товрат-хьехамаш ца бевзинехьара. ХІунда аьлча кхечу стеган хІума дезар суна девзар дацара, нагахь санна товрат-хьехамаша иштта бохуш дацахьара: «Кхечу стеган цхьа а хІума шуна ма дезийла». 8Амма товрат-хьехамаша бохург бахьана долуш, къино аьтто бина хІума езийта суна чохь тайп-тайпана лаамаш хилийта. Хьехамаш боцучохь къа делла ма ду. 9Со мацах товрат-хьехамаш а боцуш ваьхнера, ткъа весет суна тІедиллича, къа денделира, 10ткъа со велира. Суна ваха аьлла деллачу весето со валарна тІевалийра. 11Къино, хІара весет бахьана долуш аьтто а баьлла, со Іехавалийтира, тІаккха оццу весетаца со вен а вийра. 12Иштта, товрат-хьехамаш беза бу, ткъа и весет деза а, нийса а, дика а ду. 13ТІаккха и дика дерг кхочушдар хилла те суна Іожаллина? Дера ца хилла! Къино дира иза. Дика дерг бахьана долуш, со Іожаллина тІе а валош, къинан къилахь йолу амал гучуяьккхира. Иштта и весет бахьана долуш, къа кхин а чІогІа къилахь хилар гучудоккху. 14Вайна хаьа товрат-хьехамаш Делан Синера буйла. Ткъа со сайн синан долахь ву. Вохка а воьхкина, къинан лай хилла сох. 15Со ца кхета айса лелочух: сайна дан луург аса ца до, ткъа сайна бІаьрга дан а цадезарг ас кхочушдо. 16Нагахь санна аса сайна дан луург деш хилча, товрат-хьехамаш дика бу аьлла, тІеоьцу аса. 17Делахь и кхочушдеш верг баккъалла а со вац, ткъа суна чохь дехаш долу къа ду. 18Суна хууш ма ду, суна чохь, баккъалла аьлча, сан адаман са чохь, цхьа а диканиг доллуш цахилар. ХІунда аьлча дика хІума дан лаам сан боллушехь, иза кхочуш ца бало соьга. 19Сайна дан лууш долу дика дерг аса ца до, ткъа дан лууш доцу вониг до аса. 20Нагахь санна дан ца лууш дерг аса деш хилча, тІаккха со вац-кх и деш верг, суна чохь дехаш долу къа ду-кх. 21Иштта суна хаало хІара массо а ханна лелаш дерг: хІоразза а дика дерг дан суна дагадеача, вониг дан лаам суна чохь хилар. 22Ткъа суна чохь долчу адамна Делан хьехамийн Іедалца хазахетар карадо. 23Амма сан меженашна чохь кхин тайпа массо а ханна лелаш дерг го суна. Оцу Іедало сан хьекъал чохь болчу лаамца къуьйсу. Сан меженашкахь лелаш долчу къинан Іедалан йийсархо во цо сох. 24Ма миска адам ду со! Хьан кІелхьарвоккхур ву со Іожаллина со тІевалош долчу хІокху дегІах? 25Аса баркалла боху Далла, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Цо иза дарна! Делахь, сан хьал иштта ду: цхьана агІор сайн хьекъалца со-со Делан хьехамийн Іедалан лай ву, ткъа вукху агІор сайн адаман синца къинан Іедалан лай а ву.

will be added

X\