Римхошка 12

1Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагІанаш санна, шайн догІмаш Далла дІало. Далла деш долу и тайпа гІуллакхаш товш ду шуьгахь. 2ХІокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТІаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хІун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а. 3Аса шух хІорранга а боху, сайна Дала деллачу дикане хьаьжжина: шайх лаьцна хила езачул лекха ойланаш ма хилийталаш, амма, шайна хІоранна а Дала деллачу тешаре хьаьжжина, оьзда ойла елаш. 4Вайн дегІ цхьаъ делахь а, цуьнан дуккха а меженаш ю. И меженаш цхьатерра гІуллакхаш кхочушдеш яц. 5Иштта вай а, ваьш дукха делахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, цхьа дегІ ду, ткъа вайх хІора а цу дегІан вовшахтоьхна меже ю. 6Вайна хІоранна а, Дала шена деллачу дикане хьаьжжина, похІма делла. Делера болу хаамаш баран похІма хьайна деллехь, иза дІакхехьа, хьайн долчу тешаре хьаьжжина. 7Дала хьуна кхечарна гІуллакх даран похІма деллехь, и гІуллакх дІакхехьа. Цо хьуна динан хьехамча хилар деллехь, хьеха. 8Уллорачун догъэца похІма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хІуманийн кхечаьрца дакъа дан похІма хьан делахь, уьш комаьрша дІасаекъа. Куьйгалла дан похІма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похІма хьан делахь, иза а хазахетарца де. 9Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш. 10Вежаршка санна хуьлучу безамца вовшийн дезалаш, вовшийн алсам ларалаш. 11Мало а ца еш, дукха болх белаш. Даим доьналла а долуш, Далла гІуллакх делаш. 12Хазахетарца сатийсалаш. Халонаш собарца ловш хилалаш. Даим а доІанаш делаш. 13Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тІеэцалаш. 14Шайга баланаш хьоьгуьйтурш декъалбелаш. Декъалбелаш, сардамаш ма дехалаш. 15Самукъане болчаьрца самукъане хилалаш, боьлхуш болчаьрца делхалаш. 16Вовшашца бертахь Іелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тІекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш. 17Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гІерталаш. 18Шайн ма-хуьллу, массо а адамца бертахь даха гІерталаш. 19Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гІерталаш, ткъа иза Делан кара дІалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду“, – боху Везачу Эло». 20Мелхо а Делан Йозанашкахь иштта яздина ду: «Хьан мостагІа меца велахь, иза вузаве. Хьогах иза велахь – хи ло цунна. Иштта дерг дарца цуьнан коьрта тІе догуш долу кІегий гулдо ахьа». 21Воне хьо эша ма вайта, ткъа диканиг дарца вонна тІехь толам баккха.

will be added

X\