Римхошка 11

1Аса юха а хоьтту: «Дала Шен халкъ дІатесна те?» Дера ца тесна! Со а ма ву ИбрахІиман хІух схьаваьлла а, Бен-Яманан тайпанах волу а исраилхо. 2Дала дІа ца тесна хьалххе дуьйна Ша хаьржина долу Шен халкъ. Шуна ца хаьа, хІун боху Эли-ЯхІу-пайхамарах лаьцна Делан Йозанашкахь? Исраилан халкъах лаьцна Деле латкъам беш, иштта боху цо: 3«Веза Эла! Хьан пайхамарш хІаллакбина, Хьан сагІа доккху кхерчаш бохийна. Со цхьаъ бен висина вац, ткъа со а вен дагахь лоьху цара». 4Ткъа хІун жоп делира Дала цунна? «Аса цІу волчу БаІална горахІоьттина воцу ворхІ эзар стаг витина Сайна», – элира Цо. 5ХІинцалерчу хенахь а изза хуьлу: исраилхойх цхьаболу нах Іийсах тешаш бу, ткъа Дала уьш Шен диканца хаьржина. 6Делан диканца иза хилча, адамаша динчу дикачу гІуллакхашца доьзна дац иза. Иштта ца хилча, Делера долчу диканах дика хир дацара. 7Иштта жамІ дан мега: Исраилан халкъана ша лехнарг ца карийра. Дала хаьржинарш бен ца кхечира Делан дикане. Ткъа биснарш Дала дагца дарбинера. 8Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала церан дегнаш артдина, таханлерчу дийне схьакхаччалц хІумма а ца го бІаьргаш а, хІумма а ца хеза лергаш а церан хилийтархьама». 9Дауд-паччахьо боху: «Цара шаьш-шайна хІиттийначу тойнашкахь гуро а, речІано а лоцийла уьш. Гал а бевлла, охьаэгийла уьш, бекхам а бойла царна. 10Бода богІийла церан бІаьргашна хІумма а ца гархьама, баккъаш а хуьлийла церан ситтина гуттаренна а». 11Аса юха а хоьтту: «Жуьгтий гуттаренна а галбевлла те?» Дера ца бевлла! Мелхо а, церан галбовлар бахьана долуш кхечу къаьмнех болчу нахана кІелхьардовлар карийна, исраилхойн цаьрга хьагІ хилийтархьама. 12Ткъа церан галбовлар дуьнен чуьра адамашна а диканна хилча, церан синан эшар кхечу къаьмнех болчу нахана диканна хилча, мел сов дика хир ду, уьш кхоччуш барамехь хилча! 13Шуьга боху аса, кхечу къаьмнех болу нах: шун векал со хиларна, сайн балхах дозалла до аса. 14Цаьрга хьагІ хилийта соьга меттахбахалур бац те сан къомах берш, иштта кІелхьарбахалур бац те соьга царах цхьаберш? 15Сан къомах берш дІатасарна, дуьнен чуьра нахаца Дела тайча, тІаккха сан къомах берш тІеэцар кхин хІун хир ду, беллачуьра денбалар дацахь?! 16Бедан хьалхарчу декъах деттинарг Делан долахь хилча, берриг а бод Цуьнан долахь бу. Диттан орамаш даздина хилча, диттан гаьннаш а хир ду иштта даздина. 17Зайт-диттана тІе, шен долу гаьннаш дІа а хедийна, акхачу диттан гаьннаш тІедогІаре терра, иштта, кхечу къаьмнех болу нах, шу а тІедоьгІна долу га санна ду, зайт-диттан орамех схьаболучу ницкъах а, дахарх а дІакхетта. 18Амма дІахедийначу гаьннашна хьалха куралла ма елахь. Дагадаийталахь хьайна, орам латтош верг хьо ца хилар, ткъа хьо оцу орамо латтош хилар. 19Ахьа ала там бу: «И гаьннаш со тІедогІийтархьама хадийна ма ду». 20Нийса ду. Делахь а, Дала леррина Къобалвинчух тешар церан ца хиларна, уьш дІахедийна, ткъа хьо Цунах тешар хьайн хиларна бен лаьтташ вац. Цундела куралла ма е, ткъа кхоьруш хила. 21ХІунда аьлча диттан шен долу гаьннаш а Дала кхоош ца хилча, ойла ехьа: хьо кхоор вуй те Цо? 22Хьо гуш ву-кх: Дела диканца лела, ткъа Иза къизаллица лела. Шех дІабирзинчарна Цо къизалла йо, ткъа хьуна дика до, нагахь санна Цуьнан диканехь хьо кхидІа а висахь. Иштта ца хилахь, хьо а хир ву дІахадийна. 23Ткъа вуьш а, зайт-диттана гаьннаш тІедогІаре терра, церан хьалхалерчу меттиге юхахІиттор бу, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчух ца тешаш уьш ца бисахь, хІунда аьлча Дела ницкъ болуш ву, уьш юха а шайн меттиге дІахІитто. 24Акхачу зайт-диттах дІахедийна долу гаьннаш, Іаламна дуьхьал иза делахь а, дикачу зайт-диттана тІе доьгІна хилча, тІаккха дикачу зайт-диттах дІахедийнарш кхин а дика дугІур ма ду шайн долчу дитта тІе. 25Динан вежарий! Суна ца лаьа, хІара Делан къайле ца евзаш шу дита, шайх дозалла а деш, шу ца Іайтархьама. Цхьаболчу исраилхойн дегнаш хІуъа а бен ца хеташ хилар цхьана ханна а бен дац. Иштта хир ду, кхечу къаьмнех долу адамаш буьззина болчу барамехь Далла тІедерззалц. 26Цул тІаьхьа дерриг а Исраилан халкъ кІелхьардоккхур ду, яздина ма-хиллара: « КІелхьардохург Цийонера вогІур ву. Якъубан тІаьхьенан ерриг а Іесалла дІайоккхур ю Цо. 27Аса иштта барт бийр бу цаьрца, церан къиношна Айса гечдича». 28Хаза кхаъ тІе ца эцна дела, исраилхой Делан мостагІий бу, ткъа иза кхечу къаьмнех долчу шуна пайденна ду. ХІетте а, Дала уьш хаьржина дела, Далла безаш берш бу уьш, церан дайшка дина долу ваІда бахьана долуш. 29Дала Шена тІебало хаьржинчарах лаьцна а, Ша динчу совгІатех лаьцна а бина болу Шен сацам цкъа а ца хуьйцу. 30Уьш Далла муьтІахь ца хиларна, мацах Далла муьтІахь хилла доцучу шух Цо къинхетам бина. 31Иштта хІинца уьш Далла муьтІахь боцуш хилла, Ша шух къинхетам бинчу тайпана, царах Цо хІинца къинхетам бархьама. 32ХІунда аьлча массо а адам Дала Шена муьтІахь ца хиллачу йийсаре далийна, царах массарах а къинхетам бар тардалийтархьама. 33ЭхІ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тІаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна! 34Делан Йозанашкахь ма аьлла: «Делан хьекъал хьанна девзар ду, я мила хир ву Цуьнга хьехамаш бан йиш йолуш? 35Хьан елла Цунна цхьа хІума, цунна Иза декхарийлахь а волуш?» 36ХІунда аьлча массо а хІума Дала кхоьллина а ду, Цо латтош а ду, Цуьнан дуьхьа лаьтташ а ду. Сийлалла ду Цуьнан абаденналц! Амин !

will be added

X\