Довзийтинарг 15

1ТІаккха стигалахь кхин а цхьа тамашийна билгало гира суна. Иза йоккха а, инзаре а яра. Шайгахь тІаьххьара бисина ворхІ бала болу ворхІ малик а дара цигахь. Уьш тІаьххьара баланаш бара, хІунда аьлча цаьрца чекхйолура Делан дералла. 2ТІаккха цІерах дІаийна долчу ангалин болуш санна, хІорд гира суна. Ткъа оцу экханна а, цуьнан суьртана а тІехь – шен цІеран терахь долчу цхьанна тІехь – толам баьккхинарш цу ангалин хІордана йистехь лаьтташ бара. Церан карахь Дала делла мерз-пондарш дара. 3Цара Далла гІуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Іахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гІуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь! 4Мила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла? Хьан цІе а хьан язйийр яцара? ХІунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза! Массо а халкъаша, тІе а даьхкина, Хьуна хьалха Іибадат дийр ду. ХІунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гІуллакхаш тхуна гучу ма девлла». 5Цул тІаьхьа со дІахьаьжира. ТІаккха стигалахь долчу тоьшаллин Четаран уггар а еза чоь дІаеллаелира. 6Цу чоьнна чуьра, тІаьххьара хир болу ворхІ бала а бахьаш, ворхІ малик араделира. Царна тІехь яра дуткъачу кІадих йина цІена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара. 7Цул тІаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхІ дашо бога делира. Ерриг а тІейогІучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш. 8ТІаккха Делан сийлаллин а, нуьцкъалаллин а кІуьрах дуьзира и Делан цІа. Ткъа оцу ворхІ малико беана ворхІ бала дІабаллалц, цхьанна а стеган цу цІа чу ваха йиш яцара.

will be added

X\