IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Пилапхошка 4 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Аса доггах сатуьйсу, сан хьоме вежарий! Шу ду сан ирс а, сан толаман таж а. Иштта, хьоменаш, аса хІинцца ма-дийццара, чІогІа латталаш Везачу Элаца доьзна долчу шайн дахарехь.   2  Аса доьху хьоьга, Авуди, иштта хьоьга а доьху ас, Синтахи, вовшашца бертахь хилийша. Шуьшиъ цхьатерра Везачу Элан долахь ма ву!   3  Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагІ, гІо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тІехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цІераш дахаран тептар тІе дІаязйина ю.   4  Везачу Элаца а долуш, даим а даккхийде. Юха а боху аса: даккхийде!   5  Массо а адамашна йовзийла шун эсалалла. Веза Эла гергга ву.   6  Цхьана а хІуманан гІайгІа ма е, амма мел дечу доІанашкахь а, дехаршкахь а, баркалла а кхайкхош, шайна оьшург Деле дІахаийта.   7  ТІаккха, шун муьлххачу а кхетамал лакхара а йолуш, Делера схьайогІучу синпаргІатоно шун дегнаш а, шун хьекъалш а лардийр ду, шу Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна долу дела.   8  Ткъа хІинца, динан вежарий, дика мел дерг а, хастаме дерг а дагахь латтаде. Билггал бакъдолчух, оьзда долчух, нийса долчух, цІена долчух, тамехь долчух, дозалла дан хьакъ долчух ойланаш е.   9  Соьгара шайна Іеминарг, дІаэцнарг, хезнарг, гинарг кхочушделаш. ТІаккха синпаргІатонан хьоста долу Дела шуьца хир ву.   10  Везачу Элаца воьзна а волуш, дикка хазахетар хилла ву со, шун юха а сан гІайгІа бан аьтто баьлла дела. Бакъду, шу-м хІинццалц а дара сан гІайгІа беш, амма шун аьтто ца болура иза суна хаийта.   11  Сайна цхьа хІума оьшу дела, ца боху аса иза. ХІунда аьлча сайна хІуъа а тІедеача а, со Іемина ву сайн долчух тоам а беш Іен.   12  Суна къоьлла а евзина, хьал а девзина. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а сайн долчух тоам баран къайле евзина суна – со вуьзна я меца велахь а, со шортта хІума долуш я хІума оьшуш велахь а.   13  Суна ницкъ луш волу Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш, суна массо а хІума лан хаьа.   14  Делахь а аша дика гІуллакх дина, сан баланашкахь дакъа а лаьцна.   15  Пилапхой, шуна хууш ду-кх, со Македон-махкара ара а ваьлла, хаза кхаъ дІакхайкхо волавеллачу хенахь, шу доцучара цхьана а динан тобано суна хІума ца кховдийра, аша суна гІо ма-дарра.   16  Аша-м со Тассалник-гІалахь волуш а, суна хІума эшча, мосуьйттазза гІо динера.   17  Сайна совгІаташ дайтар ца лоьху аса. Мелхо а аша динчу дикачу гІуллакхийн кехатна тІе кхин а хІуманаш дІаяздина хилар лоьху ас.   18  ХІинца шортта хІума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгІаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогІу сагІа санна ду и совгІат, Дела цунна реза а ву.   19  Сан Дала Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула Шен долчу сийлахьчу хьолаца шуна мел оьшург лур ду.   20  Абаденналц сийлалла хуьлда вайн Да волчу Ден! Амин.   21  Маршаллаш ло Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь болчу массаьрга а. Соьца болчу динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга.   22  Делан долахь болчу массара а доуьйту шуьга маршаллаш, къаьсттина Рим-мехкан паччахьан цІерачара.   23  Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика хуьлда шуьца массаьрца а.