IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Маттайс 26 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Ша къамел дина ваьллачул тІаьхьа Іийсас Шен мурдашка элира:   2  «Шуна хууш ду ши де даьллачул тІаьхьа „Пасахь“ олу деза де тІекхочуш дуйла а, Адамийн КІант жІарах дІатоха дІалур вуйла а».   3  ТІаккха динан коьрта дай а, къаной а Кайба цІе йолчу динан коьртачу ден кертахь схьагулбелира.   4  Цара барт бира Іийса хІилланца схьалаца а, вен а.   5  Амма цара элира: «Дезачу дийнахь дан мегар дац иза, адам карзах ца далийта».   6  Іийса Бет-ХІинехь чкъураца ца йоьрзу цамгар хилла йолчу ШамІин хІусамехь волчу хенахь,   7  Цунна тІееара, мехала кхаба карахь а йолуш, цхьа зуда. Иза шен кхаби чуьра хаза хьожа йогІу, механа чІогІа деза долу даьтта хиъна Іаш волчу Іийсана коьрта тІе дитта йолаелира.   8  И сурт шайна гича, Іийсан мурдаш резабоцуш хьаьвзира. Цара элира: «Муха лелор ду цу тайпана кхоам боцуш долу хІума?   9  Безачу мехах и даьтта дІа а доьхкина, цунах схьаэцна долу ахча мискачу нахана дІадала мегар ма дара».   10  Іийсас, Шена и къамел хезча, элира: «Эхь стенна хоьтуьйту аша цу зудчунна? Цо Суна динарг дика гІуллакх ду.   11  Миска нах шуна юххехь гуттар а хир бу, ткъа Со даим хир вац шуьца.   12  Сан дегІа тІе и мехала даьтта а доьттина, иза Со дІаволла хьалххе кечам беш ю.   13  Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тІехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду».   14  Іийсан шийтта мурдах цхьаъ волчу ЯхІуд-Искархочо, динан коьрта дай болчу а вахана,   15  элира: «Суна хІун лур ю аша, аса Иза шайна дІалахь?» Цара ткъе итт дети ахча лур ду шаьш элира.   16  ХІеттахь дуьйна ЯхІуд-Искархо Іийса цаьрга дІавала аьтто лаха волавелира.   17  Совсазчу баьпкан дезачу денойн хьалхарчу дийнахь Іийса волчу баьхкира Цуьнан мурдаш. Цара элира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь».   18  Цо элира: «ГІалахь Іаш волу а, ас хьоьга дуьйцуш волу а стаг волчу а гІой, цуьнга ала: „Устазо боху: (Сан хан тІекхочуш ю. Аса Сайн мурдашца Пасахьан деза де хьан хІусамехь даздийр ду’“».   19  Цара, дІа а бахана, Цо тІедиллинарг кхочушдира, тІаккха Пасахьан пхьор кечдира.   20  Суьйре тІекхаьчча, Іийса Шен шийтта мурдаца хІума яа охьахиира.   21  ТІаккха Іийсас элира: «Аса баккъалла а боху шуьга: шух цхьаммо Суна ямартло йийр ю».   22  ЧІогІа халахетарца уьш Цуьнга баха буьйлабелира: «Эла, со-м хир ма вац иза!»   23  Церан хаттарна жоп луш, Цо элира: «Соьца хІокху кеда чу куьг кховдийначо Суна тешнабехк бийр бу.   24  Ткъа Адамийн КІант, Делан Йозанашна тІехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дІавоьдуш ву. Амма декъаза ву Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гІоле яра!»   25  Тешнабехк бан кечвелла волчу ЯхІуд-Искархочо элира: «Хьуна иза со ву-м ма ца моьтту, Устаз!» Іийсас цунна жоп делира: «Иза ахьа боху!»   26  Цара хІума юучу хенахь Іийсас, бепиг схьа а эцна, доІанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дІа а кховдош, элира: «ДІаэца, даа, иза Сан дегІ ду шуна!»   27  Цул тІаьхьа кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, цаьрга дІакховдийра: «ДІамала массара а,   28  иза Сан цІий ду шуна, Делаца бина барт чІагІбеш долу, дуккха а нах къинойх цІанбархьама Іенар долу!   29  Амма Аса боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Сан Дас дІахІоттийначу Олаллехь керла малар шуьца молу де тІекхаччалц», – аьлла.   30  ТІаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тІе бахара уьш.   31  ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Тховса аша массара а Со дІатосур ву, яздина ма-хиллара: „Іуьнна чов йийр ю Аса, тІаккха жа юкъара уьстагІий шаьш дІасадовдур ду“.   32  Амма веллачуьра денвеллачул тІаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со».   33  ТІаккха Кипас Цуьнга элира: «Массара а дІатесча а, аса-м дІатосур вац Хьо».   34  Іийсас цуьнга элира: «Аса баккъалла а боху хьоьга: тховса нІаьна кхайкхале, Со кхузза дІатосур ву ахь».   35  ТІаккха Кипас Цуьнга элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дІакъаьстар вац». Изза вукхара а элира.   36  Іийса Шен мурдашца Гатшамани цІе йолчу метте веара. Цо цаьрга элира: «Кхузахь ховший Іе, Аса, хьуьлла а вахана, доІа дечу юкъана».   37  Цо Шеца Кипа а, Зевадин ши кІант а вигира. ЧІогІа сингаттаме а, йиш йоьхна а вара Иза.   38  Цо элира цаьрга: «Сан са Іожаллин гІайгІанехь ду. Аша кхузахь а совций, Соьца цхьаьна сема хан яккха».   39  Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доІа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тІехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла».   