IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Римхошка 3 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Жуьгти хилар гІолехь хІунда ду, я сунтварх хІун пайда хуьлу?   2  Иза массо а агІор гІолехь ду, ткъа уггар а дика дерг Делан дош царна Іалашдан делла хилар ду.   3  Ткъа и хІун ду? Нагахь санна цхьаберш тешаме ца хиллехь, церан тешам цахиларо дойур-м дац те Делан тешаме хилар?   4  Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду: «Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву, кхел ярехь Хьо тоьлур а ву».   5  Нагахь вайн харцлеро Делан бакъхилар дІадоьллуш хилча, хІун ала вай? Дела нийса вуй те, бохур ду вай, Цо Шен таІзар вайна дича? (Аса-м адаман ойланца боху иштта.)   6  Дера дац! Иза иштта хилча, дуьнен чуьра массо а адамашна Дала кхел ян муха тарло?   7  Нагахь санна сан тешаме цахиларо Делан тешаме хилар лакхадоккхуш хилча, нагахь санна Делан сийлалла иштта алсамдолуш хилча, хІета къинош летийначунна санна Дала суна кхел хІинца а хІунда ян еза?   8  Иза иштта делахь: «Диканиг далийтархьама, зуламаш дей вай» хІунда олийла дац ткъа? Вай иштта хьехамаш бо бохуш, цхьаболчара меттанаш детта вайна. Ишттачарна Дала нийса кхел йина.   9  ТІаккха? Дуй те вай царал тоьлуш? Данне а дац, хІунда аьлча ас дІагайтина жуьгтий а, кхечу къаьмнех берш а къинан долахь хилар.   10  Яздина ма ду: «Далла хьалха цхьа а бакъ вац.   11  Цхьа а кхетам болуш а вац, цхьа а Дела лоьхуш а вац.   12  Массо а адамаш Делах дІадирзина, берриш а галбевлла бу. Цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац.   13  Церан къамкъаргаш дІаделладелла кешнаш санна ю. Шайн меттанашца нах лебо цара. Лаьхьарчийн дІовш ду церан багахь.   14  Церан баганаш сардамех а, стимах а юьзна ю.   15  ЦІий Іано уьш сиха арабовлу.   16  Цара шаьш баханчохь бохам а бо, хІаллакдар а дахьа.   17  Машаран некъ ца бевза царна.   18  Церан бІаьргаш чохь Делах кхерар дац».   19  Ткъа хІинца вайна хаьа, товрат-хьехамаша хьоьхург хьехамийн долахь болчарна а дуйла. Цундела цхьаннан а бехказаволийла дац: массо а адамаш – жуьгтий я кхечу къаьмнех уьш белахь, Далла хьалха бехке хуьлу.   20  Товрат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета.   21  Ткъа хІинца гучудаьккхина Далла хьалха адамаш бакъдар муха магийна. Иза товрат-хьехамашца доьзна дац. Цунах лаьцна тоьшалла до товрат-хьехамаша а, пайхамарша а.   22  Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарехула нах Шена хьалха бакъбо Дала. Іийсах тешачарна массарна а ло Дала и бакъдар. Царна юкъахь башхо яц,   23  хІунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дІакъастийна а ву.   24  Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Іийсас нах къинойн олаллех паргІатбахар бахьана долуш.   25  Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца.   27  Стенах дозалла дойла ду стеган? Цхьана а хІуманах дац! Делахь хІун бахьана долуш Далла хьалха бакъво стаг? Товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь бакъво те стаг Далла хьалха? Дера ца во! Іийсах тешарехула бен бакъ ца во!   28  Иштта, оха жамІ до: адам Далла хьалха бакъдар цуьнан тешарехула бен дац, ткъа товрат-хьехамаш кхочушбарехула иза ца хуьлу.   29  Ткъа Дела кхечу къаьмнех болчу нехан а воцуш, беккъа жуьгтийн Дела ву те? Вац дера, Иза кхечу къаьмнех болчу нехан а Дела ву.   30  Дела цхьаъ бен вац. Адамийн тешарехула Цо сунтбинарш Шена хьалха бакъбо, ткъа оццу тешарехула Цо сунтбаза берш а бакъбо Шена хьалха.   31  ТІаккха Іийсах тешарна товрат-хьехамаш дІабохий те вай? Дера ца боху. Мелхо а, вай уьш тІечІагІбо.