1 Цул тІаьхьа, йоккхачу тобано олуш санна, стигалара чІогІа аз хезира суна. Цо бохура: «Далла бу хастам! Вайн Делехь ду кІелхьардовлар а, сийлалла а, нуьцкъалалла а. 2 Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чІогІа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гІалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цІий Іанорна, Дала цунна догІуш долу таІзар дира». 3 ШозлагІа а олуш хезира суна: «Хастам бу Далла! Ерриг а тІейогІучу заманна а хир бу цу гІалина тІехула хьалатуьйсуш кІур». 4 ТІаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Іаршана тІехиъна Іаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!» 5 ТІаккха оцу Іаршара схьадолу кхин а аз хезира. Цо бохура: «Хастамаш бе вайн Далла массо а Цуьнан ялхой болчара а, Цунах кхоьруш болчу лараме боцучара а, цІеяханчара а». 6 Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гІовгІанах я чІогІачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХІунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла. 7 Даккхийдерца, самукъадаьлла хир ду вай. Далла хастамаш беш, Цуьнан сийлалла ойур ю вай. ХІунда аьлча Іахаро зуда яло хан тІекхаьчна, ткъа Цо ялош ерг кечъелла. 8 Цо цІена а, лепаш долчу а дуткъачу кІадинан коч тІеюьйхина». (Ткъа и дуткъа кІади – Делан долахь болчара Цуьнан лаамехь дина долу гІуллакхаш бохург ду.) 9 Малико соьга элира: «ДІаязде: „Декъала бу Іахаро зуда ялорна дІахІоттийначу тойне кхайкхинарш“». Кхин а цо элира: «ХІорш билггал бакъдолу Делан дешнаш ду». 10 Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Іибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гІуллакх деш дерг, хьо а, Іийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Іибадат! ХІунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Іийсах лаьцна долу тоьшалла ду». 11 Суна гира дІаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кІайн дин бара. Цу тІе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тІом бар а нийсонца леладо. 12 Цуьнан бІаьргаш йогуш йолчу цІерах тера ду. Ткъа Цуьнан коьрта тІехь дуккха а таьжнаш ду. Цунна тІехь язйина, Цунна Шена бен, кхин цхьанна а хууш йоцу цІе ю. 13 ЦІийно тІадийна оба яра Цунна тІехь. Беречун цІе «Делан Дош» ю. 14 Цунна тІаьхьахІиттина догІуш дара стигалан эскарш. Церан дошлой кІайчу дойшна тІехь бара, ткъа царна тІехь яра цІеначу дуткъачу лепаш долчу кІадих йина бедарш. 15 Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тІехь толам баккхархьама. Аьчка гІожаца Цо олалла дийр ду царна тІехь. Массо а ницкъийн Делан оьгІазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю. 16 Цуьнан духар тІехь а, хаьн тІехь а язйина иштта цІе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо». 17 ТІаккха суна гира малхехь лаьтташ долу цхьа малик. Цо, аз а айдина, мохь туьйхира стигална юккъехула тІемадаьлла доьдучу массо а олхазаршка: «ТІема а довлий, схьагулло Делан доккхачу тойне. 18 Аша дІадаа паччахьийн а, тІеман коьртачу хьаькамийн а, тІемалойн а дилха а, иштта дойн а, церан дошлойн а, паргІат болчу массеран а, леш болчеран а, лараме боцучеран а, цІеяхначийн а дилха а». 19 ТІаккха суна гира экха а, дуьнен чуьра паччахьаш а шайн эскаршца цхьаьна. Уьш гулделлера оцу дин тІе хиъна Волчунна а, Цуьнан эскарна а дуьхьал тІом бан. 20 Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гІуллакхашца цо Іехийнера экханан мухІар шайна тІедиллийтинарш а, экханан суьртана Іибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цІе яьлла богучу а Іома чу тесира. 21 Ткъа бисина болу кхиберш дин тІе хиъна Волчун багара схьадолучу туьраца байира. Дерриге а олхазарша шаьш дуззалц церан дилха диира.