1 Йохалла юстархьама Іасанах тера болу эрз белира сан кара. ТІаккха соьга элира: «Хьала а гІаттий, Делан цІа а дуста, сагІа доккху кхерч а буста, цу цІа чуьра Далла Іамал ян догІу адамаш а дагарде. 2 Ткъа Делан цІенна арахула йолу керт царна юкъа ма ялае, иза юста а ма юста, хІунда аьлча и кхечу къаьмнашна дІаелла ю. Цара шовзткъе шина баттахь и еза гІала хьоьшур ю. 3 Аса Сайн шина тешана олалла лур ду Сайгара болу хаамаш бан. Вон тІедеача тІеюхуш йолу бедарш тІе а юьйхина, цхьа эзар ши бІе кхузткъа дийнахь Соьгара болу хаамаш дІакхайкхор бу цара». 4 Дерриг а Лаьтта тІехь олалла Дечунна хьалха лаьтташ долу ши зайт-дитт а, ши къуьда а бу и ши теш. 5 Нагахь цу шина тешана цхьанна зулам дан лаахь, церан багара араяьллачу цІаро мостагІий дІакхоллур бу. Муьлхха а цу шинна зулам дан лиънарг цу тайпана хІаллакван везаш ву. 6 Цу шиннан карахь ду, Делера болу хаам шаьш дІакхайкхочу деношкахь лаьтта тІе догІа ца даийтархьама, стигал дІакъовлар. Иштта цу шиннан долахь ду хиш – церан олаллехь ду царах цІий дар. Церан бакъо ю, шайна мосазза лии, муьлхха а тайпана долу ун Лаьттахь дІасадаржо. 7 Уьш шайн тоьшалла дина чекхбевлча, бух боцучу Іин чуьра хьаладолуш долу экха тасалур ду царах. Цу экхано, толам а баьккхина, и шиъ вуьйр ву. 8 Церан декъий сийлахьчу гІалин коьртачу урамехь дуьтур ду. Кица далош аьлча, цу гІаланах кхин тайпана Седам а, Мисар а олу. Цигахь церан Веза Эла жІарах дІатоьхна хилла. 9 ТІаккха кхаа дийнаххьий, эха дийнаххьий массо а халкъашна а, тайпанашна а, меттанашна а, къаьмнашна а юкъара дукхах долчу адамашна и декъий гур ду. И ши дакъа къубба чу дуьллуьйтур дац. 10 Лаьттахь дехаш долу адамаш, цу хиллачух даккхий а деш, самукъадаьлла хир ду. Наха вовшашка совгІаташ а кхийдор ду, оцу шина пайхамаро лаьттахь дехаш долу адамаш дукха хьийзина хилла дела. 11 Ткъа кхо дей, ах дей дІадаьлча, цу шинна чу Делера йолу дахаран Іаь юьйлира. ТІаккха и шиъ шайн когаш тІе хьалахІоьттира. Ткъа цаьрга хьоьжуш берш чІогІа кхерабелира. 12 Шина пайхамарна стигалара чІогІа аз хезира. Цо бохура: «Хьаладовла кхуза!» ТІаккха и шиъ мархица стигала хьалавелира. Ткъа церан мостагІий цаьрга хьоьжуш бара. 13 Цу сохьта чІогІа мохк бегийра. ГІалин уьтталгІа дакъа доьхна дІадахара. Мохк бегочу хенахь ворхІ эзар адам делира. Ткъа бисинчара, чІогІа кхера а белла, стигаларчу Далла хастамаш бира. 14 ТІебеана болу шолгІа бала а дІабелира, амма кестта тІебогІуш кхоалгІа бала а бу. 15 ВорхІалгІачу малико а Шен карара турба лекхира. ТІаккха стигалахь чІогІа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тІера пачхьалкх хІинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тІейогІучу заманна паччахьалла дийр ду». 16 Далла хьалха долчу паччахьан гІанташна тІе хиъна Іаш волчу ткъе веа къаночо, шайн кортош лаьтта кхаччалц охьа а таІийна, Далла Іибадат дора. 17 Цара бохура: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, Хьуна бу хастам, волуш волу а, хилла волу а Веза Эла, Ахьа, Хьайн доккха олалла тІе а лаьцна, паччахьалла дан доладарна. 18 Къаьмнаш дарделла дІахІиттира, амма хІинца Хьан оьгІазло а тІееана, Ахь беллачарна тІехь кхел ен хан а тІекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цІеяхана болчарна а хьакъ дерг дІало хан а тІееана. Латта хІаллакдеш берш хІаллакбо хан а тІееана!» 19 Стигалшкара Делан цІа дІаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тІорказ дара гуш. ТІаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира.