Маттайс 6

1«Варелаш, шаьш Далла деш долу гІуллакх нахана гайта гІерташ ма лелалаш. Иза аша шайгара далийтахь, шун стигалахь волчу Дегара ял хир яц шуна. 2Айхьа сагІа лучу хенахь, иза нахе кхайкхо ма гІерта, шалхалла йолчу наха санна, гуламан цІенош чоххьий, ураман некъашкахь шаьш нахе хастадайтархьама. Аса тоьшалла до шуна: царна йогІуш йолу ял иштта а дІакхаьчна шуна. 3Айхьа мискачунна сагІина хІума лучу хенахь хьайн аьрру куьйге а ма хаийта аьтту куьйго лелош дерг, 4айхьа лун сагІа къайлаха хилийта. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогІу ял дІалур ю». 5«Шаьш доІа дечу хенахь шайца шалхалла йолчу нахах дІа ма тарло, гуламан цІенош чохь а, ураман некъашкахь а нахана шаьш гайтархьама доІанаш дан дІахІуьттуш болчу. Аса тоьшалла до шуна: царна шайна йогІуш йолу ял дІакхаьчна. 6Ткъа ахьа хьайн доІа дечу хенахь, хьайн цІа чу а валий, чІоггІа неІ тІе а таттий, къайлаха волчу хьайн Дега доІа де. Къайлаха мел дерг гуш волчу хьан Дас боггІу мах хадор бу хьан. 7Ткъа айхьа доІа дечу хенахь, кхечу къаьмнех болчу наха санна, ца оьшуш мел дерг ма дийца. Царна моьтту, шаьш къамел дукха мел до а, иза дикахо дІахезар ду Далла. 8Царах дІа ма тарло, хІунда аьлча шун Дена аш Шега дехар а дале хаьа, шуна хІун оьшу. 9Цундела шаьш доІа дечу хенахь хІокху дешнашна тІе тидам бахийта: Тхан стигалара Да! Хьан цІе сийлахь хуьлда! 10Хьан Олалла тІекхочийла. Стигалшкахь санна, лаьттахь а Хьан лаам кхочушхуьлийла. 11Тахана даъал напха лохьа тхуна! 12Дехьа тхуна геч, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра. 13Хьарам лаамна кІел а ма дахийтахьара Ахьа тхо, иблисах а лардахьара. 14Наха шуна йинчу хьарамаллина аша гечдахь, стигалахь волчу шун Дас шуна а дийр ду геч. 15Амма шу шайна вас йинчарна даггара къинтІера ца довлахь, шун Да шуна а вер вац аша летийначу къиношна къинтІера». 16«Шаьш марха кхобучу деношкахь, шалхалла йолу нах санна, олла а делла, дастам девлла ма лела, хІунда аьлча уьш шаьш марха кхобийла нахана дІагайта гІерташ лела. Аса ма-аллара, царна йогІуш йолу ял дІакхаьчна шуна. 17Айхьа марха кхобучу хенахь хьайн юьхь а йилий, хила ма-веззара лела, 18нахана хьуо марха кхобуш вуйла а ца гойтуш. Хьан Дена иза хууш ду хьуна, Иза хьуна гуш вацахь а. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогІу ял дІалур ю». 19«Дуьненан хьал ма гулде. Иза, нецано а талхош, мекхано хІаллак а деш, лаьттар ду, я къуша, чу а бевлла, лачкъийна дІахьур ду. 20Стигалахь гулде шайна хьал. Цигахь иза нецано талхор а дац, мекхано хІаллак а дийр дац, я къуша, чу а бевлла, дІа а хьур дац. 21Хьан хьал долчохь хьан дог а хир ду. 22Стеган бІаьрг цуьнан дегІан серлонан хьоста ду. Цундела хьан ши бІаьрг цІена белахь, хьан дерриге а дегІ серлонах дуьзна хир ду. 23Амма хьан бІаьргаш цІена бацахь, хьан дерриг дегІ а бодане ду! Цу боданал бен хьох серло яцахь, ма инзаре боккха хила беза-кх и бода! 24Цхьана стеган шина элан ялхо хила йиш яц. Цунна цхьа хІусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу». 25«Цундела Аса боху шуьга: дахаран дуьхьа юучунна, молучунна са ма гатде. Шайн дегІан дуьхьа духарна а са ма гатде. Шун дахар юучул дезах ду шуна, ткъа дегІ духарал дезах ду. 26Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хІумма дІа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша? 27Я шуьга цу тайпана сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана дахдалийталур ду теша? 28Бедар бахьана долуш са хІунда гатдо аша? Хьажал аренгахь тІедолуш долчу петІамат-зезагашка. Цара цхьа а тайпана къа а ца хьоьгу я шайна бедарш а ца тоьгу. 29Амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна. 30Иштта эрна арахь тІедолуш долу зезагаш а Дала цу тайпана кечдеш хилча, кхана уьш цІергахь догур доллушехь, шу кхин а чІогІа кечдийр ма ду, Делах кІезиг тешаш дерш. 31Цундела кест-кестта: „Оха хІун юур ю теша?“, я: „ХІун мер ю теша?“, я: „ХІун тІеюхур ю теша?“ – бохуш, шайн са ма гатде. 32Цу тайпана сагатдо кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун стигалахь шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. 33Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду. 34Кханенна сагатдеш ойла ма е – цуьнан шен Да ву. ХІора де а шен гІайгІа яхьаш догІу».

will be added

X\