IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Маттайс 28 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Далла лерина долу шоьтан де дІадаьлча, кІирандийнахь, сатоссуш, Магдалера Марем а, важа Марем а къуббане хьажа еара.   2  Эццахь чІогІа мохк бегийра, хІунда аьлча Везачу Элан малик, стигалара охьа а доьссина, къуббанна дуьхьал биллина болу тІулг дІа а карчийна, цунна тІе охьахиира.   3  Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тІера бедарш, ло санна, кІайн яра.   4  ГІаролхой шайна и сурт гича, чІогІа кхерабелла, бегош бара. Уьш беллачу нахах тарбеллера.   5  ТІаккха малик зударшка дистхилира: «Шу кхера ма ло. Суна хаьа, аша жІарах дІатоьхна хилла Іийса лоьхий.   6  Иза кхузахь вац. Цо Ша ма-аллара, Иза денвелла. Даха а гІой, Цуьнан дакъа Іиллинчу метте хьовса.   7  Цул тІаьхьа, сихха дІа а гІой, Цуьнан мурдашка дІадийца: „Иза веллачуьра денвелла. Галилай-махка Иза шул хьалха дІакхочур ву. Цигахь шуна Иза гур а ву“. Иштта ду шуна соьгара дош».   8  Сихха къубба чуьра ара а яьлла, и шиъ, шаьшшиъ чІогІа кхераелла, яхьийна йоллушехь, йоккхаерца едда и хаам мурдашна дІахаийта яхара.   9  ЦІеххьана царна новкъахь дуьхьалкхийтира Іийса. Цо элира: «Маршалла ду шуьга». И шиъ, тІе а яхана, Цуьнан когех хьакха а елла, Цунна хьалха охьатаьІира.   10  Іийсас цаьрга элира: «Ма кхералаш. Яха а гІой, Сан вежаршка Галилай-махка гІо ала. Цигахь гур ву царна Со».   11  Зударий мурдаш болчу дІабаханчу хенахь, масех волчу гІаролхочо, гІала схьа а веана, динан коьртачу дайшка дерриг а хилларг дІадийцира.   12  Къанойх дІа а кхетта, цаьрца барт а бина, динан коьртачу дайша цу тІемалошна дуккха а ахча делира.   13  Цара элира: «Аша массаьрга а ала деза: „Буьйсанна Цуьнан мурдаша, схьа а баьхкина, тхо дийшина долчу хенахь, Цуьнан дакъа, лачкъа а дина, дІадаьхьира“.   14  И хаам мехкан куьйгалхочунна дІахаахь, оха цуьнца барт бийр бу шуна таІзар ца дайта».   15  Ахча схьа а эцна, цара, шайна ма-хьеххара, нахе дІадийцира. И хаам жуьгташна юкъахь дІасабаьржира. Таханлерчу дийне кхаччалц схьадогІуш а ду иза.   16  Іийсас тІе ма-диллара, Галилай-махкарчу лам тІе дІавахара цхьайтта мурд.   17  Иза шайна гича, уьш Цунна хьалха охьатаьІира, амма цхьаццаберш шекбевлира.   18  Іийсас, тІе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла.   19  Иштта, даха а гІой, Ден, КІентан, Делан Синан цІарах массо а халкъаш хих чекхдаха,   20  Аса шайна тІедиллинарг дерриг а лардар а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тІекхаччалц».