Маттайс 19

1Шен къамел чекхдаьллачул тІаьхьа Іийса, Галилай-махкара дІа а вахана, ЯхІуд-махкарчу Йордан-хина дехьарачу агІонгахь йолчу метте веара. 2Цунна тІаьхьа хІоьттина лелаш адамийн тобанаш яра, Цо царна цигахь дарбанаш а дира. 3ТІаккха Іийсана тІе парушхой баьхкира, Иза зерхьама. Цара хаьттира: «Бакъонехь нийса хир дуй муьлххачу бахьанехь а стаг шен зудчух дІасакъастар?» 4Іийсас жоп делира: «Аша ца дешна Кхоьллинчо и шиъ юьхьанца стаггий, зудий кхоьллина хиларх лаьцна? 5Цигахь аьлла ду: „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву. ТІаккха и шиъ цхьаъ хир ду“. 6ХІинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела, цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!» 7ТІаккха цара Цуьнга хаьттира: «Ткъа Мусас тІе хІунда диллина, дІасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла зудчуьнга дІа а лой, цуьнца дІасакъаста аьлла?» 8Іийсас цаьрга элира: «Шун дегнаш къиза долу дела елла шуна Мусас зудчуьнца дІасакъаста бакъо. Амма дуьххьара иштта ца хилла. 9Ткъа Аса боху шуьга: зуда сийсаза лелар бахьана а доцуш, кхин хІума бахьана долуш иза йита а йитина, шена кхин зуда ялийна волу стаг, ямартло еш ву». 10Мурдаша Цуьнга элира: «Майрачун зудчунна хьалха долу декхарш иштта делахь, цунна зуда а ца ялош Іер гІолехь ду». 11Ткъа Цо элира: «Дала шена деллачунна чохь бен тарлур дац Сан дешнаш. 12Цхьаберш шаьш дуьнен чу бовллушехь ваьІна стаг санна хуьлу, вуьш – нах бахьанехь хуьлу иштта, ткъа кхозлагІнаш Стигалийн Олалла бахьана долуш зуда ца ялош соцу. Шена и хьехам чохь тарлочунна иза чохь тарлойла». 13Іийса волчу бераш далийра, царна тІе куьйгаш а дехкина, Цуьнга доІа дайтархьама. Амма Цуьнан мурдаш резабоцуш, бераш далош баьхкинчарах бехкаш дохуш, луьйш бара. 14Іийсас элира: «ХІара бераш тІедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хІунда аьлча Стигалийн Олалла тІелаьцнарш уьш санна бу». 15Царна тІе куьйгаш а дехкина, Цо уьш декъалбира. Цул тІаьхьа Иза цигара дІавахара. 16Цхьана стага, Іийсана тІе а веана, хаьттира: «Устаз, муьлха дика болх бан беза аса Дела волчохь хедар доцучу дахаре со нисвалийта?» 17Іийсас цуьнга элира: «Соьга хІунда хоьтту ахьа, диканиг муьлха ду бохуш. Цхьаъ бен вац Диканиг. Ткъа хьо Дела волчохь хьайн дахар нисдалийта лууш велахь, хьайна тІедиллина парзаш кхочушде». 18Жимачу стага хаьттира: «Муьлха парзаш?» Іийсас жоп делира: «Адам ма де, нахаца ма лела, къола ма де, харц тоьшалла ма де, 19дай-наний а лара, хьайн уллораниг хьо санна веза». 20Жимачу стага Цуьнга элира: «Иза шадерг а аса кхочушдина, кхин хІун оьшу суна?» 21Іийсас жоп делира: «Кхачамалла йолуш хьо хила лууш велахь, ваха а гІой, хьайн мел долу хІума дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. ТІаккха, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта». 22И дешнаш шена хезча, жима стаг, гІайгІане а воьжна, дІавахара, хІунда аьлча иза чІогІа хьал долуш вара. 23Шен мурдашка Іийсас элира: «Баккъалла а боху шуна Аса: хала ду хьалдолчунна, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила. 24Кхин цхьаъ а эр ду Аса шуьга: эмкална механ Іуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул». 25Мурдаша, иза шайна хезча, чІогІа цец а бевлла, хаьттира Цуьнга: «Ткъа мила ваккхалур ву кІелхьара?» 26Цаьрга а хьаьжна, Іийсас элира: «Адамашка иза кхочушдалур дац, амма Деле дан а ца луш хІумма а дац». 27Кипас Цуьнга элира: «Хьажахьа! Дерриге Іадда а дитина, Хьуна тІаьхьа хІиттина-кх тхо. Тхоьга хІун кхочур ду?» 28Іийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дІа а хІоттийна, Адамийн КІант Шен сийлахьчу паччахьан гІанта тІе охьахуун волчу хенахь, Суна тІаьхьахІиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гІанташна тІе охьаховшур ду. 29Сан дуьхьа шен цІа, я вежарий-йижарий, я да а, нана а, я бераш, я шен бахам битина волчу стеган хьал бІозза дукха стамлур ма ду, ткъа Дела волчохь хедар доцу дахар а хуьлуьйтур ду цуьнан. 30Амма хІинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тІаьхьара хир бу, ткъа тІаьхьарнаш хьалхара хир бу».

will be added

X\