Римхошка 6

1ТІаккха, хІун ала вай? Къинош а летош Іей те вай, Делера долу доккха дика кхин а алсамдалийтархьама? 2Дера ма Іе! Къинах лаьцна аьлча, вай делла ду. Делахь, къинош а летош, кхидІа вай муха дахалур ду те? 3Ца хаьа те шуна, Дала леррина Къобалвинчун дола а девлла, шаьш хих чекхдахийтина долчу вай Цуьнан валар а тІеэцна хилар? 4Иштта, вай хих чекхдахийтича, вай Цуьнца цхьаьна дІа а доьхкина, дала а делла. Ткъа иза хилира, Шен Ден ницкъаца веллачуьра денвина волу Дала леррина Къобалвинарг санна, вай а керлачу дахарехь Іайтархьама. 5Иза валаре терра, вай, дала а делла, Цуьнца цхьаьнакхетта хилча, Иза денваларе терра, ден а делла, юха цхьаьнакхетар ду. 6Вайна хаьа, шира адам Іийсаца цхьаьна жІарах дІатоьхна, къа лато хуьлуш болу вайн лаам хІаллакбархьама а, ткъа иштта къинан леш вайх кхидІа ца хилийтархьама а, 7хІунда аьлча велларг къинан олаллех паргІатваьлла. 8Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай делла хилча, вай теша, Цуьнца цхьаьна ваьш дехар долуш хиларх а. 9Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра цкъа денвелла хилча, иза кхин цкъа а лийр вац, хІунда аьлча Іожалло Цунна тІехь кхин олалла дойла дац. 10Цуьнан валар гуттаренна а цкъа къинан олаллех дІакъаьсташ валар дара, ткъа Цуьнан дахар Делан дуьхьа дахар ду. 11Цундела аша шаьш а къинна делла лара. Ткъа шаьш дийна хилар – Делан дуьхьа дехаш хилар лара вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна. 12Лийр долчу шайн догІмашна тІехь кхидІа къине олалла ма дайта. Къинан Іалашо ю сийсаза лаамаш шуьга кхочушбайтар. 13КхидІа а шайн догІмийн меженаш къинан кара ма яхийта, харцо лело гІирсаш санна. Мелхо а, шаьш Далла дІало, деллачуьра дендинарш санна. Ткъа шайн догІмийн меженаш, Делан лаамехь долчу гІуллакхаша лело гІирсаш санна, Цуьнан караяхийта. 14Къино шуна тІехь олалла дан ца деза: шу товрат-хьехамийн олаллехь дац, ткъа Делан диканан олаллехь ду. 15ТІаккха иштта къинош летор дуй те вай, товрат-хьехамашна долахь а доцуш, Делан доккхачу диканан олаллехь хилча? Дера дац! 16Шу кхеташ дац те, леш санна цхьанна муьтІахь хила шу карадахча, шу къар а лой, цуьнан леш хуьлий? Я къинан леш хуьлу шу, ткъа иза бахьана долуш шу хІаллакдийр ду, я Далла муьтІахь хиларан леш хуьлу, ткъа иза бахьана долуш шу Далла хьалха бакъдар ду. 17Далла бу хастам! ХІетахь къинан леш шу хиллехь а, хІинца шаьш муьтІахь динчу хьехаман кепехь даггара къарделла шу. 18Къинойх паргІатдевлла долу шу, хІинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран леш хилла. 19Шун адамийн синош гІийла долу дела, шу кхетар доллучу маттахь боху ас. ХІетахь шайн дегІан меженаш сийсаза леларан а, зулам даран а лолле дІаеллера аша, ткъа цунах кхин а дукха зулам хилира. Ткъа хІинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран лолле дІало уьш, иштта шу Далла герга кхочур ду. 20Шу къинан леш долчу хенахь, Делан лаамехь дерг кхочушдарх мукъа дара. 21Шаьш хІинца юьхьІаьржачу хІиттош, хІетахь лелийначу гІуллакхех шуна хІун пайда баьлла? Цу гІуллакхийн чаккхе Іожалла ма ю! 22Ткъа хІинца, къинан олаллех паргІат а даьхна, шу Делан леш хилча, цунах Далла гергакхачаран пайда хуьлу шуна, ткъа иза бахьана долуш хедар доцу дахар хир ду шун. 23Къинош леторна луш йолу ял Іожалла ю, ткъа Дала луш долу совгІат Дала леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна хир долу хедар доцу дахар ду.

will be added

X\