IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Римхошка 2 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Амма кхечунна бехк буьллуш волчу хьан бехказаволийла дац, хІунда аьлча кхечунна еш йолу кхел ахь хьайна йо, кхиверг бехке веш волчу ахьа а изза леладо дела.   2  Ткъа вайна хаьа, иштта гІуллакхаш дечарна Дала еш йолу кхел нийса юйла.   3  Иштта гІуллакхаш дечарна кхел а еш, ткъа айхьа изза а лелош, Делан кхелах хьо кІелхьарвер ву-м ца моьтту хьуна, ва стаг?   4  Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тІеверзо гІерташ хиларх?   5  Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таІзарш гулдо Делан оьгІазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна.   6  Дала хІоранна а, цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина, йийр ю кхел.   7  Дика гІуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо.   8  Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дІа а тоттуш, харцдолчунна тІаьхьахІуьттучарна Делан луьралла а, оьгІазло а хир ю.   9  Зулам деш волчу хІоранна а гІайгІанаш а, баланаш а хир бу, цкъа хьалха жуьгташна, тІаккха кхечу къаьмнех болчарна!   10  Мелхо а, сийлалла а, ларам а, синпаргІато а хир ду дика деш волчу хІоранна а, цкъа хьалха жуьгташна, тІаккха кхечу къаьмнех болчарна!   11  ХІунда аьлча Дала озабезам ца бо цхьаьнгге а.   12  Товрат-хьехамийн долахь а боцуш, къинош латийнарш, оцу хьехамашка а ца хьоьжуш, хІаллакбийр бу. Ткъа хьехамийн долахь шаьш боллушехь, къинош летийначарна оцу хьехамашца йоггІу кхел йийр ю.   13  ХІунда аьлча товрат-хьехамашка ладегІарх нах Далла хьалха бакъ ца бо, ткъа и хьехамаш кхочушбийраш Цунна хьалха бакъбийр бу.   14  Ткъа товрат-хьехамаш боцуш болчу кхечу къаьмнех болчара шайн лаамашца товрат-хьехамо тІедиллинарг кхочушдича, цара шаьш гойту, магийнарг а, цамагийнарг а хІун ду шайна хаар, товрат-хьехамаш шайн боццушехь а.   15  Оцу хьехамашка хьаьжжина лелар шайн дегнаш чохь дІаяздина хилар гойту цара. Цунах лаьцна тоьшалла до церан дегнаша. Церан ойланаша уьш цкъа бехке бо, юха бехказабоху.   16  Иза иштта хир ду, аса кхайкхош болчу хазачу кхоо ма-бохху, адамийн къайлахчу ойланашна Дала Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула кхел ечу дийнахь.   17  Ткъа хІинца ша жуьгти ву бохучу хьох лаьцна хІун ала дезаш ду? Хьан дегайовхо ю товрат-хьехамех, Делах дозалла а до ахьа.   18  Делан лаам а бевза хьуна, ткъа товрат-хьехамашна тІера Іамийна дела, дика долчух а кхета хьо.   19  БІаьрса доцучарна некъ гойтург хьо хиларх а теша хьо, боданехь болчарна хьайх серло яларх а теша хьо.   20  Кхетам боцучарна хьехамаш бо ахь, берийн хьехархо а хьо ву, хІунда аьлча товрат-хьехамашкахь билггал бакъдерг хааран кеп хьуна дІахІоьттира.   21  Кхечарна хьехамаш беш волчу ахьа хьо Іамавой те? ХІума ма лачкъае а бохуш, ткъа айхьа лечкъайой те ахьа?   22  Сийсаза ма лела а бохуш, хьо-хьо иштта лелий те? ЦІуйх ца вешаш волчу ахьа харцделанийн цІенош чохь айхьа къола дой те?   23  Товрат-хьехамех дозалла а деш, ткъа хьехамашца цадогІург кхочуш а деш, Делан сий дойий те ахьа?   24  Яздина ма ду: «Шу бахьана долуш, емалвеш ву Дела кхечу къаьмнех болчу наха».   25  Сунтвина хилар пайденна ду, нагахь санна товрат-хьехамаш кхочушбеш белахь. Амма бакъонаш лар а ца еш, хьо зуламхо велахь, хьо сунт ца винарг санна лорур ву.   26  Цундела, нагахь санна сунтвина воцучо товрат-хьехамаша тІедиллинарг кхочушдеш хилча, иза сунтвича санна лорийла дац ткъа?   27  Ша вичхьана а сунтвина воццушехь, товрат-хьехамаш кхочушбеш волчо бехке вийр вац ткъа хьо, сунтвина воллушехь, язйина йолу бакъонаш талхош верг?   28  ТІехьаьжча, тера леларх жуьгти хир ма вац, ткъа сунтвар дилхан тІера чкъор даккхар бен ма ца хуьлу.   29  Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар – йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу.