Маттайс 8

1Іийса ламанан басера охьавоьссича, Цунна тІаьхьа дукха адам хІоьттира. 2Цунна тІе веара чкъураца ца йоьрзу цамгар йолу цхьа стаг. Іийсана хьалха гора а хІоьттина, цо дийхира: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа». 3Куьг дІа а кховдийна, цунах дІа а Іоьттина, Іийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦІанло!» Цу сохьта и стаг цамгарх товелира. 4«ХІокху хІуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, тІаккха Далла лерина сагІина хІума ло, Муса-пайхамаро вайна тІе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». 5Іийса Къапарнаме кхаьчча, Цунна тІевеара римхойн тІемалойн хьаькам. Цо гІо дийхира Іийсага: 6«Эла! ЦІахь, энаша дІа а лаьцна, чІогІа могуш воцуш Іуьллуш ялхо ву-кх сан». 7Ткъа Іийсас элира: «ДІа а веана, Аса товийр ву иза». 8ТІемалойн хьаькамо элира Цуьнга: «Эла! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кІел ван. Ахьа омра дича, сан ялхо толур вара. 9Иза суна дика хаьа, хІунда аьлча суна тІехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тІемалой. Аса „Валол!“ аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дІавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“ аьлча, иза схьавогІу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“ олу, цо и гІуллакх до». 10Іийсана и къамел хезча, Цо цецваларца Шена тІаьхьахІоьттинчаьрга элира: «Ас билггал боху шуьга, цу тайпана Делах тешар Суна исраилхошна юкъахь а ца карийна. 11Кхин цхьаъ эр ду Аса шуьга: дукхахболчара малхбалерий, малхбузерий схьа а баьхкина, цу тойнехь Стигалийн Олаллехь ИбрахІимний, Исхьакхний, Якъубний уллохь меттиг дІалоцур ю. 12Дала Шен Олалле кхача лиънарш Іаьржачу бодане арабаьхна хир бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду». 13Іийсас тІеман хьаькаме элира: «Вало, дІагІо, хьо тешаш дерг кхочушхуьлийла». Цо и оллушехь, хьаькаман ялхо товелира. 14Кипа волчу Іийса веача, Цунна гира, хІусамден стуннана, чІогІа дгар а долуш, цомгуш Іуьллуш. 15Иза, куьг дІа а кховдийна, цуьнан куьйгах дІаІоттавелира. Дгар дІа а даьлла, хьала а гІаьттина, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг. 16Суьйранна Іийсана тІебалийра жинаша хьийзош болу нах. Іийсас Шен дашаца жинаш дІалелхийра, кхиболу цомгуш берш туо а бира. 17Иштта кхочушхилира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро аьлларг: «Вайн эгІазаллаш тІе а лаьцна, Цо вайн цамгарш дІаяьхьира». 18Шена гонах адамийн тоба гича, Шен мурдашка Іоман дехьарчу берда тІе довла элира Іийсас. 19Цхьа Іелам стаг, Кхунна тІе а веана, вистхилира: «Сан Устаз, со Хьуна тІаьхьа хІуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а». 20Іийсас цуьнга элира: «Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Іан баннаш ду, ткъа Адамийн КІентан корта дІатовжо меттиг а яц». 21Ткъа вукху мурдо Кхуьнга элира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цІа а вахана, сайн да дІаволла». 22Амма Іийсас цуьнга элира: «ТІаьхьахІотта Суна, белларш беллачарна бита». 23Иза хинкеманна чу хиича, мурдаш Цунна тІаьххье чухевшира. 24ХІорд чІогІа ловзабелира, яккхийчу тулгІенаша хІордкема дІасакхуьйсура. Амма Іийса вижначуьра меттах ца волура. 25ТІаккха, тІе а бахана, Кхуьнан мурдаша Иза самаваьккхира. Цара элира: «Эла! КІелхьардахахьа вай! Іожалла улло кхаьчна-кх вайна!» 26Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кІезиг тешарш?» Хьала а гІаьттина, Цо мохе а, тулгІенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гІар-тата доцуш, тийналла дІахІоьттира. 27Наха цецбовларца бохура: «Мила ву техьа Иза, мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?» 28Іийса гадархой болчу кхаьчча, нах дІабоьхкинчу хьеха чуьра аравелира жинаша хьийзош волу ши стаг. Уьш чІогІа дера хилар бахьана долуш, цу новкъахула цхьа а стаг лела ваьхьаш вацара. 29Цара мохь хьоькхура: «ХІун оьшу Хьуна тхоьгара, Делан КІант ? Тхан хан тІекхачале, тхо хьийзо веана Хьо кхуза?» – бохуш. 30Генахь боццуш бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. 31Жинаша Іийсага дехар дора: «Цу нехан кийрара Ахьа тхо лахкахь, хьакхарчийн кийранашка тхо доссадахьара Ахьа», – бохуш. 32Цо элира: «ДІагІо!» Нахана чуьра ара а девлла, жинаш хьакхарчийн кийранашка дІахьаьвдира. Цу сахьтехь хьакхарчийн бажа лекхачу берда тІера Іам чу кхоссабелира, цу юкъахь мел йолу хьакха хи буха а йоьдуш. 33Ткъа хьакхарчийн Іуй цу меттера бевдира. ГІала дІа а бахана, цара хьакхарчашна хилларг а, жинаша хьийзош болчу нахана хилларг а массарна дІадийцира. 34Цу гІалахь мел долу адам Іийсага хьажа араделира. Иза шайна гиначул тІаьхьа цара Цуьнга дехар дира, цигара дІагІо аьлла.

will be added

X\