Довзийтинарг 22

1ТІаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦІеначу ангалих тера цІена хи дара иза. Делан а, Іахаран а Іаршера схьадолура и шовда. 2Иза гІалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агІор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хІора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тІера гІаш халкъашна дарбана делла. 3Шайна неІалт кхайкхийнчарах кхин хІумма а хир дац цигахь. Эццахь Делан а, Іахаран а Іарш хир ду, ткъа Цуьнан ялхой а хир бу Цунна Іамал еш. 4Цигахь Делан юьхь а гур ю царна. Цуьнан цІе а хир ю церан хьаьжнашна тІехь. 5Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хІунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тІейогІучу заманахь. 6Малико соьга элира: «ХІара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду. Шен Сине пайхамарш иракарахІуьттуьйтучу Везачу Дала Шен малик дахийтира кестта хила деза хІуманаш Шен ялхошна гайта». 7«Хаалаш, Со кестта вогІур ву. Декъала ву кху тептар тІехь дІаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!» 8Со, Яхьъя, и дерриге а хезнарг а, гинарг а ву. И хІуманаш хезна а, гина а ваьллачул тІаьхьа, уьш сайна гайтинчу маликан когашка вуьйжира со, цунна Іибадат дархьама. 9Амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь, хІунда аьлча хьо а, хьан динан вежарий болу пайхамарш а, кху тептар тІехь дерг мел лардийриг а санна, со а ду Цуьнан ялхо. Далла бен ма де Іибадат!» 10Малико кхин а элира соьга: «Кху тептар тІехь язбина болу Делера хаам къайла ма баккхалахь, хІунда аьлча и дерриг а хир долу хан тІекхочуш ю. 11Харцдерг лелочара кхидІа а леладойла изза. Боьха лаамаш кхочушбийраш кхин а бехлойла. Делан лаамехь берш кхидІа а лелийла бакъонца. Далла гергахь цІена берш кхидІа а цІена лелийла». 12Іийсас боху: «Со кестта вогІур ву. Сан ял а Соьца ю, хІоранна а, ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дІадалархьама. 13Со ву массо а хІума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а, Дуьххьарлераниг а, ТІаьххьарлераниг а». 14Декъала бу шайн духарш цІандинарш. Цундела церан бакъо хир ю, кевнехула чекх а бевлла, гІалин чу бовла а, дахаран диттана тІера стом баа а. 15ГІалина арахь буьсур бу жІаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цІушна Іамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш. 16«Аса, Іийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хІуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТІаьхье а, Іуьйренан сирла Седа а». 17Делан Сино а, нускало а доьху: «Схьаволахь!» – бохуш. И хезаш волчо а олийла: «Схьаволахь!» Ша хьогах верг а схьавогІийла! Мала лууш волчо маьхза схьаоьцийла дахаран хи. 18Кху тептар тІехь дІаяздина долу Делера болчу хаамийн дешнаш хезаш волчу хІоранга а Аса дІахьедар до: «Нагахь цхьаммо кху дешнашна тІе цхьа хІума тІетохахь, Дала цу тептар тІехь бийцина болу массо а баланаш тІебоуьйтур бу цунна. 19Нагахь кху тептар тІехь дІаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хІума тІера дІадаккхахь, Дала кху тептар тІехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гІалина чохь а дакъалацар дІадоккхур ду цуьнан». 20Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогІур ву». Амин. Волахьа, Веза Эла волу Іийса! 21Веза Эла волчу Іийсан дика хуьлийла шуьца даим а.

will be added

X\