Маттайс 9

1Іийса, хинкеманна тІе а хиъна, Іам тІехула дехьа а ваьлла, Шен гІала кхечира. 2Цунна тІе валийра шен дегІан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагІатта де доцуш, меттахь Іуьллуш вара. Іийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тІаьхьа, заьІапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кІант, хьан къиношна гечдина». 3Иза хезна болчу Іеламчу наха шайн дагахь бохура: «Цу стага ма Іеса къамел до!» 4Церан дагахь дерг Іийсана хаьара. Цундела Цо цаьрга элира: «Вон ойланаш хІунда ю шун даг чохь? 5Муьлха ду ала атта: „Хьан къиношна гечдина“ я: „Хьала а гІаттий, дІагІо“? 6Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КІентан дуьнен тІехь къиношна гечдан олалла дуйла». Цомгуш волчуьнга Іийсас элира: «ХьалагІатта, хьайн мотт-гІайба схьа а эций, цІа гІуо». 7Важа, хьала а гІаьттина, цІа вахара. 8Адамийн тоба, шена и хІума гича, чІогІа кхера а елла, Далла хастамаш бан йолаелира, Цо адамашна оццул чІогІа бакъо яларна. 9Іийса цигара дІавоьдучу хенахь Цуьнан бІаьрг кхийтира Маттай цІе йолчу стагах. Иза ял схьагулъеш болчеран бун чохь Іаш вара. Іийсас элира: «Суна тІаьххье схьавола!» Маттай, хьала а гІаьттина, Цунна тІаьхьа дІавахара. 10Іийса Шен мурдашца Маттайн хІусамехь яа хІума юуш Іаш хилла. Царна тІе а баьхкина, цаьрца яа хІума яа охьахиира ял схьагулъеш болу наххий, адамашна юккъехь къинош летийна аьлла, цІе яхана болу наххий. 11Шайна и сурт гича, парушхоша Цуьнан мурдашка хаьттира: «Шун Устаз ял схьагулъеш болчаьрций, къинош летийначаьрций хІума юуш хІунда Іа?» 12Иза Шена хезча, Іийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. 13Даха а гІой, хьажа Делан Йозанашкахь яздинчуьнга: „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел“. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен». 14Яхьъян мурдаша, Іийсана тІе а баьхкина, хаьттира: «Охий, парушхоший кест-кестта марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!» 15Ткъа Іийсас элира: «Зуда ялош волчун накъостий гІайгІане хуьлий, иза шайна юкъахь мел ву? Амма тІедогІур ду зуда ялош верг кхарна юккъера дІавуьгун волу цхьа де. ТІаккха хир бу уьш гІайгІане, марха кхаба а болалур бу. 16Цхьаммо а ца латайо цІеначу кІадих тишачу бедарна йома, хІунда аьлча и йома гатъелла, оза а елла, дІахІоьттича, бедар тІера Іуьрг кхин а доккха хир ду. 17Керла чагІар тишачу пІаьлдиг чу а ца дутту. ПІаьлдиг бетІар бу, чагІар чуьра охьагІур ду. ПІаьлдиг а хІаллакьхир бу. Амма керла чагІар керлачу пІаьлдиг чу дутту: пІаьлдиг а, чагІар а шен меттехь хир ду». 18Цо и къамел дечу хенахь Іийсана тІевеара гуламан цІийнан куьйгалхо. Цунна хьалха гора а хІоьттина, цо элира: «Сан йоІ хІинцца дІаяьлла. Хьо ван а веана, Ахьа цунна тІе куьйгаш дехкича, иза денлур яра». 19Іийса, хьала а гІаьттина, Шен мурдашца цунна тІаьхьа дІавахара. 20Цигахь, шийтта шарахь цІий ца соцуш, цомгуш йолу зуда яра. Іийсана тІехьахула тІе а еана, Цуьнан бедарх кхозуш йолчу чечакхах дІахьакхаелира иза. 21Массо а хенахь ша-шега цо олура: «Цкъа мукъана а Цуьнан бедарх со дІахьакхаелча, со толур яра». 22Іийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоІ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира. 23Іийса гуламан цІийнан куьйгалхо волчу цІа веача, Цунна гира зурманчаш а, доьлхуш, доьхна адам а. 24Цо элира: «ДІагІо кхузара! ЙоІ яла ца елла, иза йижина Іуьллуш ю!» Амма нах Кхунах боьлуш лаьтташ бара. 25Уьш цІа чуьра аралаьхкича, Іийсас, йоІ йолчу чу а вахана, цуьнан куьг схьалецира. ЙоІ Іуьллучуьра хьалагІаьттира. 26Цу тамашийначу хІуманах лаьцна хабар массо а метте дІасадаьржира. 27Іийса цигара дІавоьдучу хенахь Цунна тІаьхьавогІуш вара бІаьрзе ши стаг. Цара, кест-кеста мохь тухуш, олура: «Къинхетам бехьа тхох, Даудан КІант!» 28Іийса цІа чу ваьлча, бІаьрзенаш Цунна гергга тІебаьхкира. Цо цаьрга элира: «Шу теший Аса шун бІаьрса юхадоуьйтург хиларх?» Цара элира: «Теша, Веза Эла!» 29Іийсас церан бІаьргех куьг Іоьттира. Цо элира: «Шу тешаш дерг хилийталахь!» 30ТІаккха церан бІаьрса схьадеара. Іийсас царна чІоггІа тІедиллира: «Цхьанна а стагана Сох лаьцна хаа йиш йолуш дац шуна». 31Амма шаьш дІабаханчул тІаьхьа, цара Цунах лаьцна массо а маьІІе дІасадаржийра. 32Шен мурдашца Иза дІаваха кечвеллачу хенахь Іийса волчу валийра мотт сецна волу стаг. Иза жино хьийзош вара. 33Іийсас жин дІалаьллиначу хенахь и стаг къамел дан волавелира. Наха цецбовларца бохура: «И санна долу хІума Исраилан махкахь цкъа а хилла дац». 34Ткъа парушхоша бохура: «Цо жинаш лохку жинийн элан гІоьнца». 35Іийса массо а гІаланашкахула, ярташкахула чекхволура. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. 36Адамийн тоба Шена гуш, Цунна нахах къахетара. Уьш чІогІа гІайгІане а, дуьненах дог диллина, Іу воцу бажа санна, лелаш бара. 37Цо Шен мурдашка олура: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тІелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кІезиг бу. 38Ялта долчу Дега деха, иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий».

will be added

X\