Довзийтинарг 2

1«Эпас-гІаларчу динан тобанан малике дІаязде: Иштта боху, Шен аьтту куьйга ворхІ седа схьа а лаьцна, деших бина болчу ворхІ стогарна юккъехула лелаш Волчо: 2„Девза Суна шун гІуллакхаш. Хаьа Суна аша къахьоьгийла а, шу доьналла долуш дуйла а, мекара адамаш аша ловш доцийла а. Шаьш векалш ду бохурш а аша зийна, ткъа уьш харцлуьйш хилар а шуна хиъна. 3Шу доьналла долуш ду, Сан дуьхьа аша баланаш хьийгира, амма шу ца дуьйхира. 4Делахь а, шуна дуьхьалдаккха хІума ду Сан: аша шайн дуьххьарлера безам дІатесна. 5Иштта, шаьш мичара охьаэгна дага а даийтий, метта а дуьйлий, шаьш юьхьанца лелийна долу гІуллакхаш леладе. Нагахь шаьш далийтинчу къинойх шу дІа ца дерзахь, шу долчу а веана, Ас меттахбоккхур бу шун стогар. 6Делахь а цхьа дика хІума ду шун: никласхойн гІуллакхаш Суна цадезаре терра, шуна а уьш ца дезаш хилар. 7Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тІера стом баа’“». 8Симран-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: «Иштта боху, хьалха вала а велла, ткъа хІинца дийна волчу хьалхара а, тІаьххьара а Волчо: 9„Суна евза шун халонаш а, шун къоьлла а, делахь а шу-м хьал долуш ду. Иблисан гуламах болчара, шаьш Делан нах болчу жуьгтех боццушехь, царах ду бохуш, шух лаьцна дуьйцу вон хабарш а Суна хууш ду. 10Шаьш лан дезар долчу цхьана а хІуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТІаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дІадовллалц тешаш хилалаш, тІаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду. 11Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчун шолгІа валар хир дац’“». 12«Паргам-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху Шен карахь шинна а агІор ира долу тур Долчо: 13„Девза Суна иблисан олаллин гІантана гонах шу дехаш хилар. Аша Сан цІе ларамехь а лелийна, Сох долу шун тешар дІа а ца даьлла, ур-атталла иблис дехаш долчу шун гІалахь Сан тешаме теш волу Антапи вийначу хенахь а. 14Делахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хІума ду Сан. БалиІаман хьехамаш тІелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гІуллакхаш леладайта Іамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цІушна сагІина лерина еана хІума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хІума леладойтура исраилхошка. 15Иштта, никласхойн хьехамаш ларбеш болу цхьаболу нах а бу шуна юкъахь. 16Метта а дуьйлий, Соьгахьа юхадерза! Нагахь Ас бохург аша ца дахь, Со кестта вогІур ву шу долчу. ТІаккха Сайн багара схьадолучу туьраца летар ву Со царах. 17Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчунна къайлаяьккхинчу ‹манна› олучу кхачанан буьртигийн дакъа лур ду Ас. Цунна кІайн тІулг а лур бу Ас, тІеязйина керла цІе а йолуш. И цІе цхьанна а хуур яц, иза йолчунна бен’“». 18«Иштта Тхьайтир-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху бІаьргаш цІеран алу санна а, когаш къегачу цІастанах санна а болчу Делан КІанта. 19„Суна девза шун гІуллакхаш а, безам а, тешар а, аша гІо дар а, шу доьналла долуш хилар а. Иштта Суна хаьа шун тІаьххьарлера гІуллакхаш хьалха дина долчу гІуллакхел сов дуйла а. 20Ткъа шуна дуьхьалдаккха иштта хІума ду Сан. Делера хаам болуш ю бохучу Изабал цІе йолчу зудчунна дан магош доцу гІуллакхаш дан некъ ло аша. Шен хьехамашца Сан ялхой тилабо цо, цаьрга сийсаза долу хІуманаш а леладойтуш, цІушна сагІина еана хІума а йоуьйтуш. 21Аса Сайна тІеерза хан еллера цунна, амма цунна ца лаьа ша лелийначу сийсазчу гІуллакхех дІаерза. 22ХІинца Ас цамгарийн Іазап хьоьгуьйтур ду цуьнга. Цуьнца цхьаьна къилахь долу гІуллакхаш лелийнарш а боккхачу баланехь хир бу, шаьш цуьнца лелийначу гІуллакхашна дохко а бевлла, уьш Суна тІе ца берзахь. 23Цуьнан бераш а хІаллакдийр ду Ас. ТІаккха кхетар бу динан массо а тобанашкахь берш, шайн дегнаш а, ойланаш а зуьйш верг Со хиларх. Шуна хІоранна а, шун гІуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дІалур ду Ас. 24Ткъа, кхечу наха туьдуш ма-хиллара, ‘иблисан къайленийн кІоргенаш’ шайна евзина доцучу а, Изабалан хьехамашна тІаьхьахІиттина доцучу а шуьга, тхьайтирхойх кхиболчаьрга, Ас боху: ‘Лан ницкъ кхочур боцу кхийолу халонаш тІе ца йохку Ас шуна. 25Ткъа шу, Со схьаваллалц, шайн долуш дерг лар а деш, лела’. 26- 28Толам а боккхуш, Сан гІуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, ‘кхечу къаьмнех болчарна тІехь олалла дан бакъо лур ю Ас. Цо аьчка гІожаца царна тІехь олалла дийр ду, кхийра пхьегІаш санна, отур а бу уьш’. Цунна лур бу Ас Іуьйренан седа. 29Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».

will be added

X\