Пилапхошка 3

1Ткъа хІинца, сан динан вежарий, даккхийде шаьш Везачу Элаца долуш. Хьалха яздинарг шуьга кхин а цкъа яздан суна хала дац, ткъа шуна иза закъалтана хир ду. 2Ларлолаш зуламаш дечарах! Уьш жІаьлех тера бу, цара шайн бехке меттиг хадорца шаьш сакхт до! 3ХІунда аьлча вай билггал сунтдинарш ду. Вай Делан Синехула Далла гІуллакх деш а ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хиларх дозалла деш а ду, адамийн дилханах тешна Іаш а дац. 4Сан а ма яра, сайн дилханах а тешна, Іен йиш. Нагахь санна кхин цхьа стаг, шен адаман дилханах а тешна, Іен дагахь велахь, сан цуьнан йолчул а сов бакъо хилар билггал бакъду. 5ХІунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхІалгІачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Іебархойх схьаваьлла Іебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со. 6Сайгахь болчу ницкъе хьаьжжина, Іийсах тешначийн тобанна дуьхьалваьллера. Товрат-хьехамаш кхочушбаро луш долчу бакъвар э хьаьжжина, ала цхьа а хІума доцуш вара со. 7Делахь а суна пайденна ду аьлла хеттарг Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа эрна хилла лору аса. 8Цул сов, кхидолу массо а хІума эрна хета суна, хІунда аьлча дерригенал а деза ду сан Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса вовзар. Цуьнан дуьхьа со массо а хІуманах ваьлла. Кхидолу массо а хІума кхелли хета суна, Дала леррина Къобалвинчуьнца уьйр йолуш со хилийтархьама а, 9Цуьнца цхьаьна хилархьама а. Ас-айса, товрат-хьехамаш кхочушбарца а доцуш, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешарца Далла хьалха бакъвина ву со. Иштта Дала Ша со бакъвира, Іийсах тешарна. 10Дала леррина Къобалвинарг кІоргге вовза лаьа суна, Иза веллачуьра денвеш хилла болу ницкъ а бевзаш, Цуьнан баланашкахь дакъа а лоцуш. Цуьнан Іожаллехь Цунах тар а луш, Иза вовза а лаьа суна, 11Иза санна, веллачуьра денваларе са а туьйсу аса. 12Аса ца боху, оцу массо а хІумане со кхаьчна ваьлла, я со кхачам боллуш кхиъна. Мелхо а, Дала леррина къобалвинчу Іийсас со дола ваьккхинчу Іалашоне кхача гІерташ ву со. 13Динан вежарий! Оцу Іалашоне со кхаьчна ваьлла аьлла ца хета суна. Делахь а цхьа хІума кхочушдо ас: сайна тІехьа дерг диц а деш, хьалха долчунна тІекхача гІерташ ву со. 14Иштта, сан Іалашо ю, къовсамехь санна, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула со стигала тІекхайкхинчу Дала суна лун долчу совгІатна хьалха тІекхача. 15Іийсах тешаре хьаьжжина, вайна юкъара хьалакхиънарш массо а иштта ойланаш йолуш хила беза. Нагахь санна цхьадолчунна тІехь шун кхин тайпана ойланаш елахь а, иза а Дала шуна дІадоьллур ду. 16Вуьшта, хІинца ваьшна девзина долчуьнца кхидІа а даха деза вай. 17Динан вежарий! Кхиберш санна, сох масал оьцуш хилийша. Оха шуна гайтинчу масалца бехачаьрга хьовсалаш. 18ХІунда аьлча дукхахберш Дала леррина Къобалвинчун жІаран мостагІий санна лелаш бу. Аса сих-сиха дуьйцура шуьга царах лаьцна, ткъа хІинца-м, бІаьрхиш а Іенош, дуьйцу аса. 19Церан кхоллам – хІаллакьхилар ду. Церан дела – гайна там бар ду. Эхьечу гІуллакхех дозалла до цара. Цара, кху дуьненан хІуманийн бен, ойла ца йо. 20Ткъа вай стигалан дахархой ду. Вай КІелхьардохург, Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса, оцу стигалшкара схьаваре хьоьжуш а ду вай. 21Вайн сий доцу догІмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегІах а тардина. И дийр ду Цо массо а хІума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца.

will be added

X\