Довзийтинарг 9

1ПхоьалгІачу малико а лекхира турба. ТІаккха стигалара лаьтта охьабоьжна седа гира суна. Цу седанан караделира бух боцучу Іинна тІебоьдучу некъан догІа. 2Бух боцучу Іинна тІебоьдучу некъан догІа цо дІадаьстича, цу некъа тІера, йоккхачу пешана чуьра санна, кІур схьатесира. Оцу баьллачу кІуьро малх а, хІаваъ а кхолийра. 3ТІаккха лаьтта тІе цу кІуьра юкъара цІоз схьаделира. Лаьттара сту лоцучу гезгийн доллу олалла делира цу цІазана. 4Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цІазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тІе Делан мухІарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна. 5ЦІазана тІедиллира, адамаш дайа а ца дойуш, пхеа баттахь цаьрга хала баланаш хьегийтар. Цара хьоьгуьйту баланаш сту лоцучу гезгаша адамашка, шайн юнаш а йиттина, хьоьгуьйту баланех тера дара. 6Цу деношкахь адамаша шайна Іожалла лоьхур ю, амма царна и карор яц. Царна делла дІадовла луур ду, амма Іожалла царах йодур ю. 7ТІехьаьжча, и цІоз тІамана кечдинчу дойх тера дара. Церан кортош тІехь дашо таьжнаш санна йолу хІуманаш яра. Ткъа церан яххьаш адамийн яххьех тера яра. 8Цу цІазан месаш а зударийн месех тера яра. Ткъа церан цергаш лоьмийн цергаш санна яра. 9Цу цІазана тІехь, аьчка долуш санна, гІаьгІнаш дара. Церан тІемийн гІовгІа вуно дукха йолчу, тІаме чехка хахкаелла йоьдучу говрех йоьжначу гІудалкхийн чкъургийн даьллачу доккхачу татанах тера яра. 10ЦІазан, сту лоцучу гезгийн санна, цІогарчий дара, цІогарчех йохкуш юнаш яра. Пхеа баттахь адамашна зен дан белла ницкъ цу цІазан цІоганашкахь бара. 11Бух боцучу Іинан малик цу цІазан паччахь дара. Іебархойн маттахь цуьнан цІе Абаден-малик яра, ткъа грекийн маттахь Аполлиан яра (иза «хІаллакьхуьлуьйтург» бохург ду). 12Цхьа бала дІабаьлла. Ткъа цунна тІаьххье тІебогІуш кхин а ши бала бу. 13ЙолхалгІачу малико а лекхира турба. ТІаккха Далла хьалха лаьтташ болчу деших бинчу кхерчан еа маІа чуьра цхьа аз хезира суна. 14Цо шен карахь турба йолчу йолхалгІачу малике бохура: «Доккхачу Эпрат-хина йистехь дІадихкина долу диъ малик дІахеца!» 15ТІаккха и диъ малик дІахийцира. Адамийн кхоалгІа дакъа хІаллакдан сахьтана а, денна а, баттана а, шарна а кечдина долу маликаш дара уьш. 16Церан дошлойн эскарийн долу терахь хезира суна. Иза ши бІе миллионан барамехь дара. 17Иштта сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь суна дой гира, тІехь дошлой а болуш. Царна тІехь дара цІарула-цІечу а, лилула-сийначу а, можачу саьмгалан а басахь долу гІаьгІнаш. Дойн кортош лоьмийн коьртех тера дара. Церан багара схьаюьйлура цІе а, кІур а, саьмгал а. 18Адамийн кхоалгІа дакъа хІаллакьхилира хІокху кхаа баланан бахьанина: оцу дойн багара схьаюьйлучу цІерах а, кІуьрах а, саьмгалх а. 19Цу говрийн ницкъ церан батошкаххьий, цІогарчашкаххьий боллура. Церан цІогарчий лаьхьанех тера дара. Цу лаьхьанийн кортош дара, цаьрца зенаш дора цара. 20Ткъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Іибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хІуманех дІа ца дирзира. Цара Іамал йора жинашна а, деших а, детих а, цІастанах а, тІулгах а, дечигах а бинчу цІушна а, царна хІумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а. 21И адамаш дІа ца дирзира нах байаран а, жиналла лелоран а, сийсаза долу хІума лелоран а, къоланаш даран а некъа тІера.

will be added

X\