Римхошка 13

1ХІора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтІахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дІахІиттийна бу. 2Цундела Іедална дуьхьалваьлларг Дала динчунна дуьхьалваьлларг хуьлу. Ткъа иштта дерг долуьйтучара шайна тІе кхел йоуьйту. 3ХІунда аьлча дика гІуллакхаш дечарна урхалчаш кхераме бац, зуламе гІуллакхаш дечарна бу. Іедалах ца кхоьруш Іен лаьий хьуна? Дика де, тІаккха Іедало хьо хастор ву. 4Урхалчаш Далла гІуллакх деш ма бу. Уьш хьуна дика дан къахьоьгуш бу. Нагахь санна хьо зулам доккхуш велахь, кхералахь. ХІунда аьлча цара эрна лелош дац тур: уьш Делан гІоьнчий бу, зулам дечарна догІу таІзар цаьргахула деш ву Дела. 5Иштта, таІзарх кхерарна хилла а ца Іаш, вайн дог цІена хилийтархьама, вай урхалчашна муьтІахь хила деза. 6Цундела урхалчашна йогІу ял дІало, уьш и гІуллакх даим кхочушдан дІахІиттийна Делан белхалой болу дела. 7ХІоранна а хьакъ дерриг дІало: ял яла езачунна – ял, ясакх яла езачунна – ясакх, кхера везачух – кхера, лара везарг – лара. 8Цхьанна а цхьа а хІума декхарийлахь ма хилалаш, вовшашна дІабала беза безам боцург, хІунда аьлча кхиверг везаш волчо товрат-хьехамаш кхочушбина. 9Товрат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хІума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хІокху цхьана дашна тІедогІу: «Хьайн уллораниг хьо санна веза». 10Безамо уллохь волчунна зулам ца дойту. Цундела безам хилар – товрат-хьехамаш кхочушбар ду. 11И дерриге а кхочуш а деш, даха, самадовла хан тІекхаьчнийла а хууш, хІунда аьлча вай дуьххьара тешаре даьхкинчу хенахь чул, хІинца герга ду Дала вай кІелхьардахарна. 12Буьйса дІаяьлла, де тІекхаьчна. Цундела боданан гІуллакхех дІа а дерзий, серлонан долчу герзаца кийча хила вай. 13Оьзда даха вай, дийнан серлонгахь даха ма-деззара: лар тІера а ца довлуш, малар тІех а ца доккхуш, боьха лаамаш а, къилахь долу хІума дар а дитина, девнаш а ца дохуш, хьагІ а йоцуш. 14Иштта долу гІуллакхаш лелочул, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тарлуш даха вай, вайн синан лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш, ойланаш а ца еш.

will be added

X\