Довзийтинарг 1

1Шен ялхошна кестта хила дезарг довзийтархьама, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула гучуяьккхира Дала и къайле. Цо иза Шен ялхо волчу Яхьъяга дІахаийтира, цунна тІе Шен малик а дахийтина. 2Яхьъяс ма-дарра дийцира Делан дашах а, Дала леррина къобалвинчу Іийсас динчу тоьшаллех а лаьцна шена мел гинарг. 3Декъала ву хІара Делера бинчу хааман дешнаш доьшург. Декъала бу, цу хааме ла а дугІуш, хааман тептар тІехь яздинарг лардийраш, и дерриге а кестта хир долу дела. 4Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхІ тобане яздо: Делан дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогІун волчу Делера а, иштта Цуьнан Іаршана хьалха лаьтташ долчу ворхІ синера а, 5билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цІийца вай кІелхьара а даьхна, 6Цо вайх динан дайн пачхьалкх йина, Шен Да волчу Далла хьалха вайга гІуллакх дайтархьама. Сийлалла а, нуьцкъалалла а хуьлийла Цуьнан ерриг а тІейогІучу заманна. Амин. 7Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тІаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тІехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин! 8«Со ву массо а хІума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, – боху Везачу Дала. – Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогІун волу а Нуьцкъалниг». 9Шу а, шун ваша Яхьъя волу со а цхьатерра Іийсах тешарна, шуьца цхьаьна Цуьнан олаллехь болчара хьоьгучу баланашкахь дакъа лаца доьналла долуш ву со. Иштта, Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а, таІзар а деш, Патмас цІе йолчу гІайренна тІе вахийтинера со. 10Везачу Элана леринчу дийнахь Делан Са суна тІе доьссира, тІаккха сайна тІехьа чІогІа аз хезира суна, турби чуьра схьадолуш санна. 11Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тІе дІа а яздай, динан ворхІе а тобанийн гуламашка дІадахьийта. И тобанаш ю хІокху гІаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь». 12И суна хезнарг хьенан аз ду те аьлла, со юхахьаьжира. Со юхахьаьжча, суна гира деших бина ворхІ стогар. 13Ткъа оцу ворхІ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кІантах тера цхьаъ» вара. Цунна тІехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара. 14Цуьнан коьрта тІера месаш, тІаргІа а, ло а санна, кІайн яра. Цуьнан БІаьргаш а дара йогу алу санна. 15Цуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цІастанах тера бара. Чухчарин гІовгІа санна дара Цуьнан аз. 16Цуьнан аьтту куьйгахь ворхІ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агІор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра. 17Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тІе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТІаьххьарниг а. 18Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хІинца Со ерриг а тІейогІучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Іожаллин а, эхартан а догІанаш. 19Иштта, дІаязде хьайна гиначух а, долуш долчух а, хиндолчух а лаьцна. 20Сан аьтту куьйгахь хьуна гиначу ворхІ седанан а, ворхІ дашо стогаран а къайле иштта ю: ворхІ седа – уьш Іийсах тешначийн динан ворхІ тобанан маликаш ду бохург ду. Ткъа хьуна гина болу ворхІ стогар – уьш ворхІе а динан тобанийн гулам бу».

will be added

X\