Довзийтинарг 14

1Со дІахьаьжча, суна Цийон-лам тІехь лаьтташ болу и Іахар гира. Цуьнца цхьаьна лаьтташ цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Церан хьаьжнашна тІехь Цуьнан цІе а, Цуьнан Ден цІе а дІаязйина яра. 2Суна стигалара аз хезира. Цуьнан гІовгІа чухчарин гІовгІанах а, чІогІа къекъачу стигалан гІовгІанах а тера яра. Шайн дечиг-пондаршна тІехь эшарш лоькхучу пондарчийн аз а хезира суна. 3Цу нехан тобано стигаларчу Іаршана а, деа дийнатна а, къаношна а хьалха керла йиш лоькхура. Ткъа лаьттара, мах а белла, кІелхьарваьккхинчу, цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаге бен, кхин цхьаьнгге а и йиш ца Іамалора. 4Уьш, зудчух куьг тохаза, кІантстегарий бара. Уьш бара, Іахар стенгга бодахь а, Иза воьддучу дІабоьлхуш берш. Мах а белла, адамашна юкъара паргІатбаьхна бара уьш, Далла а, Іахарна а ялтин хьалхара стоьмаш санна дІабалархьама. 5Церан багара цхьа а харцдерг ца долура, уьш бехк буьллийла доцуш бара. 6ТІаккха суна стигална юккъехула тІемадаьлла доьду кхин а цхьа малик гира. Цуьнгахь даим болу хаза кхаъ бара, иза Лаьттахь бехаш болчу массарна а баийтина бара, хІора къомана а, тайпанна а, маттана а, халкъана а дІакхайкхорхьама. 7Цу малико, мохь туххуш, бохура: «Делах кхералаш! Цунна хастамаш белаш! ХІунда аьлча Цо кхел ен хан тІекхаьчна. Стигал а, латта а, хІорд а, хин хьостанаш а Кхоьллинчунна Іамал елаш». 8Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дІадахара. Цо бохура: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели йоккха Бавел-гІала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагІар малийна цо массо а халкъашна». 9КхоалгІа малик а дахара церан лорах. Цо, мохь туххуш, бохура: «Нагахь цхьаммо оцу экханна я цуьнан суьртана Іибадат а дахь, я шен хьаьжа тІе, я шен куьйга тІе цу экханан мухІар а таІадайтахь, 10Делан оьгІазлонан кеда чу, э а ца деш, доьттина долу Делан дераллин чагІар мер ду цо. Иштта волу стаг Делан маликашна а, Іахарна а хьалха цІергахь а, саьмгал чохь а хьийзор ву. 11Уьш хьийзош йолчу цІеран кІур массо а заманахь хьалаоьхур бу. Цу тайпана я дийнахь, я буьйсанна синтем хир бац, оцу экханна а, цуьнан суьртана а Іибадат а деш, цуьнан цІеран мухІар тІеэцначийн». 12Кхузахь, Делан хьехамаш лар а беш, Іийсана тешаме дуьсуш долчу Делан адамашна доьналла долуш хилар оьшу. 13ТІаккха суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «ДІаязде: „ХІинца дуьйна декъал бу, Везачу Элах тешар а долуш, леш берш“». «Билггал бакъ ма ду, – боху Делан Сино, – Шаьш дечу гІуллакхех садоІур ду цара. Церан гІуллакхаш а царна тІаьххье дІагІур ду». 14Со дІахьаьжча, суна кІайн марха гира. Цу мархина тІехь «адамийн кІантах тера волу цхьаъ» вара охьахиъна. Цуьнан коьрта тІехь деших дина таж дара. Ткъа карахь ира марс бара. 15Делан цІа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цо мархина тІе охьахиъна волчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн марс схьа а эций, ялта хьакха! ХІунда аьлча лаьттахь ялта кхиъна а даьлла, марс хьокху хан тІе а кхаьчна». 16ТІаккха стигаларчу мархина тІехиъна волчо, лаьттана тІехула шен марс хьала а айина, лаьттара ялта хьаькхира. 17Стигалахь долчу Делан цІа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цуьнгахь а ира марс бара. 18Ткъа сагІа доккхучу кхерчана уллора цІарна тІехь олалла деш долу кхин а цхьа малик тІедеара. Цо куьйгахь ира марс болчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн ира марс схьа а эций, лаьттарчу кемсийн таьллангашна тІера кемсийн хорханаш схьаяха, хІунда аьлча и кемсаш хилла яьлла». 19ТІаккха малико шен ира марс лаьтта тІехула хьалаайира. Лаьттара кемсаш, хеда а йина, Делан дераллин муттдоккхургана чу тесира цо. 20ГІалина арахьа лаьттачу муттдоккхурга чохь и кемсаш Іаьвдира. ТІаккха цу чуьра цІий охьадахара, говрийн дуьрстанашна тІе кхаччалц хьала а долуш. Иза кхо бІе чаккхарма хиллал гонах дІасадаьржира.

will be added

X\