Довзийтинарг 18

1Цул тІаьхьа суна гира стигалара охьадогІу кхин а цхьа малик. Цуьнан долахь доккха олалла дара. Оцу маликан нуьро латта къагийра. 2Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели-кх йоккха Бавел-гІала. Жинашна Іан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дІалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах. 3ХІунда аьлча ша сийсаза леларна, Дела дарвеш долу чагІар малийна цо массо а халкъашна. Дуьнен чуьра паччахьаш а сийсазбевли цуьнца цхьаьна. Иштта дуьнен чуьра совдегарш а хьал долуш хилла дІахІиттира, цуьнан сов баккхий боьха лаамаш бахьана долуш». 4ТІаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна: «Сан халкъ, арадала оцу гІали чуьра, цигахь къинош леточарна юкъахь дакъалоцуш хьо ца хилийта, хьуна хьайна а, царна санна, цамгарийн ун ца кхетийтархьама. 5Цуьнан къинош стигала хьалакхаччал ду. Ткъа цуьнан харцонаш Далла дагахь ю. 6Цо кхечарна динчу гІуллакхашка хьажжий, дІадекхалаш цунна! Цо шайна динчунна дуьхьал шозза а дІадекхалаш цунна. Цо шайна чагІар кечдинчу кедахь цул шозза дукха чагІар кечде аша цунна. 7Хьолана юкъа а яхана, шен сийлалла хьала а даьккхина, иза Іийна хиларе терра, аша а оццул баланехь а, гІайгІанехь а хилийта иза. ХІунда аьлча цо шен дагахь боху: „Со паччахь хилла Іаш ю. Со йисина Іаш ерг яц. Со цкъа а хир яц гІайгІане!“ 8Цундела цхьана дийнахь богІур бу цунна тІе цуьнан баланаш: ялар а, гІайгІане хилар а, мацалла а. И гІала цІергахь йогур ю, хІунда аьлча ницкъ болуш ву цунна кхел йо Веза Дела». 9ТІаккха, и гІала йогуш, цунах хьалабаьлла кІур шайна гича, цу гІалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу. 10Цу гІалина тІедеанчу Іазапна, даг чу кхерамаш а тесна, генна дІа а хІиттина, цара эр ду: «Къа ду хьан, йоккха гІала! Къа ду нуьцкъалчу Бавел-гІалин! ХІунда аьлча нийсса цхьана сахьтехь хьуна кхел йина-кх!» 11Оцу гІалина хилларг бахьанехь боьлхуш а, гІайгІанехь а хир бу дерриг а дуьнен чуьра совдегарш а. ХІунда аьлча церан юхкуш йолу хІуманаш хІинца цхьаммо а оьцуш яц. 12Уьш яра дашо а, дато а хІуманаш а, деза тІулгаш а, жовхІарш а, дуткъачу кІадих йина хІуманаш а, таьІна-цІен долу кІадеш а, дареш а, цІарула-цІен бос болу кІадеш а. Иштта духкуш дара цара массо а тайпана хаза хьожа йогІу дечиг а, пийлан кІомсарех йина йолу тайп-тайпана хІуманаш а, уггар а дезачу дечигах йина йолу массо а тайпана хІуманаш а, цІаста а, эчиг а, шагатІулг а, 13хаза хьожа йогІу даьтта а, хаза хьожа йогІу кІур хьалабохуьйтург а, деза хьакхарш а, чагІар а, зайтдаьтта а, дама а, ялта а, бежанаш а, уьстагІий а, дой а, гІудалкхаш а. Иштта леш а, йийсар динарш а бара цара бухкуш. 14Цара эр ду: «Хьайн дола яха хьо хьегна мехала хІуманаш ерриш а хьан долара дІаевлла. Дерриге а сийлалла а, возалла а дайна, йиси хьо. Уьш кхин хир дац хьан». 15И массо а хІуманаш а юхкуш, мах лелош хилла болу, цунах хьал лакхадаьлла совдегарш, цуьнан баланех кхера а белла, гено дІахІуьттур бу. Боьлхуш а, гІайгІанехь а болуш, 16цара эр ду: «Къа ду хьан, ва йоккха гІала! Дуткъачу а, таьІна-цІечу а, цІарула-цІечу а кІадийн бедарш тІеюьйхира ахь. Дешин хІуманашца а, дезачу тІулгашца а, жовхІаршца а кечйора хьо. 17Цхьана сахьтехь хІаллакьхили-кх оццул дукха хилла долу хьал!» Массо а хІордкеманаш долахь берш а, хІордкеманашна тІехь болу некъахой а, кемалелорхой а, берриг а хІордаца доьзна йохкаэцар лелош берш а генна дІахІиттира. 18Цара, йогучу гІалин цІерах хьалаболу кІур а гина, элира: «Муьлха гІала яра те цу йоккхачу гІаланах тера?!» 19ТІаккха шайн кортош тІе ченаш тийсира цара. ГІайгІане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гІала! ХІордана тІехь долу массо а хІордкеманаш шайн долахь долчара оцу гІалин деза а, мехала а мел долчу хІуманах шайн хьал совдаьккхира. Ткъа хІинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дІахІоьтти». 20Яккхийелаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХІунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь. 21Цхьана нуьцкъалчу малико, хьеран боккхачу тІулгах тера болу тІулг схьа а эцна, хІорда чу кхоьссира. Цо элира: «Ишттачу ницкъаца хІаллакйийр ю сел йоккха йолу Бавел-гІала, иза кхин юха хир а йоцуш! 22Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь мерз-пондар лоькхучеран а, иллеш олучеран а аьзнаш, шедагаш а, маІаш а локхучеран а аьзнаш. Цхьана а тайпана пхьераш кхин хир бац хьуна чохь. Болх беш хьийзаш йолчу кохьаран гІовгІа а хезар $яц хьуна чохь. 23Къуьданан серло а кхин хир яц хьуна чохь. Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь нускалийн а, уьш балош болчеран а аьзнаш. Хьан совдегарш бара кху дуьненахь уггар а хьалдерш. Хьуна чохь болчу бозбунчаша Іехийнера массо а халкъаш». 24Кху гІалахь карийнера байинчу пайхамарийн а, Делан нехан а, массо а кху лаьттахь байинчеран а цІий!

will be added

X\