Маттайс 7

1«Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. 2Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах. 3Хьайна уллохь волчун бІаьргара чамхалге хІунда хьоьжу хьо, хьайн бІаьргара хен а ца гуш? 4Хьоьга муха алалур ду хьайн веше: „Схьахьажал, аса бІаьргара чамхалг дІайоккху хьуна“, хьайн бІаьргахь хен боллушехь? 5Шалхонча, цкъа хьайн бІаьргара хен дІабаккха, тІаккха са гур ду хьуна, хьайн вешин бІаьргара чамхалг схьаяккха. 6Далла гергахь еза йолу хІума жІаьлеш дІа ма луо, уьш, юха а дирзина, шух летар ду. ЖовхІарш хьакхарчашна хьалха а ма кхисса, цаьрга уьш ца хьешийта». 7«Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неІ тоха, иза дІайоьллур ю шуна, 8хІунда аьлча хІора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неІ тухучунна – схьайоьллуьйту. 9Шуна юкъахь вуй теша стаг, шега шен кІанта бепиг дехча, цуьнга тІулг кховдон верг? 10Я чІара бехча, цуьнга лаьхьа кховдон верг? 11Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шун Дас мел дукха дика болх бийр бу Шега доьхуш волчунна! 12Цундела нахаца йолу юкъаметтиг уьш шайца схьа хила ма-лаъара лелае. Иза товрат тІера бинчу хьехамашна а, пайхамаршна яздинчунна а тІера схьадогІуш ду». 13«Далла уллорачу дахаре боьду некъ готта бу шуна. Цундела готта ков а, некъ а лаха. Шуьйра ков а долуш, шуьйра некъ – иза стаг хІаллакьхуьлу некъ бу. Дукха нах дІабоьлху цу новкъахула. 14Дахарна тІевоьдучохь долу ков готта ду, цу тІе боьдуш болу некъ хала бу. КІеззигчарна бен иза кара а ца бо. 15УьстагІийн аматехь шайна дуьхьал хІуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан. 16Уьш шайн стоьмаца бевзар бу шуна. Гулйой аша коканийн кулла тІера кемсаш, я вирбаІ тІера комарш? 17Дикачу дитто дика стом ло, ткъа вуочу дитта тІехь вон стом кхуьу. 18Дикачу дитта тІехь вон стом кхиа а йиш яц, амма вуочу дитта тІехь дика стом а ца хуьлу. 19ХІора вон дитт, цу тІехь дика стом кхуьуш бацахь, схьа а хададой, цІера юккъехь дагадо. 20Иштта, харцпайхамарш церан гІуллакхаша бовзуьйту. 21ХІора Соьга: „Ва сан Веза Эла“ бохуш волчо Стигалийн Олалла тІелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтІахь хила веза. 22Дуккха а болчара эр ду Соьга цу дийнахь: „Ва Веза Эла! Хьан цІарах ца бора оха Делера болу хаам? Хьан цІарах дІа ца лелхадора оха жинаш? Хьан цІарах ца бора оха дуккха а тамашийна белхаш?“ 23Ткъа Аса цаьрга эр ду: „Генадовлал Суна уллора, харц белхаш лелош дерш! Суна шу цкъа а девзаш ца хилла!“» 24«Цундела Соьга ла а дугІуш, Аса аьлларг деш верг шен шахьар буточу тархана тІехь юттучу стагах тера ву. 25ДогІа а тІедоьттина, хиш а дистина деана, чІогІа мох а хьаькхна, амма цуо дина долчу цІенна хІумма а ца хилла, хІунда аьлча цу цІийнан бух буточу тархана тІехь боьттина бу. 26ХІинца Аса бохучуьнга ладугІуш воцург шен цІийнан бух гІамаршна тІехь боьттинчух тера ву. 27ДогІа а деача, хиш дистина а деача, мох а хьаькхча, цуьнан цІа тІе а кхетта, доьхна дІадаьлла, схьаэца хІума а доцуш». 28Іийса и дешнаш аьлла ваьлча, адамаш Цуьнан хьекъалх чІогІа цецдевллера, 29хІунда аьлча церан Іеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Цо.

will be added

X\