IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Довзийтинарг 7 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Цул тІаьхьа суна диъ малик гира. И маликаш лаьттан еа а агІор лаьтташ дара. Цара Лаьттан еа маьІІера хьоькху биъ мох дІалаьцнера, иза я лаьттана тІе, я хІордана тІе, я цхьанна а диттана тІе ца бахийтархьама.   2  ТІаккха кхин а цхьа малик гира суна. Иза малхбалехьара хьаладолуш дара. Цуьнан карахь дийна волуш волчу Делан мухІар дара. Оцу малико лаьттана а, хІордана а зулам дан бакъо еллачу деа малике, мохь туххуш, айдинчу озаца элира:   3  «Вайн Далла гІуллакх деш болчеран хьаьжнаш тІе мухІар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хІордашна, я дитташна».   4  И мухІар а тоьхна, билгалваьккхинарг маса стаг ву олуш а хезира суна. Уьш исраилхойн массо а тІаьхьенах волу цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаг вара.   5  Иштта, ЯхІудан тІаьхьенах волчу шийтта эзар стагана тІе а мухІар тоьхна; Раабанан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Гадин тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана;   6  Ашаран тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Напталан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Маннашан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана;   7  ШимІин тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Левин тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Иссарханан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана;   8  Забулан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Юсупан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Бен-Яманан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана.   9  Цул тІаьхьа со дІахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Іаршана хьалха а, Іахарна хьалха а лаьтташ. Царна тІехь кІайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а дара.   10  Цара айдинчу озаца бохура: «КІелхьардовлар ду Іаршана тІе хиъна Іаш волчу Делера а, Іахарера а!»   11  Паччахьан гІантана гонах а, къаношна гонах а, деа дийнатна гонах а массо а маликаш дара лаьтташ. Цу Іаршана хьалха бертал а эгна, Далла Іибадат дора цара.   12  «Амин! Хастам а, сийлалла а, хьекъалалла а, баркалла а, ларам а, нуьцкъалалла а, чІагІо а хуьлийла вайн Далла ерриг а тІейогІучу заманна! Амин!» – бохура оцу маликаша.   13  Шен къамел долош, къанойх цхьаммо соьга хаьттира: «И кІайн обанаш тІеюьйхина болу нах муьлш бу? Уьш мичара баьхкина?»   14  Ас цуьнга жоп делира: «Хьуна хьайна ма хаьа, эла». ТІаккха цо элира соьга: «Уьш, боккхачу балехь а лаьттина, схьабевлла бу. Цара шайн духарш, цІан а дина, Іахаран цІийца кІайдина.   15  Цундела уьш Делан олаллин гІантана хьалха лаьтташ бу хІинца. Цара дийнаххьий, буьйсанний Делан цІа чохь Далла гІуллакх до. Іарша тІе охьахиъна Верг цаьрца цхьаьна а Іийр ву, Цо уьш лар а бийр бу.   16  ХІинца дуьйна уьш меца а хир бац, хьогах а хир бац. Уьш малхо а, йовхоно а кхин хьийзор бац.   17  ХІунда аьлча и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Іахаро бажор бу уьш. Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу. Дала Ша дІадохур ду церан бІаьрхиш».