Маттайс 22

1Іийсас юха а царна цхьа хьекъале дийцар далийра. Цо элира: 2«Стигалийн Олаллехь иштта ду. Цхьана паччахьо шен кІантана зуда ялош той кечдина. 3Цо шен ялхой бахийтина хилла, хьалххе кхайкхина хиллачу хьешашка тойне схьадуьйла аьлла, амма вукхарна цига бахка ца лиъна. 4Цо юха а ялхой бахийтина хьешашка дІаала: „ЛадогІалаш. Той дІадахьа мел оьшуш дерг долуш ду. Дустийна долчу бежанашна урс а хьаькхна, шадерг а кийча ду. Дуьйлийша зуда ялочохь хІоттийначу тойне“. 5Амма хІокхара кхайкхина болчу хьешашна цига бахка ца лиъна, уьш шайн гІуллакхашка маьІ-маьІІе дІасабевлла. Цхьаъ шен кха тІе болх бан вахана, важа шен йохкаэцар лело вахана, 6ткъа вукхара, паччахьан ялхой схьа а лаьцна, уьш бала боллалц йиттина охьабехкина. 7Паччахь чІогІа оьгІазвахана. Цо, шен эскархой а бахийтина, шен ялхой байинарш байийтина, церан гІала а ягийна. 8ТІаккха цо шен ялхошка элира: „Дерриг а кийча ду той дІадахьа. Амма тойне кхайкхинарш кхуза бахка хьакъ долу нах ца хилла. 9Даха а гІой, хІора некъ галморзаха болучу меттера нах схьакхайкха со волчу“. 10Ялхоша, баха а бахана, массо а меттера нах схьакхайкхина. Царна юкъахь дика нах а, вон нах а хилла. Хьешийн цІа хьаладуьзна хилла цара. 11Паччахь уьш болчу араваьлча, хьешашна юкъахь цунна гира цхьа стаг, тІехь тойне воьдуш юхуш йолу бедарш а йоцуш. 12Паччахьо цуьнга хаьттира: „ХІей къонах, хьо муха кхаьчна кхуза цу бедаршца?“ Важа вист ца хилла. 13ТІаккха паччахьо шен ялхошка омра дира: „Иза, схьа а лаций, ког-куьг дІа а дехкий, Іаьржачу боданечу метте чукхосса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“. 14Кхайкхинарш дукха бу, амма царна юкъахь хаьржинарш кІезиг бу». 15ТІаккха парушхой, ара а бевлла, шайна юкъахь барт беш хилла, Іийса дош харцдаьллачу меттехь муха лоцур вара техьа бохуш. 16Цара шайн мурдаш бахийтина Иза волчу, царах хІародхой а тоьхна. Мурдаша Іийсага элира: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла а, Далла тІе боьду некъ нийса хьоьхийла а. Наха Хьайна олучух гІайгІа беш а вац Хьо, хІунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. 17Алахьа тхоьга, Хьуна хІун хета, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?» 18Іийсана хууш яра церан ямарта ойланаш, цундела Цо элира: «Шалхончаш! Со стенна зоь аш? 19Схьагайта Суна шаьш йолана луш долу ахча». Цунна дато динари-ахча схьадеара. 20ТІаккха Цо хаьттира: «Хьенан сурт ду кху тІехь диллинарг, хьенан цІе ю язйинарг?» 21Цара элира: «Римхойн паччахьан». ТІаккха Іийсас цаьрга элира: «Делахь, паччахьна паччахьна доггІург дІало, Далла – Далла доггІург». 22Шайна иза хезча, уьш, цец а бевлла, дІабахара. 23Цу дийнахь ХІара волчу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара Цуьнга хаьттира: 24«Устаз, Мусас Іамадора: бер доцуш волу стаг велча, цуьнан вашас цунах йисина йолу зуда шена ерзор ю, ткъа цо дина долу бераш веллачун тІаьхье санна лору. 25Цхьана хенахь кхузахь Іаш ворхІ ваша вара. Царах воккхаха волчо зуда ялийра. Шен бераш хилале иза валар бахьана долуш, цуьнан зуда шозлагІа волчу вешина йисира. 26Изза хІума шозлагІчу а, кхозлагІчу а вешица хилира. Иштта ворхІе а ваша велла дІавелира. 27Царал массарал а тІаьхьа зуда елира. 28Масала, нах беллачуьра денлучу дийнахь цу ворхІ веших муьлхачун зуда хилла дІахІуттур ю иза? Уьш шаберш а цуьнца Іийна ма бу». 29Іийсас жоп делира: «Шу тилла, хІунда аьлча Делан Йозанаш ца хаьа шуна, Делан ницкъ а ца бевза шуна. 30Беллачуьра денлучу заманахь наха зударий а балор бац, я уьш маре а гІур бац. Стигаларчу маликех тарлур бу уьш. 31Ткъа беллачуьра денбаларх лаьцна аьлча, аша ца дешна Дала шайга аьлларг: 32„Со ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“? Иза беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву!» 33Шайна и хьехам хезча, нах чІогІа цецбевлира. 34Цо садукъой Шен жоьпаца ала хІума а доцуш битина хилар шайна хиъча, парушхой цхьаьна гулбелира. 35Царах волчу цхьана Іеламчу стага, Іийса зерхьама, Цуьнга хаьттира: 36«Устаз, товратан хьехамашна тІехь уггар хьалха тІедиллина долу гІуллакх муьлха ду?» 37Цо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“. 38Иза уггар хьалхара, уггар лакхара тІедиллина гІуллакх ду. 39Цунах терра шолгІа тІедиллинарг а ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. 40Товрат тІера бина берриге а хьехамаш а, пайхамарша яздина дерриге а Дала тІедиллинчу оцу шина гІуллакх тІехь лаьтташ ду». 41ТІаккха Іийсас схьагулбеллачу парушхошка хаьттира: 42«ХІун ойланаш йо аша Дала леррина Къобалвинчух лаьцна? Хьенан КІант ву Иза?» Цара Цуьнга элира: « Даудан КІант ву». 43Іийсас цаьрга элира: «Делан Сино иракарахІоттийна волчу Дауда хІунда олу Цунах „Хьалдолу Эла“? Цо ма олу: 44„Везачу Эло аьлла сан Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц’“. 45Дауда „Хьалдолу Эла“ ву аьлла, Цуьнан цІе йоккхуш хилча, Иза муха хир ву Даудан кІант?» 46Цхьаммо а, цхьа дош аьлла а, жоп ца делира Цунна дуьхьал. ХІетахь дуьйна схьа Іийсага цхьа а хаттар дан ца хІуттура уьш.

will be added

X\