Довзийтинарг 5

1ТІаккха Іаршана тІехь охьахиъна Іаш Волчун аьтту куьйгахь хьарчийна тептар гира суна. Цу хьарчийначу тептаран шинна а агІор йозанаш дара. И тептар, ворхІ мухІар а тоьхна, дІакъевлина дара. 2Ницкъболу малик а гира суна. Цо, чІогІачу озаца кхайкхам беш, хоьттура: «Мила ву, хІокху тептар тІера мухІарш дІа а даьхна, иза дІаделла хьакъ верг?» 3Стигалахь, лаьттахь, я лаьтта бухахь цхьаннан а йиш яцара и тептар дІаделла а, я цу тІе хьажа а. 4И тептар дІа а диллина, иза деша а, я цу тІе хьажа а цхьа а хьакъ цахиларна, со дуккха а вилхира. 5Оцу къанойх цхьаммо элира соьга: «Ма велха! ХІара ду ЯхІудан тайпанах долу Лом: Даудан Орам. Цо толам баьккхина, Цуьнан йиш ю цу тептар тІера ворхІ мухІар дІадаккха а, иза дІаделла а». 6ТІаккха со дІахьаьжча, суна гира и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Іахар. Иза, сагІина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхІ маІа а, ворхІ бІаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тІедахийтина долу Делан ворхІ Са дара уьш. 7Іахаро Іаршана тІе хиъна Волчун аьтту куьйгара и тептар схьаийцира. 8ТІаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Іахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хІорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогІучу хІуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доІанаш дара. 9Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тІера мухІарш дІадаха, хІунда аьлча Хьо вийна вара. ХІора тайпанашна а, меттанашна а, хІора халкъана а, къомана а тІера Делан дуьхьа Хьайн цІий Іанорца адамашна тІера мах дІабелира Ахьа. 10Динан дайн пачхьалкх царах йина Ахьа, цаьрга Хьайна гІуллакх дайтархьама. Ткъа цара кху Лаьтта тІехь паччахьалла дийр ду». 11Суна дуккха а маликаш гира, церан аьзнаш а хезира. Уьш Іаршана а, цигахь долчу дийнаташна а, къаношна а гонах дара. Дагарлур доцуш, эзарнашкахь дукха дара и маликаш – эзарзза эзарнаш. 12Цара, аз чІагІ а деш, олура: «Бийна болу Іахар хьакъ долуш бу нуьцкъалалла а, хьал а, хьекъалалла а, чІагІо а, ларам а, сийлалла а, хастам а дІаэца». 13Стигалахь а, лаьттахь а, лаьттана бухахь а, хІорда тІехь а Дала кхоьллинчу хІора хІумано а – царна чохь долчу массо хІумано а – олуш хезира суна: «Хастам, ларам, сийлалла, олалла ерриг а тІейогІучу заманна хуьлийла Іаршана тІехь хиъна Волчун а, Іахаран а». 14Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара.

will be added

X\