Римхошка 1

1Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай волчу, Цуьнан векал хила Дала тІекхайкхина волчу, адамашна хаза кхаъ дІакхайкхабайтархьама Дала къастийна волчу аса, ПахІала, яздо хІара кехат. 2Дала и хаза кхаъ пайхамаршкахула Шен дезачу Йозанашкахь боуьйтур бу аьлла дара. 3И хаза кхаъ Делан КІантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хІух схьаваьлла ву. 4Цуьнан синан а, Делан а сибате хьаьжжина, сийлахьчу ницкъаца Иза, Делан КІант ву аьлла, гучуваьккхина вара, Иза веллачуьра денвелла дела. И Делан КІант – вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Іийса ву. 5Цуьнгахула кхечира суна векал хила аьлла долу совгІат, Цуьнан дуьхьа кхин мел долчу къаьмнех болу нах Делах тешийта а, Цунна муьтІахь хилийта а. 6Шу а ду, римхой, Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь хила тІекхайкхинчарна юкъахь. 7Рим-гІалахь бехаш болчу Далла безначаьрга, Цуьнан долахь хила къастийначаьрга массаьрга а яздо аса: Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу доккха дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. 8Уггар а хьалха шуна массарна а тІера Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла хастамаш бо аса, хІунда аьлча дуьнен тІехь массанхьа а дуьйцуш ду шун тешарх лаьцна. 9Сайн доІанашкахь шух лаьцна даим ас доьхуш хиларан сан теш Дела ву, ас Шена даггара, Цуьнан КІантах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхош, гІуллакх деш волу. 10Сайн доІанашкахь даим доьху аса Деле Шен лаамца шу долчу кхача сан аьтто бар, 11хІунда аьлча суна чІогІа шу ган лаьа, Делан Сино луш долу дика шуьца декъархьама а, цуьнгахула тешарехь шу чІагІдархьама а. 12И бохург хІара ду: вай вешан тешарехула вовшийн иракарахІиттор ду: сан тешаро шу иракарахІиттор ду, ткъа шун тешаро – со. 13Динан вежарий! Шуьга дІахаийта лаьа суна: дукхазза а шу долчу ван кечвеллера со, амма, хІара хан тІекхаччалц, и дан сан аьтто ца болура. Кхечу къаьмнех болчу вукху нахана юкъахь санна, шу долчохь а стом кхио лаьара суна. 14Массо а къаьмнашна: грекахошна а, грекахой боцучарна а – дешна болчарна а, боцучарна а – декхарийлахь ву со. 15Цундела ву со шуна а, Рим-гІалахь дехарш, хаза кхаъ дІакхайкхо кийча. 16Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. 17Оцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Делах тешарца бакъвинарг Далла уллохь вехар ву». 18Харцонаш а лелош, билггал долу бакъдерг къайладоккхуш болчу нехан Іесаллина а, харцдолчунна а тІе стигалшкара Делан оьгІазло гучуйоккхуш ю. 19Иза иштта ду, хІунда аьлча Делах лаьцна хаа тарлуш дерг массарна а хууш ма ду, Дала Ша иза царна хаийтина дела. 20ХІунда аьлча, гуш а боцуш, ткъа даим болуш болу Делан ницкъ а, Цуьнан Дела хилар а гуш ду, Дала дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна. Массо а кхоьллинчу хІуманах церан кхета таро ю, цундела оцу адамийн бехказадовлийла яц Дела царна ца вовзарна. 21ХІунда аьлча шайна Дела вевззашехь, оцу адамаша хьакъ мадду сий а ца дора Делан, Цунна хастамаш а ца бора. И даран метта адамаш эрначу ойланашкахьа дирзинера, кхетам боцу церан дегнаш Іаржделлера. 22Шаьш хьекъал долуш ду а бохуш, уьш сонта бовлуш бара. 23Цкъа а лийр воцучу Делан сийлалла цара хийцира цІушна Іамалъярх. И цІуш лийр долчу адамийн а, хьозанийн а, дийнатийн а, текхаргийн а куьцехь бара. 24Цундела и адамаш шайн дегнийн хьарамчу лаамийн карахь дитира Дала, ткъа цара вовшашца сийсаза а лелаш, къиношца шайн догІмаш бехдира. 25Делах лаьцна долу бакъдерг харцдолчух а хийцина, Дала кхоьллинчу хІуманашна Іибадат дора цара, шаьш Кхоьллинчунна Іибадат даран метта. Ткъа Цунна даим бу хастам, амин ! 26Цундела Дала эхье болчу, боьхачу лаамийн карахь битина уьш. Зударша шайн хила еза юкъаметтиг, вовшашца сийсаза а лелаш, хила ца еззачу тайпана йинера. 27Божарий а, зударшца хила езачу юкъаметтиган метта, вовшашка эхье болчу лаамех буьзнера. Эхь-бехк а дайна, уьш вовшашца лелара. Иштта леларца шайн догІмаш къинойх дузура цара. Шайн тилабаларца хьакъ доллу Делан оьгІазло шайн коьрта тІе йоуьйтура цара. 28Дела вовзар царна мехала хІума ца хетта дела, Цо уьш тиладеллачу хьекъалан долахь битина. Иштта лело цадезарг леладо цара. 29Массо а тайпана зуламех а, мекараллех а, бІаьрмецигаллех а, вочух а буьзна бу уьш. Иштта хьогІах а, адамаш дайа лаарх а, эмгараллах а, ямартлонах а, луьраллах а буьзна бу уьш. Цара эладитанаш леладо. 30Вовшашна мотт бетта цара. Дела ца веза царна. КІоршаме а, кураллех буьзна а, дозаллаш деш а, зулам дар лоьхуш а, шайн дай-наношка ла ца дугІу цара. 31Хьекъал долуш бац уьш. Тешаме а бац уьш, эсала а, къинхетаме а бац. 32Ишттаниг лелораш хІаллакьхила хьакъ долуш буйла шайна хуъушехь, шаьш иштта лелла а ца Іаш, цара ишттаниг деш болу кхиберш а бакъбо.

will be added

X\