Довзийтинарг 16

1Суна Делан цІа чуьра аз хезира. Цо ворхІ малике бохура: «ГІой, Делан оьгІазлонан ворхІе а боган чохь дерг лаьтта тІе охьадотта». 2Хьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тІе охьадоьттира. ТІаккха шайна тІехь экханан мухІар а долуш, цуьнан суьртана Іибадат деш долчу адамашна тІехь чІогІа дера а, ирча а ноткъа оьху даьІнаш даьржира. 3ШолгІачу малико шен боган чохь дерг хІорда чу охьадоьттира. ТІаккха хІорд, деллачу адамийн цІийх а тарлуш, цІий хилла дІахІоьттира. Ткъа хІорда чуьра массо а дийна мел долу хІума делира. 4КхоалгІачу малико шен боган чохь дерг хиш чу а, хин хьостанаш чу а охьадоьттира. Царах цІий хилира. 5ТІаккха хиш карахь долчу малико олуш суна хезира: «Нийса ву Хьо волуш волу а, хилла волу а Везаниг, Ахь йина кхелаш иштта хиларна. 6Хьан долахь болчеран а, Хьан пайхамарийн а цу наха цІий Іанорна, Ахь цаьрга цІий малийти. Царна и дан хьакъ а ду». 7СагІа доккхучу кхерчана уллора а аз хезира суна. Цо бохура: «ХІаъ, массо а ницкъийн Веза Дела, билггал бакъ а, нийса а ю Хьан кхелаш». 8ДоьалгІачу малико шен боган чохь дерг малхана тІе охьадоьттира. Ткъа малхан караделира адамаш цІергахь марцар. 9Нуьцкъалчу йовхоно адамаш дагадора. Ткъа и баланаш тІебахкийта бакъо йолуш волчу Делан цІе емалйора цара. Шайн къинойх дІа а ца къаьстира уьш, Далла хастамаш а ца бира цара. 10ПхоьалгІачу малико шен бога экханан олаллин гІанта тІе охьаІанийра. ТІаккха церан пачхьалкх, Іаьржа бода а хІоьттина, кхоьлира. Адамаша, лазаршна са ца тохадаларна, шайн меттанаш Іуьйшура. 11Шайн лазарш а, даьІнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гІуллакхех дІа ца боьрзура уьш. 12ЙолхалгІачу малико шен бога Эпрат цІе йолчу доккхачу хи чу охьадоьттира. ТІаккха, малхбалехьарчу паччахьашна некъ кечбархьама, и хи лекъира. 13ТІаккха суна гира саьрмикан багара а, экханан багара а, харцпайхамаран багара а арадолу, бецан пхьидех тера долу кхо харц жин. 14Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хІуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тІе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тІаме схьагулбархьама. 15«ЛадогІалаш! Со, къу санна, цІеххьана вогІур ву. Декъала бу, шаьш берзина ца хилийтархьама а, шайн бехке меттигаш гучу ца яхархьама а, тІеюху бедарш куьйга кІел а латтош, сема берш». 16Иштта, и паччахьаш Іебархойн маттахь ХІар-Магдон олучу метте дІагулбира оцу жинаша. 17ВорхІалгІачу малико шен боганна чуьрниг хІаваэ охьадоьттира. ТІаккха стигалшкарчу Делан цІа чуьра Іаршана тІера чІогІа аз хезира. Цо элира: «Кхочушхили!» 18ТІаккха ткъес туьйхира, стигал къийкъира, гІовгІанаш евлира, чІогІа мохк бегийра. Адамаш лаьттахь дехаш долчу хенахь дуьйна, цкъа а ца хиллачу кепара чІогІа мохк бегийра. 19Йоккха гІала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гІаланаш хІаллакьхилира. Йоккха Бавел-гІала Шена дагахь йолу дела, Дала таІзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгІазечу дераллин чагІар дІамалийтира цуьнга. 20ХІора гІайре а дІаелира, ткъа лаьмнех кхин хІумма а ца дисира. 21Стигалара охьа адамашна тІе хІора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТІаккха адамаша оцу къорано хІоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хІунда аьлча и бала инзаре боккха бара.

will be added

X\