Маттайс 27

1ШолгІачу Іуьйранна массо а динан коьртачу дайша а, къаноша а гуламехь, цхьаьна а кхетта, Іийса вейта барт бира. 2Иза, дІа а вихкина, мехкан куьйгалхо волу Пулат волчу дІавигира цара. 3Іийсана ямартло йина волчу ЯхІуд-Искархочо, Цунна кхел йинийла хиъча, дохко а ваьлла, шена делла долу ткъе итт дато ахча динан коьртачу дайшний, къаношний юхаделира. 4Цо элира: «Къа латийна аса сайх, бехк боцучунна ямартло а йина». Амма цара цуьнга элира: «Тхуна хІун ду иза? Иза хьайна хуур ду хьуна». 5Ша цаьргара схьаэцна долу дато ахча Делан цІийнан керта дІа а кхоьссина, ЯхІуд-Искархо, вахана, ирхъоллавелира. 6Динан коьртачу дайша, и ахча схьа а гулдина, элира: «ХІара Делан цІийнан хазни чуьра ахчанах дІатоха мегар дац, цІий Іанадайтина ахча долу дела». 7Вовшах дага а бевлла, цара цу ахчанах кхийра пхьегІаш еш волчун латта ийцира, цу тІехь хийрачу къаьмнех болу белла нах дІабохка. 8Цундела тахана а и латта «ЦІийн латта» олуш ду. 9Иштта кхочушхилира Ярми-ЯхІус аьлла долу дешнаш: «Схьаийцира цара мах хІоттийна волчунна тІера ткъе итт дато ахча. Иштта бара исраилхоша цуьнан хадийна болу мах. 10Иза кхийра пхьегІаш еш волчун лаьттах дІаделира цара, соьга Везачу Эло ма-аллара». 11Іийса мехкан куьйгалхочунна хьалха дІахІоьттира. Цо Іийсага хаьттира: «Хьо жуьгтийн къоман паччахь вуй?» Іийсас жоп делира: «Ахьа боху-кх иза». 12Ткъа динан коьртачу дайший, къаноший Шена бехк биллича, Цо цаьрга хІумма а ца элира. 13ТІаккха Пулата Цуьнга элира: «Хьуна ца хеза, Хьайна дуьхьал мел дукха бехкаш даладо?» 14Амма Іийсас цхьана а тайпана Шега деш долчу хаттаршна жоп ца делира. И сурт шена гича, мехкан куьйгалхо чІогІа цецваьллера. 15ХІора Пасахьан дезачу дийнахь мехкан куьйгалхочо набахти чу боьхкинчу нахана юкъара халкъо къастийна волу цхьа стаг дІахоьцура. 16Цу хенахь набахти чохь воллуш вара цІеяхана волу зуламхо ЮшаІ-Барраб. 17Нах схьагулбелча, Пулата цаьрга хаьттира: «Аса царах муьлха дІахоьцийла лаьа шуна: ЮшаІ-Барраб я Іийса, „ Дала леррина Къобалвинарг “ олуш волу?» 18Пулатана хаьара, Іийса цара, Цуьнга хьагІ хилар бахьана долуш, ямартло а йина, валийнийла. 19Пулат мехкан кхеташонехь Іаш волчу хенахь цуьнга шен хІусамненера хабар кхечира: «Цу Делан лаамехь волчунна кхел ечуьра юьстахвалахьара хьо, хІунда аьлча дІаяханчу буса аса Иза бахьана долуш гІенах чІогІа бала хьийгира», – аьлла. 20Амма динан коьртачу дайша а, къаноша а гулбеллачаьрга шайн лаам дІахаийтира: Барраб кІелхьара а ваьккхина, Іийса вен кхел яйта лаар. 21ТІаккха мехкан куьйгалхочо халкъе хаьттира: «Цу шиннах муьлханиг дІахоьцийла лаьа шуна?» Цара элира: «Барраб». 22Пулата цаьрга элира: «Аса хІун дан деза, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цІе йолуш волчу Іийсана?» Цара массара а элира: «ЖІарах дІатоха Иза!» 23Пулата хаьттира: «ХІунда? Цо хІун зулам дина те?» Амма цара кхин а чІогІа маьхьарий хьоькхура: «ЖІарах дІатоха!» – бохуш. 