Римхошка 4

1Вайн дайн да волчу ИбрахІимах лаьцна хІун эр дара вай? Далла хьалха нах бакъбарх хІун Іемина цунна? 2Ша дина гІуллакхаш бахьана долуш, ИбрахІим Далла хьалха бакъвина хиллехьара, цуьнан дозалла дан йиш хир яра. Делахь а Далла хьалха дозалла дан йиш яцара цуьнан. 3Ткъа Делан Йозанаша хІун боху? «ИбрахІим тийшира Делах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира». 4Болх бечунна луш дерг, цунах къинхетам бар ца лоруш, цунна дІадала леринарг санна дІало. 5Нагахь санна Далла хьалха ша бакъвина хилархьама стага дика гІуллакхаш ца дахь а, ткъа Іеса нах бакъбечу Делах иза тешаш велахь, Дала иза Шена хьалха бакъвийр ву, цуьнан тешар бахьана долуш. 6Иштта динчу дика гІуллакхашца доьзна а доцуш, Дала Шена хьалха бакъвина лоручу стагах Дауд-паччахьо а декъала волу стаг олура: 7«Декъала бу Дала гечдина а, къинош Цо дІадаьхна а берш. 8Декъала бу Везачу Эло церан къинош цкъа а царна дуьхьал ца лоруш берш». 9Ткъа и декъалалла сунтбиначарна бен ца хуьлу теша? ХІан-хІа, иза кхечу къаьмнех болчарна а ду, уьш сунтбаза белахь а. Вай олуш ма-дарра, ИбрахІим Делах тешарна, Цунна хьалха бакъвина лерина. 10Маца хилла иза? Иза сунтвале лерина я сунтвиначул тІаьхьа лерина? Сунтвинчул тІаьхьа а доцуш, иза сунтвале бакъвина лерина. 11Ткъа и сунтвар цунна билгалонна дина дара, шен тешарехула Дала иза Шена хьалха бакъвина лерина гойтуш. Ткъа иза сунтвале хьалха Дала Шена хьалха бакъвина леринера. Иштта иза сунтбаза болчарах массо а тешачеран да хилла дІахІоьттира. Церан тешар бахьана долуш Дала уьш Шена хьалха бакъбина лору. 12Иштта, ИбрахІим вукху тобанан а да хилла дІахІоьттина. Сунтдар тІеэцна хилла а ца Іаш, вайн да волчу ИбрахІиман сунтвале дуьйна долчу тешаран ларашца лела массо а сунтбинарш цу тобанна юкъабогІу. 13ИбрахІиман а, цуьнан тІаьхьенан а карахь хир ду дуьне, аьллера Дала. ИбрахІима товрат-хьехамаш кхочушбо дела, аьлла дацара иза, ткъа Дала иза, цуьнан тешар бахьана долуш, Шена хьалха бакъвина лерина хиларна аьлла дара. 14Нагахь санна лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбечарна догІуш хилча, Делах тешар а мехала хир дацара, лур ду аьлларг эрна а хир дара. 15Товрат-хьехамаша, уьш кхочуш ца бича, Делан оьгІазло хуьлуьйту. Ткъа бакъонаш ца хиллехьара, бакъонаш йохор а нислур дацара. 16Ткъа и лур ду аьлларг тешарна ло, Дала вайна маьхза ло диканиг иза долу дела. ИбрахІиман массо а тІаьхьенна, чІагІо а еш, ло иза. Товрат-хьехамаш кхочушбеш болчу тешачарна бен а доцуш, амма ИбрахІиман тешарца кхечу къаьмнех болчу тешачарна а ло иза. ИбрахІим вайн массо а тешаш болчеран да ма ву, 17Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара: «Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вина». ИбрахІим вайн да хилира ша тешна волчу а, белларш денбеш волчу а, гуш доцург гуш деш волчу а Далла хьалха. 18Сатийса бахьана доццушехь, ИбрахІим Дала йинчу чІагІонах кхидІа а тешаш а, сатуьйсуш а вара. И тешар бахьана долуш, дуккхачу а къаьмнийн да хилира иза. Яздина ма-хиллара: «Оццул дукха хир ю хьан тІаьхье». 19Тешарх ца вухуш, бІе шо кхоччуш долчу шен дегІе, веллачун дегІе санна, бераш далург цахилар а, Сарат доьзалхо хуьлуш цахилар а дагахь латтадора цо. 20Дала шена лур ду аьллачу тешарна тІера ойла ца керчира цуьнан, мелхо а, шен тешар тІехь чІагІвелла Іийра иза, сийлалла Далла дІа а делла. 21Иза кІоргге тешна вара дийр ду аьлларг кхочушдан Делан ницкъ хиларх. 22Цундела «Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира». 23Бакъду, яздинарг цунна цхьанна пайденна хилла ца Іа – «Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира», 24амма вайна а пайденна ду: вайн Веза Эла волу Іийса веллачуьра Денвинчух вай тешна дела, Шена хьалха вай а бакъдина лорур ду Дала. 25Іийса вайн къиношна тІера сагІина дІа а веллера, вай Далла хьалха бакъдархьама ден а винера.

will be added

X\