Довзийтинарг 8

1Іахаро ворхІалгІа мухІар тептар тІера дІадаьккхича, цхьана эха сахьтехь тийна хилла дІахІоьттира стигалахь. 2Далла хьалха лаьтташ долу ворхІ малик гира суна. Церан кара локхуш йолу ворхІ турба еллера. 3ТІаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоьттира. Иштта алссам хьожа йогІу хІума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доІанашца цхьаьна, Делан Іаршана хьалха лаьтташ болчу сагІа доккхучу дашо кхерчана тІе Далла лерина долчу сагІина охьайиллархьама. 4ТІаккха оцу хьожа йогІучу хІуманах баьлла кІур Делан долахь болчеран доІанашца цхьаьна маликан карара Далла хьалха хьалабахара. 5Малико и яй, схьа а эцна, дашочу кхерчана тІера йогуш йолчу цІеран кІегийх буьзира. ТІаккха цо уьш лаьтта охьатийсира. Царах гІовгІа а елира, ткъес а туьйхира, стелахаьштигаш а серладийлира, мохк а бегийра. 6Шайн карахь ворхІ турба йолу ворхІ малик турба лакха кечделира. 7Хьалхарчу малико турба лекхча, цІийх дІаийна йолу къора а, цІе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгІачу декъах цІе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгІа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира. 8ШолгІачу малико а турба лекхира. ТІаккха, богуш болчу ломах тера йолу цхьа йоккха хІума хІорда чу а кхоьссина, хІордийн кхоалгІа дакъа цІий хилла дІахІоьттира. 9ХІордашна чохь йолчу садолчу хІуманийн кхоалгІа дакъа а хІаллакьхилира. Иштта хІаллакьхилира хІордкеманийн кхоалгІа дакъа а. 10КхоалгІачу малико а турба лекхира. ТІаккха стигалара боккха седа охьабуьйжира. Иза, хаьштиг санна, къегаш бара. Хийн а, шовданийн а, хьостанийн а кхоалгІачу декъа тІе охьабуьйжира и седа. 11Цу седанан цІе «сагал-буц» ю. ТІаккха Лаьттан хийн кхоалгІа дакъа, сагал-буц а хилла, къахьделира. Дукхахдолу адамаш, и къаьхьа хи мелла дела, делира. 12ДоьалгІачу малико а турба лекхира. Цул тІаьхьа малхан а, беттан а, седарчийн а кхоалгІа дакъа дІахьулделира. Цундела церан кхоалгІа дакъош кхоьлина дІахІиттира. Дийнан а, буьйсанан а кхоалгІа дакъа, серло ца луш а хилла, дІахІоьттира. 13Со дІахьаьжча, стигална юккъехула тІемаяьлла йоьдуш йолчу цхьана аьрзун айдина аз хезира суна. Цо бохура: «Декъаза хир ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш, дисинчу кхаа малико локхун йолчу турбанийн аьзнаш шайна хезча!»

will be added

X\