24И сурт гуш волчу Пулата, адам кхин а чІогІа карзахдала кийча дуйла шена гича, массарна а гуш хи схьа а эцна, шен куьйгаш дилира. Цо элира: «ХІокху Стеган цІий сох ца хьаьрчина. Аш-шаьш жоп ло». 25Адамаша жоп делира: «Цуьнан цІий тхуний, тхан берашний тІехь хуьлийла!» 26ТІаккха цо Барраб дІахецийтира, ткъа Іийса, шед а еттийтина, церан кара дІавелира жІарах дІатохийтархьама. 27ТІаккха Іийса мехкан куьйгалхочун тІемалоша кхел кхайкхо гІишло чу вигира. Цунна гонах тІемалойн тоба гулъелира. 28Іийсана тІера бедарш дІа а яьхна, цара Цунна тІе цІен оба кхоьллира. 29Коканийн коьллех кочар а дина, цара иза Іийсан коьрта тІе диллира, аьтту куьйга Іаса лацийтира. Беламца, Цунна хьалха гора а хІиттина, цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» 30Цара Цунна тІе туйнаш детта долийра, тІаккха Цуьнан карара Іаса, схьа а яьккхина, Цуьнан коьртах етта йолийра. 31Шаьш Иза аьшнаш вина бевлча, Цунна тІера цІен духар дІа а даьккхина, Цуьнан Шен бедарш тІеюьйхира цара. ТІаккха Іийса жІарах дІатоха дІавигира. 32ХІорш дІабоьлхучу хенахь кхарна дуьхьал кхийтира Къуринара волу ШамІа цІе йолу стаг. Иза саца а вина, цуьнга Іийсан жІаран бІогІам дІабахьийтира цара. 33Уьш схьакхечира «Галгатхьа» олучу метте (иза «туьтанан меттиг» бохург ду). 34Стимаца эдина долу чагІар малийта гІоьртира уьш Іийсага, амма Цо, цунах чам баьккхинчул тІаьхьа, иза ца мелира. 35Иза жІарах дІа а тоьхна, тІемалой, шайна юкъахь Іийсан бедарш йоькъуш, кхаж таса хІиттира. 36Цул тІаьхьа, охьа а хевшина, уьш Иза ларвеш бара. 37Іийсан коьрта тІехула дІатоьхначу уьнна тІехь яздина дара: «ХІара ву Іийса, жуьгтийн къоман Паччахь» – аьлла. Цу дешнаша ХІара стенна бехке веш ву билгалдоккхура. 38Іийсаца ши талорхо вара жІарах дІатоьхна. Цхьаъ Цунна аьтту агІор, важа аьрру агІор. 39Юххехула чекхбовлучара вон баганаш етташ, кортош лестош, 40Цуьнга бохура: «ХІей, Делан цІа доха а дина, кхаа дийнахь иза юха дІахІоттош верг! Хьо Делан КІант велахь, кІелхьарвала хьажа, охьавосса жІаран бІогІамна тІера!» 41Царах терра динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а, къаноша а, Цунах бийла а буьйлуш, вовшашка бохура: 42«Кхиберш кІелхьара а баьхна, Ша-м кІелхьара ца ваккхало Кхуьнга. Ша Исраилан халкъан паччахь велахь, охьавосса хІинца жІарана тІера. ТІаккха тхо Цунах тешар ду! 43Иза Делах тешна вара, тІаккха Дала кху баланах кІелхьарваккха веза-кх, Шена Иза оьшуш велахь. Цо ала ма аьлла: „Со Делан КІант ву!