Маттайс 5

1Цхьана дийнахь Іийсана уллохь дукха адам гулделлера. Иза, ламанан басе хьалаваьлла, охьахиира. Іийсана тІе гулбелира Цуьнан мурдаш. 2ТІаккха Іийса царна хьехам бан волавелира: 3«Декъалбина бу миска са долуш болу нах – уьш, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь бу. 4Декъалбина бу боьлхуш берш – церан дог оьцур ду. 5Декъалбина бу эсала амал ерш – дерриг а дуьне церан хир ду. 6Декъалбина бу бакъоне кхача хьагбелларш – Дала церан лаам кхочушбийр бу. 7Декъалбина бу къинхетаме берш – царах а бийр бу къинхетам. 8Декъалбина бу цІена дог дерш – царна Дела гур ву. 9Декъалбина бу нахана юкъахь машаре гІуллакх лелорш – царна, Делан бераш ду аьлла, цІе туьллур ю. 10Декъалбина бу, бакъонна тІаьхьахІиттина аьлла, таІзаре озийнарш – уьш, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь бу». 11«Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тІаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь. 12Хазахетарца даккхийделаш! ХІунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу». 13«Шу Лаьттан туьха ду. Нагахь санна туьхан чам дІабаьлча, иза муха дурдийр ду? Иза, нахе когашца хьеша а хьешийтина, дІакхоссан бен, цхьанна а хІуманна пайденна дац. 14Шу дуьненан серло ю. Ламанан буьххьехь лаьтташ йолу гІала къайлаяккха йиш яц. 15Иштта латийна йолчу стогарна тІехула кхаба ца хІоттайо – иза лаккхахь дІахІоттабо, цуьнга чохь мел волчунна а серло ялийта. 16Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гІуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а». 17«Ма мотталаш, Со товрат тІера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дІадаха веана. Со и хьехамаш дІабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву. 18Аса чІагІо йо шуна: стигаллий, латтий дозуш а долуш, товрат-хьехамашна юккъера цхьа элп я цхьа сиз а дІадоккхур дац, цу тІехь аьлларг кхочушхиллалц. 19Товрат-хьехам тІера кІеззиг долу хІума а талха а дина, нахе а изза де бохуш верг Стигалийн Олаллехь лаххара мах болуш хир ву. Ткъа шена тІедиллина долу парз кхочуш а деш, иза нахе дІа а кховдош хилча, иза лакхара лорур ву. 20Аса боху шуьга: нагахь санна шун Делан лаамехь хилар парушхойн а, Іелам нехан а чул лакхара ца хилахь, Стигалийн Олалла тІелаца а, Далла уллохь хила а шун йиш хир яц». 21«Шуна ма-хаъара, вайн дайшка аьлла хилла: „Адам ма де. ХІора стаг вийна волу зуламхо кхелахочо жоьпе озор ву“. 22Ткъа Аса боху шуьга: шена уллорачунна оьгІазвахана волу хІора стаг кхелахочо жоьпе озор ву. Стага шен вешина а „Іовдал!“ аьллехь, цунна коьртачу кхеташоно таІзар дийр ду. Шена уллохь волчуьнга: „Яьсса хІума!“ – аьлла, вистхилларг, жоьжахатин цІера хьалха а хІоттийна, жоьпе озор ву. 23Цундела хьуо Далла сагІа даккха воьдучу хенахь цхьаъ хьайна реза воцуш хилар хьайна дага дагІахь, 24и совгІат сагІа доккхучу кхерчана йисте охьа а диллий, цу стагаца куьйге ваха хьажа. Цигара юхавирзинчул тІаьхьа дийр ду ахьа Далла гІуллакх. 25Хьо кхелахочуьнга дІавала кечвеллачуьнца, шаьш цига дІакхачале, катоххий барт бан хьажа, куьйге а гІо. Ахьа иза ца дахь, хьан довхочо хьо кхелахочуьнга дІалур ву, ткъа цо гІаролхочуьнга а велла, набахти чу кхуссуьйтур ву. 26Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тІаьххьарчу шайнна тІекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дІаделла а бен». 27«Шуна хезний: „Нахаца ма лела“, – аьлла хилар? 28Ткъа Аса боху шуьга: нехан зудчуьнга ямарта ойланца дІахьаьжначо шен даг чохь зуда-майрачун юкъаметтиган тешаме хилар дІадаьккхина. 29Нагахь санна хьан аьтту бІаьрг къинош летош белахь, иза схьа а баккхий, дІакхосса. Хьайн дегІан цхьана меженах влар гІоле ду хьуна, жоьжахатин цІергахь вагавойтучул. 30Хьайн аьтту куьг къилахь долчунна тІегІерташ делахь, и куьг дІа а даккхий, дІакхосса. Хьайн дегІан цхьана меженах влар гІоле ду хьуна, жоьжахатин цІергахь вагавойтучул». 31«Аьлла ду: „Шен зудчуьнца дІасакъаьсташ волчо цунна йозанца тоьшалла дала деза“. 32Ткъа Аса боху шуьга: зуда тешаме ца хиларца доьзна доцучу дІасакъастаро, зуда нийса боцучу некъа тІе тоьтту. И санна йолу зуда ялочо ямартло йо». 33«Вайн дайшкара дуьйна аьлла ду: „Айхьа Везачу Элана биина болу дуй ма къарбе, иза кхочушбан хьажа“. 34Ткъа Аса боху шуьга: цкъа а дуй ма баа. Стигалех а ма е чІагІо – иза стигалийн Паччахьан шахьар ю. 35Лаьттах а ма е чІагІо – Латта а Делан Олаллехь ду. Ярушалаймах лаьцна а ма баа дуй – иза веза воккхачу Паччахьан гІала ю. 36Шайн коьртах лаций а ма е чІагІо, хІунда аьлча коьртара цхьа чо я кІайбан а, я Іаржбан а шун ницкъ кхочур бац. 37Шаьш, „хІаъ“ аьлла, чІагІо яхь, иза „хІаъ“ хилийта. „ХІан-хІа“ шайн ала дезахь, цу тІехь латта. Цу шина дашал сов даьлларг – иблисан лаам бу шуна». 38«Шуна хезна ду хьалха аьлла хилларг: „Хьайн бІаьрг баккхахь, – цунна дуьхьал бІаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха“. 39Аса-м шуьга боху: хьайна зулам динчунна дуьхьал ма вала. Хьайна аьтту бесни тІе тІара тоьхнехь, аьрру агІор йолу бесни а зуламхочунна тІеерзае. 40Кхелехь хьуна тІера коч а къевсина, хьайца девне ваьллачунна, мел еза елахь а, важа бедар а дІало. 41Хьайна ницкъ а беш, хьайга эзар гІулч яккхийта гІортахь, ши эзар гІулч а йоккхуш, дІагІо. 42Хьайга хІума йиэха веанчун дехар кхочуш а де, хьайга юхалург еха веанчунна букъ а ма берзабе». 43«Шуна хезна хьалха аьлла хилларг: „Хьайн уллораниг веза, мостагІчуьнца гома а хила“. 44Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагІий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха – 45шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту – дикачунна а, вочунна а. ДогІа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а. 46Шуна шайца дика берш бен безаш ца хилча, цунах хІун пайда хир бу? Иза санна йолу юкъаметтиг-м ял йоккхучара а лелайо шуна. 47Шайн вежаршка бен аша салам луш ца хилча, цунах тамаш бан меттиг яц шуна. И санна йолу юкъаметтиг дин доцучу наха а лелайо шуна. 48Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цІена хила».

will be added

X\