Римхошка 16

1Аса шуьга дІахоуьйту, вайн динан йиша йолу Пойбат дика зуда хилар. Иза Кенахари олучу гІаларчу динан тобанан гуламехь динан куьйгалхочун гІоьнча ю. 2Везачу Элан долахь йолу иза, Делан наха ма-эццара, оьзда тІеэцахьара аша. Шаьш долчохь цунна оьшучунна тІехь гІо а дейша, хІунда аьлча дуккха а болчу нахана а, суна-сайна а гІо дина цо. 3Маршалла ло соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Іийсана гІуллакх деш хилла болчу ПхьаьрскІилате а, Іакхиле а. 4Шайна кхераме доллушехь, цара со кІелхьарваьккхира. Со цхьаъ хилла ца Іа царна баркаллаш бохуш верг, кхечу къаьмнех болчу нехан динан массо а тобанаша а боху и. 5Маршалла ло церан цІахь гуллуш йолчу динан тобане а. Маршалла ло сан хьомечу Эпанте а. Иза Асиа-махкахь Дала леррина Къобалвинчунна тІебирзинчарах хьалхарниг ву. 6Маршалла ло шун дуьхьа чІогІа къахьегна йолчу Мареме а. 7Маршалла ло Іандарнике а, Юнига а. Уьш сан къомах бу. Соьца цхьаьна тутмакхаш а хилла уьш, векалшна юкъахь лоруш а бу, Дала леррина Къобалвинчух сол а хьалха тешна а бу. 8Маршалла ло Везачу Элан долахь волчу сан хьомечу Іампале. 9Маршалла ло вайца цхьаьна Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дечу Урбане а, иштта сан хьомечу Стахига а. 10Маршалла ло Дала леррина Къобалвинчух тешарна тІехь зийна волчу Апа-Лесе. Маршалла ло Арти-Сабулан цІийнах болчаьрга. 11Маршалла ло сан къомах волчу ХІарудига. Маршалла ло Нару-Касин цІийнах болчу Везачу Элан долахь болчаьрга. 12Маршалла ло Везачу Элан дуьхьа къахьоьгуш йолчу Тарипате а, Тарипуте а. Маршалла ло сан хьомечу Парсатига а. Иза а Везачу Элан дуьхьа дукха къахьегна ю. 13Маршалла ло Везачу Элана къаьсттина гІуллакх дечу Рупе а, цуьнан санна, сан а йолчу цуьнан нене а. 14Маршалла ло Асинкарите а, Пелигане а, ХІермига а, Пата-Рубе а, ХІармига а, иштта цаьрца болчу динан кхечу вежаршка а. 15Маршалла ло Пилалаге а, Юлига а, Нере а, цуьнан йише а, Олу-Мапига а, цаьрца болчу Делан нахе массаьрга а. 16Вовшашка маршаллаш ло Делан безачу безамца. Маршаллаш доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун динан массо а тобанаша. 17Динан вежарий, аса чІогІа доьху шуьга, ларлолаш шу декъадалийта а, галдовлийта а гІертачарех. Букъ берзабелаш шуна бевзинчу хьехамашна дуьхьал харц хьехамаш бечарна. 18ХІунда аьлча иштта адамаша вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх ца до. Цара шайн гайна гІуллакх до. Шайн хьестадаларца, къамелаш дан говза хиларца догцІена долу адамаш Іехадо цара. 19Хазачу кхоана шун муьтІахь хилар массарна а гІарадаьлла, цундела со воккхавеш ву шух. Амма суна шу хила лаьа диканна – хьекъалалла долуш, ткъа вочунна – догцІена долуш. 20СинпаргІато луш волчу Дала кестта иблис шун когашна кІелахь хьоьшуьйтур ду. Вайн Веза Эла волчу Іийсагара долу дика шуьца хуьлийла! Амин . 21Маршаллаш доуьйту шуьга соьца цхьаьна гІуллакх деш волчу Тимапис а, сан къомах болчу Лукус а, Ясона а, Соса-Патура а. 22Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун волчу сан хІара кехат дІаяздинчу Тертис. 23Маршалла доуьйту шуьга со а, ерриг а динан тоба а комаьрша тІеоьцуш волчу Гаяса. Маршалла доуьйту шуьга гІалин ахча лардеш волчу Арсатис а, динан вашас Кавартис а. 25Дала леррина къобалвинчу Іийсах лаьцна Ас кхайкхош болчу хазачу кхоэхула Дела ницкъ болуш ву шайн тешар тІехь шу чІагІдан. БІешерашкахь дуьйна дІакъевлина долчу бакъдолчуьнца цхьаьнабогІуш бу и хаза кхаъ . 26И бакъдерг хІинца гучудаьккхина пайхамарийн тептаршкахула. Даима а волуш волчу Делан омрица и къайле дІакхайкхийна массо а халкъашна, Дала леррина къобалвинчу Іийсах уьш тешийтархьама. 27Абаденналц хастам хуьлийла цхьаъ бен воцучу, хьекъалечу Далла Цо леррина къобалвинчу Іийсагахула! Амин.

will be added

X\