Маттайс 23

1ТІаккха Іийса халкъаций, Шен мурдашций къамел дан волавелира. 2Цо элира: «Іеламчу нахана а, парушхошна а бакъо елла Мусан товрат-хьехамах нах кхето. 3Цу тайпана, цара дан деза бохург дерриг а кхочушде, амма уьш санна ма лела, хІунда аьлча цара дан деза олу, ткъа шаьш и гІуллакхаш дан а ца до. 4Цара чІогІа хала парзаш хІиттадо. Уьш кхочушдан чІогІа хала ду. И парзаш нахана тІе а дехкина, уьш цаьрга дІакхехьийта гІерта. Ткъа шаьш пІелг меттахбаьккхина а хІума дан лууш бац. 5Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тІеяздина йолу церан хьаьжнаш тІе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тІера чечакхаш яхлуш ю. 6Царна уггар сийлахь йолу меттигаш еза тойнашкахь а, гуламан цІенош чохь а. 7Царна лаьа базаран майданахь шайга чІогІа лоруш маршалла хаттийта а, „устаз“ аьлла, нахе шайн цІе яккхийта а. 8Амма аша шайн цІе, „устаз“ алий, ма яккхийта, хІунда аьлча вайн массеран а баккъалла а волу цхьа Устаз ву, ткъа шу вежарий ду. 9Цхьаннан а кху дуьненахь „Веза Да“ алий, цІе ма яккха, хІунда аьлча шун Веза Да цхьаъ бен вац. Иза – Стигалахь Верг ву. 10Шаьш „хьехамхой“ ду алий, цІе ма яккхийта, хІунда аьлча шун цхьа Хьехамхо ву – Дала леррина Къобалвинарг . 11Шуна юкъара уггар лакхара верг шун ялхо хуьлийла. 12Ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг хьалаваьккхина хир ву. 13Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а, шалхалла шайца йолуш долу! Адамашна Стигалийн Олалла тІелаца боьду некъ дІакъевлина аша. Шаьш а ца доьлху шу цу некъахула, ткъа кхечу нахана а дуьхьал ду шу цу некъахула уьш бахийта. 15Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а! Шалхалла шайца ерш! ХІордана а, лаьттана а гобаккха кийча ду шу, цхьа стаг мукъана а шайгахьа ваккхархьама. И санна верг шайна карийча, цунах шайл шозза жоьжахатина пайдениг вой, дІахІоттаво аша. 16Къа ду шун, шаьш бІаьрзе а долуш, юьхьлаьцнарш. Аша олу: „Делан цІийнах дуй биъча, хІумма а дац, амма Делан цІа чохь долчу деших дуй биъча, иза кхочушбан беза“. 17БІаьрзе, сонта нах! ХІун ду деза – деши ду, я Делан цІа ду, и деши даздеш долу? 18Аша боху: „СагІа доккхучу кхерчах дуй биъча, хІумма а дац. Амма цу кхерча тІехь Іуьллучу сагІанах дуй биъча, иза къарбан йиш яц!“ 19БІаьрзе нах! ХІун ду деза – сагІина еана хІума ю, я ша кхерч бу, еана йолу хІума язъеш болу? 20Цу кхерчах дуй буучо цу тІе охьайиллинчу хІуманах а боу дуй. 21Делан цІийнах дуй буучо Делан цІийнах а, цу чохь Іаш Волчух а боу дуй. 22Стигалх дуй буучо Дала паччахьалла дечу гІантах а, цу гІанта тІехь Волчух а дуй боу. 23Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Ялташ чудерзочу хенахь Іаждарбецан, цицан, оччаман уьтталгІа дакъа аша сагІина дІало, ткъа товрат-хьехамашкахь уггар чІогІа лоруш дерш – нийсо, къинхетам, тешаме хилар – шуна дицделла. Хьо цхьа хІуманаш лардеш волчу хенахь важа дицдан ца деза. 24БІаьрзе юьхьлаьцнарш! Шаьш молуш долчу хи чуьра чуьрк дІайоккху аша, амма эмкал дІакхоллу. 25Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла ю шуьца! Аша кад-хедар тІехулара дикка цІандо, амма чухулара уьш бІаьрмецигаллица а, къизаллица а схьаяьккхина йолчу хІуманах дуьзна ду. 26БІаьрзе парушхо, цкъа хьалха кад-хедар чуьра цІанде, уьш тІера а, чуьра а цІена хилийта. 27Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Шу, кир а тоьхна, лаьтташ йолчу къуббанех тера ду. ТІехулара хьаьжча, уьш хазахета, ткъа царна чохь беллачеран даьІахкаш, дахкаделла долу дилха а ду. 28Шу шаьш а, тІехулара хьаьжча бакъахьара лелаш хетахь а, шайца шалхалла а йолуш, зуламах дуьзна долчарах ду. 29Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а! Шалхончаш! Пайхамаршна къуббанаш хазйо аша, Делан лаамехь болчеран кешнаш кечдо. 30Аша олу: „Тхо тхешан ворхІе а да Іийначу хенахь даьхнехьара, оха тхайн дайшца пайхамарийн цІий Іанор дацара“. 31Цу дешнашца аша шайна дуьхьал тоьшалла до, шаьш пайхамарш байинчу тІаьхьенах хилар чІагІ а деш. 32Шайн дайша лелийнарг кхин а тІехдаккха! 33Лаьхьанийн тІаьхье! Жоьжахатих муха довла дохку шу? 34Цундела Аса шу долчу бохкуьйту пайхамарш, хьекъалчаш, Іелам нах. Царах цхьаберш аша я бойу, я жІарах дІатуху, вуьш, шун гуламан цІенош чохь етташ, цхьана гІалара вукху гІала лоьхкуш лелабо. 35Шуна тІехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цІий, аша Іанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тІера дІадолийна Барак-ЯхІун кІант волчу Закри-ЯхІуна тІекхаччалц, Делан цІенний, сагІа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу. 36Аса баккъалла а боху шуьга, цу дерригенах а жоп лур ду хІокху тІаьхьено». 37«Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза. 38ХІинца билггала шун ЦІа Дала дІатесна ду. 39Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш верг!“»

will be added

X\