“» 44Кхуьнца жІарах дІатоьхна болчу талорхоша а сийсазвоккхура Иза. 45Делкъахенахь лаьтта цІеххьана Іаьржа бода боьссира. Дийнахь кхо сахьт даллалц лаьттира иза. 46Делкъал тІаьхьа кхо сахьт долучу хенахь Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «Эли, Эли, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьІна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хІунда вити Ахьа?» 47Кхузахь лаьтташ болчу цхьаболчара, и дешнаш шайна хезча, элира: «И стаг Эли-ЯхІу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх!» 48Царах цхьаммо, ведда вахана, худург кемсийн къонзи чу а Іоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Іийсага дІакховдийра, Цуьнга малийтархьама. 49Амма вукхара бохура: «Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхІу вогІий те ХІара кІелхьарваккха». 50Іийсас кхин цкъа а мохь туьйхира. ТІаккха Шен Са дІаделира Цо. 51ЦІеххьана Делан цІийна чохь уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. Латта дегадора, тІулгаш лелхара. 52Къуббанаш еллаелира, дуккха а Делан нах беллачуьра денбира. 53Іийса денвеллачул тІаьхьа, уьш, шайн къуббанаш чуьра ара а бевлла, яхІудхоша сийлахь-еза лоруш йолчу Ярушалайм-гІалина чу бахара, уьш дуккха а болчу нахана ган а гира. 54Іийса ларвеш хиллачу тІемалойн хьаькам а, цуьнца цхьаьна хилларш а, шайна латта дегош а, кхин а хилла долу хІуманаш гича, чІогІа кхерабелира. Цара бохура: «Иза бакъонца Делан КІант хилла!» 55Геннара цу суьрте хьоьжуш лаьтташ дуккха а зударий бара. Уьш Іийсаца Галилайра схьабаьхкина бара, Цуьнан хьашташ кхочушдархьама. 56Царна юкъахь Магдалера Марем а, Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Зевадин шина кІентан нана а яра. 57Суьйре тІееача, Рамат-гІалара Юсуп цІе йолу хьалдолу стаг веара. Иза а вара Іийсан мурдех. 58Пулат волчу а веана, цо, Іийсан дакъа шега схьалахьара аьлла, дехар дира. Пулата, дакъа дІало аьлла, омра дира. 59Юсупа, дакъа схьа а эцна, цІеначу кІади юккъе а хьарчийна, 60ша шена ломахь яьккхинчу керлачу къуббанна чу охьадиллира. Цунна дуьхьал боккха тІулг а карчийна, цу чу воьду меттиг дІа а къевлина, иза дІавахара. 61Магдалера Марем а, важа Марем а цу къуббанна дуьхьал охьахиира. 62Иза хилира пІерасканан дийнахь, Далла лерина долчу шоьтан денна кечам бечу хенахь. ШолгІачу дийнахь динан коьртачу дайша а, парушхоша а, Пулат волчу а баьхкина, 63элира: «Эла, тхуна хІинца дагадеа иза: цу нах лебечо ша дийна волуш элира: „КхоалгІачу дийнахь Со денлур ву“. 64Цундела, и чохь волу къубба, и кхо де даллалц, дикка ларъе алий, омра дехьа, Цуьнан мурдашка дакъа, лачкъа а дина, дІа ца дахьийта. Цара эр ма ду: „Иза веллачуьра денвелла“. ТІаккха шолгІа аьлла харцдерг хьалха аьллачул а вон хир ду». 65Пулата цаьрга элира: «Шайца гІаролхой схьа а эций, даха а гІой, шайна бакъахьа хеттачу агІор ларъе и къубба». 66Цара, дІа а бахана, къуббанна чу воьду меттиг чІагІйина хиларан билгало а йина, цигахь гІарол дІахІоттийра.

will be added

X\