Маттайс 21

1Ярушалаймана улло а баьхкина, Зайт-диттийн ломана уллохь Іуьллуш йолчу Бет-Паге шаьш кхаьчча, Іийсас Шен мурдех шиъ вахийтира, 2хьехар а дина: «Шайна хьалха Іуьллуш йолчу юьрта а гІой, уллохь вирбекъа а йолуш, дІайихкина йолу вир шайна гича, иза схьа а ястий, уьш а ялош, Суна тІе схьадуьйла. 3Шайга цхьаммо хаттахь, аша ала деза: „Уьш Элана оьшуш ю. Цо уьш сихха юха схьаялайойтур ю“». 4И шадерг а хилла пайхамарехула аьлла хилларг кхочушхилийтархьама: 5«ДІаала Цийонан йоІе: „Хьажал, хьан Паччахь ву хьо йолчу тІевогІуш! Цуьнан эсала амал ю. Иза вирана тІехиъна вогІу, боьршачу вирбокъана тІехиъна вогІу!“» 6Цуьнан мурдаша, бахана, Цо аьлларг кхочушдира. 7Цара виррий, вирбекъий схьаялийра, царна тІе шайн бедарш а ехкина. ТІаккха Іийса цу бедаршна тІехула вирана тІехиира. 8Адамийн тобанна юкъахь болчара шайн бедарш некъа тІе охьатуьйсура, вукхара диттийн гаьннаш, схьа а хедош, некъа тІе охьадохкура. 9Цунна хьалха а, тІехьа а адамийн тобанаш яра. Цара, мохь а бетташ, бохура: «Хастам бу Даудан КІантана! Декъал хуьлда Везачу Элан цІарах вогІуш Верг! ХІашанна! Хастам бу стигалшкарчу Веза Воккхачу Далла!» 10Иза Ярушалайме чувеача, ерриг а гІалара адамаш синтем байна дара, цара вовшашка хоьттура: «Иза мила ву?» 11Адамийн тобанна юкъара царна жоп делира: «Галилай-махкахь йолчу Назарт-гІалара Іийса-пайхамар ву», – аьлла. 12Іийсас, Делан цІийнан керта а вахана, цигахь йохкаэцар лелош мел верг аралаьллира. Цо ахчанаш хуьйцучеран гІопастанаш а, кхокхий духкучеран гІанташ а харцийра. 13Цо элира: «Яздина ду: „Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду“. Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина». 14Делан цІийнан кертахь волчу Цунна тІеэха буьйлабелира бІаьрзенаш, астагІнаш. Цо уьш тобира. 15Динан коьртачу дайшний, Іеламчу наханий Цо лелош долу тамашийна хІуманаш гича а, Делан цІийнан кертахь бераша детта маьхьарий: «Хастам хуьлда Даудан КІантана!» – бохуш шайна хезча а, уьш карзахбевлла хьаьвзира. 16Цара Іийсага хаьттира: «Хьуна хезий цара бохург?» Іийсас жоп делира: «Хеза. Аша цкъа а ца дешна: „Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула бойтур бу Ахьа хастамаш“?» 17Цигара дІа а ваьлла, Іийса Бет-ХІине вахара. Буьйса цигахь яьккхира Цо. 18Іуьйранна гІала юхавогІучу хенахь Іийса мацвеллера. 19Некъан йистехь ша лаьтташ долу комаран дитт а гина, Иза цунна тІевахара. Амма цунна тІехь, гІаш доцург, цхьа а стом бацара. ТІаккха Цо дитте элира: «Цкъа а цхьа а стом ма латабойла хьуна тІе!» Комаран дитт цу сохьта дакъаделла дІахІоьттира. 20И сурт шайна гича, Кхуьнан мурдаша, чІогІа цец а бевлла, хаьттира: «И комаран дитт муха дакъадели сел сиха?» 21Іийсас цаьрга жоп делира: «Аса баккъалла а боху: шун, шеко а йоцуш, чІогІа тешар делахь, шуьга хІокху комаран диттана хилларг дан ницкъ кхаьчна а ца Іаш, аша и лаьтташ болчу ломе: „Хьала а балий, хІордана чу кхоссало“, – алахь, иза а кхочуш хир ду. 22Аша доІанехь Делах тешарца доьхуш мел дерг а кхочуш хир ду». 