Довзийтинарг 12

1Стигалахь цхьа йоккха билгало дІахІоьттира. Цигахь малхах дина духар тІехь долу зуда яра. Цуьнан когаш кІел бутт бара. Ткъа коьрта тІехь шийтта седа болу таж дара. 2И зуда берах яра. Бер дан хьийзочу лазаршна, цо мохь хьоькхура. 3Кхин а цхьана билгалонан сурт а хІоьттира стигалахь. Боккха цІен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхІ корта а бара, итт маІа а яра, хІора коьрта тІехь таж а дара. 4Стигалахь долчу седарчийн кхоалгІа дакъа, шен цІоганца дІа а гулдина, лаьтта охьатесира цо. И саьрмик бер дан дезаш йолчу зудчунна хьалха лаьтташ бара, и бер, дуьнен чу ма-делли, дІакхаллархьама. 5Оцу зудчо кІант вира. Иза аьчка гІожаца массо а халкъашна тІехь олалла дан билгалваьккхинера. ЦІеххьана и бер Далла хьалха, Цуьнан Іаршана тІе дІадигира. 6Ткъа и зуда яьссачу аренга дІаедира. Цигахь, цхьа эзар ши бІе кхузткъа дийнахь цу зудчун дола дайтархьама, Дала цунна меттиг кечйинера. 7Стигалахь тІом болабелира. Микаал-малико а, цуьнан маликаша а саьрмикна дуьхьал тІом бира. Ткъа саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а царна дуьхьалдевлира. 8Саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а цу къовсамехь дуьхьал ца латтаделира. Стигалшкахь кхин меттиг яцара царна. 9И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагІа а олу. Цо дерриг а дуьне Іехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира. 10ТІаккха стигалахь чІогІа аз хезира суна. Цу озо бохура: «ХІинца Дала вай кІелхьардахар а, Цуьнан нуьцкъалалла а, паччахьалла а тІекхаьчна. Цо леррина Къобалвинчун олалла а тІедеана! ХІунда аьлча, дийнаххьий, буьйсанний вайн Далла хьалха вайн динан вежарий бехке а ийзош, уьш бехкебийриг Лаьтта охьатесна. 11Вайн динан вежарша Іахаран цІийца а, шайн тоьшаллин дашца а иза эшийна. Шаьш делла дІадовллалц шайн са а ца кхоийна цара. 12Иштта, яккхийелаш стигалш а, стигалш тІехь дехаш дерш а! Декъаза ду-кх лаьтта тІехь а, хІорда чохь а дехаш дерш! ХІунда аьлча, шен йисина хан кІеззиг юйла а хууш, дарделла долу иблис шу долчу лаьтта доьссина!» 13Ша лаьтта охьатеснийла а гина, и саьрмик кІант винчу зудчунна тІаьхьабелира. 14Ткъа зудчунна йоккхачу аьрзун ши тІам белира, яьссачу аренга шена кечйинчу метте иза тІема ялийтархьама. Цигахь, саьрмикна уллора дІа а яьккхина, зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц, цуьнан дола дийр долуш дара. 15ТІаккха зудчунна тІаьхьабаьллачу саьрмико шен багара хи туьйхира, цуьнга и зуда дІаяхьийтархьама. 16Амма Лаьтто гІо дира цу зудчунна. Саьрмико багара схьатесна долу и хи, дІасадаханчу лаьттан кийрано дІахуьйдира. 17Саьрмик чІогІа дарбелира цу зудчунна. Иза цу зудчун тІаьхьенах болчу кхечаьрца тІом бан бахара. Уьш бара, Делан весеташ кхочуш а деш, Іийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш берш.

will be added

X\