Довзийтинарг 4

1Цул тІаьхьа со хьалахьаьжира. Стигалахь дІаеллаелла неІ гира суна. Хьалха а хезна долу, турбана чуьра арадолуш санна долу, аз хезира суна. Цу озо соьга бохура: «Хьалавала кхуза, кхул тІаьхьа хила дезарг гойтур ду Ас хьуна». 2Цу сохьта суна тІе Делан Са доьссира. ТІаккха суна гира стигалахь лаьтташ йолу Делан Іарш, шена тІехь охьахиъна Верг а волуш. 3Цу охьахиъна Волчун юьхьсибат, «яспис», «сардис» цІе йолу деза тІулгаш санна, можачу а, цІечу а басахь лепара. Цуьнан гІантана гонах, «изумруд» цІе йолу тІулг санна, лепаш стелаІад дара. 4Іаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гІант дара. Царна тІе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тІехь кІайн духар дара. Церан кортош тІе диллина дашо таьжнаш дара. 5Цу Іаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГІантана хьалха богуш ворхІ къуьда бара. Уьш Делан ворхІ Са ду. 6Цу Іаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хІорд бара. Ткъа Іарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Іаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалх а, тІехь а шорта бІаьргаш дара церан. 7Дийнатех цхьаъ лоьмах тера дара. ШолгІа дийнат старгІанах тера дара. КхозлагІчу дийнатан, адаман санна, юьхь яра. ДоьалгІаниг тІемаяьллачу аьрзунах тера дара. 8Цу деъа а дийнатан хІораннан а гонах ялх-ялх тІам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бІаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогІун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш. 9Цу дийнаташа Іаршана тІе хиъна волчу, ерриг а тІейогІучу заманна а вехаш Волчун сийдеш, Иза ваз а веш, баркаллаш мосазза олу а, 10и ткъе виъ къано Іаршана тІехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тІейогІучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Іаршана хьалха охьа а дохкуш, олу: 11«Хьакъ долуш ву Хьо, тхан Веза Эла волу Дела, сийлалла а, ларам а, ницкъ а дІаэца. ХІунда аьлча Ахь кхоьллина ду дерриг а. И дерриг а Хьан лаамца долуш а ду, кхоьллина а ду».

will be added

X\