Римхошка 5

1Ваьш тешарехула бакъдина дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас динарг бахьана долуш, Делаца синпаргІато а йолуш деха вай. 2Вай Цунах тешар бахьана долуш, Іийсас Делан доккхачу диканна тІекхочийла хилийтина вайна. ХІинца вай дехаш ду оцу диканехь. Даккхий а деш, Делан сийлаллин декъехь хиларе сатуьйсуш ду вай. 3Цунах даккхийдийна а ца Іаш, ваьш баланаш хьегарх а даккхийдеш ду вай. Вайна хаьа, баланаш хьегаро доьналла долуш хуьлуьйтийла. 4Доьналла долуш хиларо къобалдар дахьа, ткъа къобалдаро сатийсар ло. 5Оцу сатийсаро дог доьхна ца хуьлуьйту вай, хІунда аьлча Ша вайна деллачу Шен Синца вайн дегнаш чу Дала Шен безам Іанийна. 6Ваьшна гІо дан вай де доцуш дисича, Дала билгалъяьккхинчу хенахь, Іесачеран метта Дала леррина Къобалвинарг жІара тІехь велла. 7Наггахь бен, бакъахьара волчун метта цхьана а стагана вала ца лаьа. Делахь а дикачун метта вала цхьаъ реза хила а там бу. 8Амма, вай хьарамлонаш лелош долчу хенахь, вайн дуьхьа велла Дала леррина Къобалвинарг. Цу тайпана Шен вайга болу безам мел боккха бу гойту Дала. 9Іийсан цІийца вай бакъдина хилча, Цуьнгахула муххале а кІелхьардевр ду вай Делан оьгІазлонах. 10Вай Шен мостагІий долчу хенахь Дела вайца тайра Шен КІентан валарца. Дала Шеца тайтина долу вай, хІинца муххале а Цуьнан КІантехула кІелхьардевр ду, КІант дийна волу дела. 11Цунах тоам бина а ца Іаш, вай Делаца тайтина волчу а, вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вайца Дела хиларна, даккхийдеш ду вай. 12Цхьана адамехула – Адамехула – дуьнен чу къа деара, ткъа къинехула Іожалла а еана. Иштта Іожалла а хІора адамна тІееана, массара а къа латийна дела. 13Товрат-хьехамаш юкъабале а, къа дуьнен чохь долуш дара. Амма хьехамашна юкъайогІу бакъонаш ца лелачохь къалатор бехке ца лору. 14Делахь а Адаман хенахь дуьйна Мусан хене кхаччалц дехаш долчу массо а адамашна тІехь Іожалло шен олалла дора, Адама латийнарг санна долу къа цара ца латийнехь а. Цхьана агІор хьаьжча, шел тІаьхьа вогІу Волчух тера вара Адам. 15Делан дика зуламах тера дац. Нагахь санна, цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, дуккха а адамаш хІаллакьхуьлуш хилча, тІаккха муххале а Делан шорта долу дика, Цо цхьана адамехула – Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула – маьхза луш долу совгІат дуккха а адамна кхочур ду! 16Дала делла хІара совгІат цхьана адамо латийначу къинах тера дац. ХІунда аьлча цхьана адамо динчу зуламна йинчу кхело таІзар хилийтина, ткъа дуккха а къинош латорна Дала динчу дикано адамаш Цунна хьалха бакъдар хилийтина. 17Цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, оцу цхьана адамехула Іожалло олалла дар дІадоладелла. Амма цхьана адамехула, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула, хилийтинарг кхин а дукха ду. Делан шорта долу дика а, Далла хьалха бакъдина хиларан совгІат а тІе мел эцнарш Іийсагахула олалла деш хир бу дахарехь. 18Иштта дан а ду иза. Цхьаммо динчу зуламехула массо а адам бехкехилар тІедаийтина. Иштта цхьана адамо динчу бакъдолчу гІуллакхо массо а адамашна кхочу бакъдар а, дахар а ло. 19Цхьа адам Далла муьтІахь ца хилла дела, массо а адамех къинош летийнарш хилира. Иштта цхьана адаман Далла муьтІахь хиларо дуккха а адамаш бакъдина хир ду. 20Товрат-хьехамаш тІаьхьо юкъабевллера, зуламаш алсамдовлийтархьама. Ткъа къинош алсамдевлча, Делан дика кхин а совдала дуьйлира. 21Къиноша, адамаш Іожаллина тІе а далош, олалла деш хиларе терра, иштта Делан дикано а олалла дийр ду Далла хьалха бакъвина хиларехула. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Делаца долчу хедар доцучу дахаре кхачор ду адамаш.

will be added

X\