Римхошка 10

1Динан вежарий! Доггах лаьа суна исраилхой а кІелхьарбаьхна хила. Цунах лаьцна доьху аса Деле. 2Царах тоьшалла до аса: хьекъалца нийса некъ шайна ца бовзахь а, Далла леррина гІуллакх деш бу уьш. 3Дала стаг Шена хьалха муха бакъво шаьш ца кхета дела, иза шайгара хилийта гІиртина дела, Дала нах бакъбеш болчу некъана муьтІахь ца хилира уьш. 4Товрат-хьехамаш буьззина кхочуш а бина, Дала леррина Къобалвинарг цу хьехамийн чаккхе хилира, Цунах тешарехула Далла хьалха бакъвар хІоранна а хилийтархьама. 5Товрат-хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха адам бакъдарх лаьцна Муса-пайхамаро иштта боху: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву». 6Ткъа тешарца Далла хьалха адамаш бакъдарх лаьцна цо иштта боху: «Шайн дегнашкахь ма хетта: „Мила вер ву стигалшка хьала?“ – бохуш», (иза ду Дала леррина Къобалвинарг кхуза охьавалорхьама). 7«Иштта ма хетта шайн дегнашкахь: „Мила вуссур ву эхарте?“ – бохуш», (иза ду, Дала леррина Къобалвинарг беллачарна юкъара кхуза хьалаваккхархьама). 8ХІан-хІа! ХІун аьлла ду Делан Йозанашкахь? «Делан дош хьуна юххехь а ду, хьан матта тІехь а ду, хьан дог чохь а ду». И дош вай адамашна хьоьхуш долчу тешарх лаьцна ду. 9«Іийса Веза Эла ву!» – бохург хьайн баганца ахь къобалдахь, Дала Иза веллачуьра денвина хиларх хьо даггара тешахь, хьо кІелхьарваьккхина хир ву. 10ХІунда аьлча даггарчу тешаро стаг Далла хьалха бакъвина хиларна тІевалаво, ткъа баганца къобалдаро стаг кІелхьарваьккхина хиларна тІевалаво. 11Делан Йозано боху: «Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». 12Иштта, цхьа а тайпа башхо яц жуьгтичунна а, кхечу къомах волчунна а юкъахь, хІунда аьлча Веза Эла массарна а цхьаъ ву, ткъа Шега кхойкхуш мел верг хІорра а алссам декъалво Цо. 13Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «ХІорра а, Везачу Элан цІе а йоккхуш, Цуьнга кхойкхуш верг, кІелхьарвоккхур ву». 14Ткъа Цуьнга муха кхойкхур бу уьш, Цунах шаьш тешаш ца хилча? Муха тешар бу уьш, Цунах лаьцна шайна хезна а ца хилча? Муха хезар ду царна, Цунах лаьцна цхьаммо а дІакхайкхош ца хилча? 15Ткъа наха муха дІакхайкхор ду, дІакхайкхо шаьш бохуьйтуш ца хилча? Яздина ма-хиллара: « Хаза кхаъ бахьаш болчу геланчийн когаш мел хаза бу!» 16Амма исраилхоша массара а ца ийцира и хаза кхаъ тІе. ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро аьллера: «Веза Эла! Мила тийшира оха хьехначух?» 17Делахь, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна долу дош цхьаммо кхайкхийча, адамашна хаза кхаъ хеза, ткъа и кхаъ хезча, адамаш Цунах теша. 18Ткъа аса хоьтту: царна ца хезнера хаза кхаъ? Дера хезнера. Делан Йозано боху: «Дерриг а лаьтта тІехула чекхъяьлла церан лар. Дуьне мел ду дІакхаьчна церан тоьшалла». 19Аса юха а хоьтту: Исраилан халкъ кхетта дацара ткъа? Муса-пайхамаро дуьххьара иштта боху: «Халкъ доцучу халкъе Ас хьагІ хуьлуьйтур ю шун, ткъа кхетам боцучу халкъан гІоьнца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю шуьгахь». 20Ткъа ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро майрра боху: «Ца лехначарна Со карийна, Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса». 21Ткъа Исраилан халкъах лаьцна Дала ЕшаІ-ЯхІугахула иштта боху: «Дийнахь сарралц Іийра Со Сайн куьйгаш дІакховдийна муьтІахь доцучу а, карзахдуьйлучу а халкъе».

will be added

X\