Маттайс 4

1Цул тІаьхьа Делан Сино Іийса яьссачу аренга дІавигира, иблисе Иза зейта. 2Шовзткъа де-буьйса марха кхобуш дІадаьлча, Иза чІогІа мацвелла хьаьвзира. 3Иблисо, Цунна тІе а дахана, элира: «Хьо Делан КІант велахь, хьуьлла Іохкуш долчу тІулгашна тІедожаде, бепиг хила алий». 4Іийсас жоп делира: «Делан Йозанна тІехь ма ду: „Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац. Цуьнан вузар – Делан багара схьадаьлла хІора дош ду“». 5ТІаккха иблисо, Іийса езачу Ярушалайм-гІала а вигина, Делан цІийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. 6«Хьо Делан КІант велахь, – элира цо, – кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Везачу Эло Шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду“. Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тІехь дІахьур ву хьо, хьан ког тІулгах а ца тасаболуьйтуш“». 7Іийсас цунна жоп делира: «Амма яздина ду: „Хьайн Веза Дела зе ма гІерта“». 8ТІаккха иблисо валийра Іийса боккхачу лам тІе. Цу буьххьера цо гайтира кху дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш а, церан исбаьхьа хилар а. 9«И Хьуна гуш мел дерг аса Хьуна дІалур ду, Ахьа суна, Далла санна, гора а хІоьттина, Іибадат дахь!» 10Іийсас элира: «ДІадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Іибадат, Цунна бен гІуллакх а ма де!“» 11Иблис Іийсана тІаьхьара дІадаьлча, Иза волчу маликаш схьагулделира, Цунна гІуллакх а деш. 12Яхьъя набахти чу воьллина аьлла Шена хезча, Іийса Галилай-махка юхавирзира. 13Назарт-гІала а йитина, Иза Къапарнам-гІалахь ваха хиира. И гІала Галилай-Іомана йистехь Іохкуш долчу Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш тІехь хилла. 14Иштта кхочушхилира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарехула аьлларг: 15«Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш а, Галилай-хІорда тІекхачале, Йордан-хил дехьа йолу кхечу къаьмнийн нехан Галилай! 16Боданехь Іийначу халкъана йоккха серло гира! Іожаллин ІиндагІехь болчу махкахь Іийначу нахана серло къеггина дІахІоьттира!» 17Цу хенахь дуьйна схьа Іийса кхайкхам бан волавелира: «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохуш. 18Цхьана дийнахь, Галилай-Іам йистехула дІавоьдуш, Іийсана ши ваша гира: ШамІий, тІаьхьо Кипа аьлла цІе тиллина волу, Іандаррий. Уьш чІерийлецархой бара. Кхунна гиначу хенахь ши ваша хи чу чІерий лоьцу бой тосуш воллура. 19«Суна тІаьхьахІитта, – элира цаьрга Іийсас, – ткъа Аса хІинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух». 20Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Іийсана тІаьхьахІиттира. 21Уьш дІабоьлхуш, Зевадин ши кІант – Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира Іийсана. Ший а ваша шайн деца Зевадица хинкеман чохь вара, чІерий лоцу бойнаш тоеш. Іийсас уьш а кхайкхина тІебалийра. 22Уьш, шайн да а, хинкема а дитина, Іийсана тІаьхьахІиттира. 23Іийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. 24Цунах лаьцна хабар ерриг Сири-пачхьалкхехула дІадаьржира. Іийса волчу блабора тайп-тайпана цамгарш кхетта болу нах: жинаша хьийзош берш а, лазар догІуш берш а, шен дегІан дола ца далуш берш а. Царна массарна а Цо дарба а дора. 25Дукха адам дара Цунна тІаьхьа лелаш Галилайра а, Иттшахьар-махкара а, Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а, Йордан-хил дехьа Іаш долу адамаш а.

will be added

X\