40  Шен мурдаш болчу тІевахча, уьш наб кхетта гира Цунна. Кипига Цо элира: «ХІун до аша? Цхьана сахьтехь мукъана а Соьца сема хила ца мегара шу?   41  Сема а хилалаш, доІа деш а хилалаш, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта. Са сема ду, ткъа дилха эгІаза ду».   42  Юха а, дІанехьа а ваьлла, Иза доІа дан волавелира: «Сан Дада! И къаьхьа кад, Аса ца молуш, Суна уллохула тІехбала йиш яцахь, Аса иза мер бу. Хьан лаам кхочушхуьлийла!»   43  Юхавеача, кхин цкъа бийшина карийра Іийсана уьш, хІунда аьлча церан бІаьрганегІарш дазделлера.   44  КхозлагІа а, дІанехьа а ваьлла, доІа дан хІоьттира Иза, изза дешнаш а олуш.   45  Шен мурдаш болчу тІе а веана, Іийсас цаьрга элира: «Шу хІинца а, наб еш, садоІуш ду? ЛадогІа Соьга: Адамийн КІант къинош летийначеран каравоьду хан тІекхаьчна.   46  Дуьйло, хьалагІовтта! ХІара ву Суна ямартло ен верг».   47  Іийсас иза олучу хенахь веана схьакхечира шийттаннах цхьаъ волу ЯхІуд. Цунна тІаьхьахІоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш динан коьртачу дайший, къаноший схьахьажийна хилла.   48  Іийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Аса барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, – аьлла, – Иза схьалаца».   49  Цу сохьта Іийсана тІе а вахана, цо элира: «Маршалла ду Хьоьга, Устаз!» Цул тІаьхьа Цунна барт баьккхира.   50  Іийсас цуьнга элира: «Къонах, айхьа кхуза деана долу гІуллакх кхочушде». Цара Іийса, тІекхетта, схьалецира.   51  Кхуьнца хилла волчу цхьаммо, тур хьала а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочун лерг, тоьхна, тІерадаьккхира.   52  Іийсас цуьнга элира: «Батта чу дилла хьайн тур, хІунда аьлча шайн тарраш схьадаьхнарш берриш таррашца бойур бу.   53  Сайн Дега орца ца даккхалуш ву-м ца моьтту хьуна Со? Аса Шега хаам бинчу сахьтехь Цо маликийн шийтта сов эскар Суна гІоьнна доуьйтур дац моьтту хьуна?   54  Делан Йозанаш тІехь и шадерг иштта хила деза бохург кхочуш муха хир ду ткъа?»   55  Цу хенахь Іийсас гулбеллачаьрга элира: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со лаца. ХІора дийнахь Делан цІийнан кертахь Іаш ма вара шуна Со, хьехамаш беш, амма цу хенахь аша Со схьа ца лецира.   56  Ткъа и шадерг хилла пайхамарша яздинарш кхочушхилийтархьама». ТІаккха Цуьнан берриг а мурдаш, Иза ша волччохь а витина, бевдда дІабахара.   57  Іийса схьалаьцначара Иза динан коьрта да Кайба волчу дІавигира. Кхузахь гулбелла бара Іелам нах а, къаной а.   58  Іийсана гено тІаьхьа а хІоьттина, динан коьртачу ден керт йолчу схьавеара Кипа. Чу а ваьлла, гІаролхошца цхьаьна охьахиира, кхин дІа хІун хир ду хьожуш.   59  Ткъа Іийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара.   60  Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тІевеара.   61  Цара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „Делан цІа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дІахІотталур дара“».   62  ТІаккха динан коьртачу дас, хьала а гІаьттина, Цуьнга хаьттира: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хІунда до?»   63  Амма Іийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цІарах тІедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КІант волу Дала леррина Къобалвинарг?»   64  Іийсас цуьнга элира: «Ахьа айхьа эли иза. Делахь а, Аса эр ду шуьга массаьрга: хІинца дуьйна схьа Адамийн КІант шуна гур ву Нуьцкъалчу Далла аьтту агІор хиъна Іаш а, стигаларчу мархашкахула охьавуссуш а».   65  ТІаккха динан коьртачу дас, шена тІера бедарш а этІош, мохь хьаькхира: «Иза Далла лоьра! Кхин хІун тоьшалла оьшу? Шуна хезирий Иза Далла луьйш?   66  ХІун хета шуна?» Цунна жоп луш, гулбеллачара элира: «Иза бехке ву! Иза вала веза!»   67  Цхьаболчара юьхь тІе туйнаш детташ, вукхара буйнаш детташ, бетах тІара детташ,   68  мохь хьоькхура: «Хьо пайхамар велахь, алал, „Дала леррина Къобалвинарг“, муьлхачо туьйхира Хьуна?»   69  Кипа цу хенахь кертахь Іаш вара. Цунна тІе а еана, цхьана зуда-ялхочо элира: «Хьо а ма вара Галилайра волчу Іийсаца».   70  Амма цо иза даре ца дира: «Суна ца хаьа, ахьа хІун боху».   71  Иза кевнах араволучу хенахь вукху зудчо элира: «И стаг Назартарчу Іийсаца вара».   72  Кипас юха а, дуй бууш, элира: «Суна и стаг ца вевза».   73  Дукха хан ялале кхунна тІебаьхкира кхин а нах. Цара Кипига элира: «Хьо баккъалла а ву-кх царах, хІунда аьлча хьан къамело цунах тоьшалла до».   74  Кипа юха а, дуйнаш а дууш, чІагІонаш ян волавелира: «Суна и стаг ца вевза». Эццахь нІаьна кхайкхира.   75  ТІаккха дагадеара Кипина Іийсас аьлларг: «НІаьна кхайкхале, ахьа кхузза Со дІатосур ву». Иза, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира.