Довзийтинарг 20

1Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Іинан догІа а дара, стомма зІе а яра. 2Шех иблис а, Делан мостагІа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зІенашца дІабихкира малико. 3Цу саьрмике тІедогІу долчу цхьана эзар шарахь адамаш ца Іехадайтархьама, малико, иза бух боцучу Іин чу а тесна, и Іин дІакъевлира, неІарна мухІар а тухуш. И эзар шо чекхдаьлча, цхьа кІеззигчу ханна иза арахеца безар бу. 4Цул тІаьхьа суна гира паччахьан гІанташ. Царна тІе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а тІера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Іибадат ца динера цара. Цу экханан мухІар а тІе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тІе а, я куьйгаш тІе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира. 5(Ткъа белла болу биснарш и эзар шо чекхдаллалц денбелла бацара.) Нах беллачуьра дуьххьара денбалар ду иза. 6Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгІачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду. 7И эзар шо чекхдаьлча, иблис чудоьллинчуьра дІахоьцур ду. Дуьненан еа а йистехь долу халкъаш, ГІогІ а, МагІогІ а, Іехадеш арадер ду и. Цо тІаме схьагулдийр ду, хІордан берда тІера гІум санна, дукха долу адамаш. 8Уьш дуьне мел ду дІадахара. Делан долахь болчеран меттаматтана го бира цара – иза Далла езна йолу гІала ю. 9Амма стигалара цІе йоьссира, цу цІеро мостагІийн эскарш дІакхаьллира. 10Ткъа уьш Іехош хилла долу и иблис цІе яьлла богучу саьмгалан Іам чу тесира. Цу Іам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Іазап хьоьгур ду ерриг а тІейогІучу заманахь. 11Цул тІаьхьа суна гира йоккха кІайн басахь йолу Іарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира. 12ТІаккха суна гира лараме боцу а, цІеяхана хилла болу а белларш. Уьш Іаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТІаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тІе дІаяздина долчу адамийн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна. 13ХІордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Іожалло а, эхарто а. Царна хІоранна а, шайн-шайн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йира. 14Іожалла а, эхарт а цІе яьлла богучу Іам чу тесира. (И Іам шозлагІа валар ду.) 15Дахаран тептар тІе дІаязвина мел воцург цІе яьлла богучу Іам чу тесира.

will be added

X\