Маттайс 3

1Цхьа зама тІекхаьчча, Яхьъя ЯхІуд-махкарчу яьссачу аренгахула кхайкхам беш волавелира. 2«Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохура Цо. 3Яхьъях лаьцна ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро аьлла: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!» 4Цу хенахь Яхьъяс эмкалан тІаргІанах йина бедарш а лелайора, гІодаюккъе шуьйра тІаьрсиган доьхка а доьхкура. Юучу хІуманах цо билгалдаьккхинарг цІоз а, акха моз а дара. 5Дукха адам догІура цунна тІе: Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а, Йордан-хи йистехь дехаш долу адамаш а. 6Шайх даьллачу къиношна Далла хьалха дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхдохуьйтура наха Яхьъяга. 7Шена тІеоьхуш дуккха а садукъой а, парушхой а гича, Яхьъяс элира: «Шу лаьхьанан кІорнел а чІогІа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тІедогІучу къематан дийнах кІелхьардовла деза аьлла, хаам? 8Шу Далла тІедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. 9„Тхан да ИбрахІим ву“, – аьлча, шаьш кІелхьардевр ду ма мотталаш. Делан таро ю оцу Іохкучу тІулгех а ИбрахІимна тІаьхье ян. 10Орамашна тІехула диг хьалаайина ду: шена тІе пайден болу стом латош доцу хІора дитт, хада а дой, цІера юккъе кхуссу. 11Шу Далла тІедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тІаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цІарца а дахчор ду. 12Цуьнан карахь кІа ору баьхьа бу. Цо хьаьттахь кІа цІандийр ду. КІа цІа чу схьагулдийр ду, ткъа кегаш цкъа а дІайовр йоцучу цІера юкъахь ягор ю Цо». 13Галилай-махкара Йордан-хи тІе веара Іийса, Ша Яхьъяга хих чекхваккхийта. 14Иза сацо гІоьртира Яхьъя: «Со-суо ву Хьоьга хих чекхваккхийта везаш верг. Ткъа Хьо-Хьуо ма веана суна тІе?» 15Іийсас цуьнга элира: «Тахана шадерг а иштта хила дезаш ду. Берриг а Делан лаам вай кхочушбан беза». Яхьъя Цо бохучунна резахилира. 16Іийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дІасаеллаялийтира. Іийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогІуш долу Делан Са дІахІоьттира. Иза нийсса Цунна тІе охьадеара. 17Стигалара схьахезаш долчу озо элира: «Иза ву Сан хьоме КІант! Цуьнца бу Сан лаам!»

will be added

X\