23Иза, Делан цІийнан керта а веана, нах Іамош волчу хенахь динан коьртачу дайша а, къаноша а, Кхунна тІе а баьхкина, хаьттира: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» 24Іийсас цаьрга жоп делира: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар. Цунна аша жоп лахь, тІаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а. 25Яхьъяс адамаш хих чекхдахар мичара дара? Стигалара дара я Адамашкара дара?» ТІебаьхкинарш вовше барт бан хІиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хІунда ца тийшира шу?“ – аьлла. 26Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, нахера кхерам бу вайна, хІунда аьлча Яхьъя цара пайхамар лоруш ву». 27Іийсана цара жоп делира: «Тхуна ца хаьа», – аьлла. ТІаккха Цо цаьрга элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг». 28«Шуна муха хета? Цхьана стеган ши кІант хилла. Цо, хьалхарчунна тІе а вахана, элира: „КІант, тахана ваха а гІой, сан кемсийн бешахь болх бе“. 29КІанта элира: „Суна ца лаьа“. Амма иза, ойла йинчул тІаьхьа метта а веана, болх бан вахара. 30ТІаккха дас, важа кІант волчу а вахана, вукхуьнга а изза элира. ШолгІачу кІанта жоп делира: „ГІур ву“. Амма иза болх бан ца вахара. 31Муьлхачо кхочушдина шайн ден дехар?» Цара элира: «Хьалхарчо». ТІаккха Іийсас элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: ял гулъешбершший, нахаца лелаш болу зударий Делан Олалла шул хьалха тІелоцуш бу. 32ХІунда аьлча Яхьъя шу долчу Делан лаамехь болчу новкъахула веара, амма шу цунах ца тийшира. Ял гулъешберш а, хьарам новкъахула лелаш болу зударий а цунах тийшира. Амма шу, шайна дерриг а гиначул тІаьхьа а, метта ца даьхкира цунах тешархьама». 33«ЛадогІалаш кхин а цхьана хьекъалечу дийцаре. Цхьана шен долахь латта долчу стага кемсаш йийна хилла. Цу бешана гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Іуналлина бІов а хІоттийна цо. Уьш лело белхалой а лаьцна, цІера ваьлла хилла иза. 34Кемсаш схьагулъян хан тІекхаьчначу хенахь, цо кемсаш лелош берш болчу шен ялхой бахийтина шена догІу дакъа схьаэца. 35Амма цара, кхо бахкийтина болу нах схьа а лаьцна, царах цхьанна чІогІа йиттина, важа вийна, ткъа кхозлагІниг, тІулгаш диттина. 36ТІаккха цо кхин а хьалха бахийтинчул сов ялхой бахийтина. Цаьрца а изза „гІиллакх“ хІоттийна кемсашлелорхоша. 37Эххар а цо шен кІант вахийтира, олуш: „Сан кІанте-м ларам хир ма бу церан“. 38Шайна кІант гича, цара вовшашка элира: „Иза хин олу хІусамда ву. Иза вен а вийна, цунна кхочу болу бахам вай ваьшна бита беза“. 39Цунна тІе а кхетта, кемсийн бешара иза ара а ваьккхина, цара иза вийна. 40Шуна муха хета, хІун дийр ду кемсийн беш йолчу дас, ша цига веача?» 41Цара Іийсага элира: «Цо уьш, къа ца хеташ, хІаллакбийр бу, ткъа кемсийн беш кхечаьрга йолах болх бан тІелоцуьйтур ю, шена догІуш долу дакъа, хан тІекхаьчча, схьалун долчаьрга». 42Іийсас цаьрга элира: «Аша ца дешна Делан Йозанашна тІехь дерг: „ГІишло еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг хилла, дІахІоьттина. Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чІогІа инзаре а ду!“ 43Цундела Аса боху шуьга: Делан Олалла, шуьгара схьа а даьккхина, цунах Далла пайда бийр болчу нахе дІалур ду. 44Цу тІулга тІе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тІулг цхьанна тІебоьжча, цо иза хьошур ву». 45Шайна Цо дуьйцург хезча, динан коьрта дай а, парушхой а кхийтира, Цо дуьйцурш шаьш дуйла. 46Иза схьалаца дагадеара царна, амма Іийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хІуьттура.

will be added

X\