Довзийтинарг 17

1ТІаккха шайн карахь ворхІ бога долчу ворхІ маликах цхьаъ суна тІедеара. Цо соьга элира: «ТІехилал! Ас хьуна гойтур ду, дуккха а долчу хишна тІе а хиъна, чІогІа сийсаза лелаш йолчунна дийр долу таІзар. 2Лаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагІар а муьйлуш, бехаш бара». 3Делан Са суна тІе доьссича, цу малико со яьссачу аренга вигира. Цигахь суна зуда гира. Иза цІечу экханна тІехиъна яра. Цу экханна тІехь массанхьа а Дела сийсазвеш йолу цІераш а яра, цуьнан ворхІ корта а, итт маІа а яра. 4Зудчунна тІехь таьІна цІечу басахь а, цІарула-цІечу басахь а духар дара. Деших йина хІуманаш, деза тІулгаш, жовхІарш дара цунна тІехь. Цуьнан карахь дашо кад бара. И кад вас еш долчу гІуллакхех а, нахаца леларан боьхачу гІуллакхех а буьзна бара. 5Зудчун хьаьжа тІе язйина къайлаха маьІна долу цІе яра: «Йоккха Бавел-гІала сийсаза лелачеран а, лаьттарчу вас еш долчу гІуллакхийн а нана ю», – аьлла. 6ТІаккха суна гира Делан долахь болчеран а, Іийсана тешаме хилар бахьанехь байинчеран а цІийно и зуда яхийна хилар. Иза гича, со чІогІа инзарваьллера. 7Малико соьга элира: «Хьо инзар хІунда вуьйлу? Оцу зудчун а, иза шена тІехь лелош долчу ворхІ корта а, итт маІа а йолчу экханан а къайле юьйцур ю ас хьуна. 8Хьуна гина долу и экха цкъа мацах дийна дара, ткъа хІинца делла. Амма иза кхин цкъа а, бух боцучу Іин чуьра хьала а даьлла, шен хІаллакьхиларна тІедогІур ду. ТІаккха, хІара дуьне кхуллуш дуьйна а шайн цІераш дахаран тептар тІе дІаязйина а йоцуш, лаьттахь бехарш, и экха шайна гича, цецбевр бу. ХІунда аьлча иза цкъа дийна а хилла, тІаккха делла, амма юха, ден а делла, схьадогІур ду. 9Кхузахь хьекъалх буьзна кхетам оьшу. ВорхІ корта – иза зуда тІехиъна болу ворхІ гу бу. 10Иштта уьш ворхІ паччахь ву бохург а ду. Царах пхиъ велла. Цхьаъ хІинца а дийна ву. Ткъа тІаьххьарниг хІинца а схьаваза ву. Иза схьавеача, кІезигчу хенахь бен паччахьалла дан ца деза цуьнан. 11Ткъа мацах дийна а хилла, хІинца делла долу экха – иза оцу ворхІаннах цхьаъ волу борхІалгІа паччахь ву. Иза шен хІаллакьхиларна тІевогІур ву. 12Хьуна гуш йолу итт маІа – уьш хІинца а олалла дан волавалаза волу итт паччахь ву. Царна хІоранна а цхьацца сахьтехь экханца цхьаьна, паччахьо санна, олалла дан бакъо лур ю. 13Оцу итте а паччахьан цхьатерра Іалашонаш хир ю. Цара шайн ницкъ а, олалла а экханна дІалур ду. 14Цара Іахарца тІом бийр бу. Ткъа Іахаро царна тІехь толам боккхур бу, хІунда аьлча Иза ву олахойн Олахо а, паччахьийн Паччахь а. Ткъа Цуьнца берш бу Цо кхайкхинарш а, къастийнарш а, тешаме берш а». 15Малико соьга элира: «Шена тІехь и нахаца лелаш ерг а йолуш, хьуна гина долу и хиш – уьш халкъаш а, тобанаш а, къаьмнаш а, меттанаш а бохург ду. 16Хьуна гиначу итте а маІана а, экханна а бІаьрга ян а езар яц и нахаца леларг. Цуьнан долахь мел дерг схьа а даьккхина, цара иза ерзина йоккхур ю. Цара цуьнан дегІ а дуур ду, и цІергахь ягор а ю. 17ХІунда аьлча Дала оцу итт маІан даг чу Шен Іалашо кхочушъяр чудиллина. Иштта цара вовшашца барт бийр бу шайн паччахьалла экханан дола дІадала. Иза иштта хир ду, Делан дешнаш кхочушхиллалц. 18Ткъа хьуна гина йолу зуда – иза лаьттарчу паччахьашна тІехь олалла деш йолу йоккха гІала ю».

will be added

X\