Маттайс 24

1Делан цІа долчуьра схьавогІуш вара Іийса. Цу цІийнан кертахь йолу гІишлош Цунна гайтархьама, Іийсана тІебаьхкира Цуьнан мурдаш. 2Цо цаьрга элира: «ХІара шадерг а гой шуна? Аса баккъалла а боху шуьга: И дерриге а хІаллакдийр ду, тІулга тІехь тІулг а ца буьтуш». 3Іийса Зайт-диттийн лам тІехь хиъна Іачу хенахь, Цуьнан мурдаш Цунна тІебаьхкира. Уьш Іийсаца шаьш бисча, цара хаьттира: «Алахьара Ахьа, иза маца хир ду? Хьо схьаваран а, дуьненан тІаьхьарчу заманан а билгало муха хир ю?» 4Цаьрга Іийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш. 5Аса иза боху, хІунда аьлча дуккха а богІур бу Сан цІарах. Цара эр ду: „Со ву Дала леррина Къобалвинарг !“ Дукхахберш Іехор бу. 6ТІемех лаьцна хезар ду шуна, вовшахлетарех лаьцна хаамаш а хир бу. Шу дохий ма хьовза, хІунда аьлча иза хила дезаш дерг ду. Амма иза цкъачунна чаккхе яц. 7Халкъана дуьхьал халкъ гІоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьІ-маьІІехь мацалла а хІуттур ю, мохк а бегор бу. 8Амма иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц. 9Шу Іазапанний, Іожаллиний кара дІалур ду. Сан цІе бахьана долуш массо а къаьмнийн шуьга цабезам кхоллалур бу. 10Сох тешна болу дукхахберш дохко а бевр бу, ямартлонаш а еш, вовшашца гамо лелор ю. 11Дукха нах лебеш, дуккха а харцпайхамарш юкъабевр бу. 12Зен-зулам совдалар бахьана долуш, дукхахболчеран безам лахлур бу. 13Амма и дерриг а чекхдаллалц лайнарг кІелхьарвоккхур ву. 14И Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ дерриге а дуьнен чохь дІакхайкхор бу, массо а адамашна иза тоьшалла хилийтархьама. Цул тІаьхьа тІекхочур ю дуьненан чаккхе». 15«Иштта, Даниал-пайхамарехула аьллачух „вас еш йолу къемате хІума“ езачу метте дІахІоьттина шайна гича, – (хІара доьшург нийса кхетийла!), 16тІаккха цу хенахь ЯхІуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дІаводийла. 17Ткъа тхов тІехь нисвелларг, цу тІера охьавоьссича, цІа чу ма воьдийла, шен цхьа хІума схьаоьцур яра аьлла. 18Аренгахь нисвелларг, шен тІеюху хІума схьаоьцур яра ша аьлла, цІа ма вогІийла. 19Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. 20Деле дехалаш, шаьш девдда дІадаха дезаш йолу хан Іай я шоьтан садоІучу дийнахь ма нисъялийта алий. 21ХІунда аьлча дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна, хІара хан тІекхаччалц, цхьанна а гина а боцу, я кхин цул тІаьхьа гун а боцу боккха баланаш гур бу нахана. 22Дала и денош дац ца динехьара, цхьа а кІелхьарвалалур вацара. Амма Ша хаьржинчеран дуьхьа и денош Цо дацдина хир ду. 23Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“ я „Цигахь ву шуна!“ алахь, цунах ма тешалаш, 24хІунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Іехорхьама. 25ЛадогІалаш! Аса иза хьалххехь шуьга дІахьедо. 26Нагахь шайга алахь: „Хьовсал! Иза яьссачу аренгахь ву!“ цига ма гІолаш. Шайга: „Хьовсал, Иза къайлахчу цІа чохь ву!“ алахь, царах ма тешалаш, 27хІунда аьлча, малхбалехьа летта, малхбузехула тІехъиккхина долу стелахаьштиг санна, хир ду Адамийн КІентан схьавар. 28ХІунда аьлча дакъа долчохь схьагуллур ю хьаргІанаш а». 29«Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю. 30Цу сохьта стигалахь Адамийн КІентан тамашийна билгало гучуер ю. Дуьнен чуьра массо а къаьмнаш гІайгІане хир ду. Стигаларчу мархашна тІехула схьавогІуш Адамийн КІант гур ву царна, Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а гучуваьлла волу. 31Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьІІера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц». 32«Масала, эца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кІад а делла, гІа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. 33Иштта, и хІуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КІентан зама герга юйла а, Иза неІарехь вуйла а. 34Бакъдерг боху шуьга: хІара адамийн тІаьхье чекхъялале, хир ду и дерриге а. 35Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац». 36«Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КІантана а, Да воцучунна. 37Нохьа-пайхамаран заманахь санна хир ду Адамийн КІант схьавогІуш. 38ХІунда аьлча хьалха, хи тІедалале, адамаш юуш, молуш, зударий балош, маре оьхуш хилла. И дерриге а лаьттира Нохьа-пайхамар хинкеманна чу валлалц. 39ХІумма а дагахь доцуш хилла долу адамаш, хи тІе а даьлла, хІаллакьхилира. Иштта хир ду Адамийн КІант схьавогІучу хенахь а. 40Цу заманчохь шиъ аренгахь болх беш хир ву. Царах цхьаъ схьаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву. 41Кохьар хьовзош, болх беш йоллучу шина зудчух цхьаъ схьаоьцур ю, важа юьтур ю. 42Цундела сема хилалаш, хІунда аьлча шуна ца хаьа, маца вогІур ву шун Веза Эла. 43Кхин цхьа хІума а дагахь латтаде: хІусамдена къу буьйсанна маца вогІур ву хаьахьара, цо сема хиларца иза ларвийр вара, цуьнга шена къола ца дайта. 44Цундела шу а хила деза кийча, хІунда аьлча Адамийн КІант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогІур ву». 45«Муха хуьлу тешаме а, кхетаме а волу ялхо? Иза ву вукху ялхошна тІехІоттийнарг, царна шен-шен хенахь яа хІума дІа а луш. 46Декъал хир ву, шен хьолада цІа веача, цунна иштта лелаш гун волу ялхо. 47Бакъдерг боху шуьга: хьоладас иза шен берриг а бахамна тІехь куьйгалхо хІоттор ву. 48Амма, масала, и ялхо, шен даг чу оьгІазло а йиллина, ша-шега: „Сан эла кестта цІа вогІур вац“ бохуш, 49вукху ялхошна коча а оьхуш, ша санна болчу маларш муьйлуш болчаьрца тІех сов дууш, маларш муьйлуш Іаш хир ву. 50Иза цІа варе ца хьоьжучу дийнахь а, цунна дагахь доцучу хенахь а, цу ялхочун олахо цІа кхочур ву. 51ХІусамдас и ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, шалхо лелочу нехан дакъа цунна дІа а кхочуьйтуш. Ткъа цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».

will be added

X\