Маттайс 17

1Ялх де даьлча, Іийса, Шеца Кипий, Якъуббий, цуьнан ваша Яхьъяй схьа а эцна, цаьрца лекхачу лам тІе хьала а ваьлла, адам доццучу метте юьстахвелира. 2Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Іийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бІаьрган нур дойуш кІайн яра. 3ЦІеххьана церан бІаьрг кхийтира Іийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхІу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий. 4Кипас Іийсага элира: «Веза Эла! Ма дика Іа вай кхузахь! Хьуна лаахь, аса кхузахь кхо кхалор хІоттор ю: цхьаъ Хьуний, цхьаъ Мусаний, кхозлагІниг Эли-ЯхІуний». 5Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХІара ву Суна дукхавезаш волу Сан КІант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогІалаш Цуьнга!» 6И аз шайна хезча, мурдаш, чІогІа кхерабелла, бертал лаьтта охьаийгира. 7Іийсас, царна тІе а веана, царах куьг а Іоьттина, элира: «Ма кхерало, хьалагІовтта!» 8Кортош хьалаайича, Іийса воцург, гонах цхьа а стаг ца гира царна. 9Уьш лам тІера охьабуьссучу хенахь Іийсас Шен мурдашка элира: « Адамийн КІант веллачуьра денваллалц цхьаьнгге а шайна гинарг ма дийцалаш!» 10ТІаккха Іийсан мурдаша хаьттира: «Хьалха Эли-ЯхІу-пайхамар ван веза хІунда олу те Іелам наха?» 11Іийсас жоп делира: «ХІаъ, Эли-ЯхІус, ван а веана, массо а хІуманна тІехь низам хІоттор ду. 12Амма Аса боху шуьга, Эли-ЯхІу цкъа веанера шуна. Нахана иза ца вевзинера. Ткъа цара цуьнца шайна луъург лелийнера. Цо санна, Адамийн КІанта а хьоьгур бу бала и нах бахьана долуш». 13ТІаккха царна хиира Цо вуьйцуш верг нах хих чекхбоху Яхьъя вуйла. 14Іийса адамаш долчу юхавирзича, Цунна тІевеара цхьа стаг. Цунна хьалха гора а хІоьттина, цо элира: 15«Веза Эла! Къинхетам бехьа сан кІантах! Иза лазар догІуш ву. Цо чІогІа Іазап хьоьгу. Лазар тІедеъча, иза цІерга а вужу, хи чу а волу. 16Аса Хьан мурдаш болчу валийнера иза, амма цаьрга цунна дарба дан ца делира». 17Іийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Со волчу!» 18Іийсас жине, арадала аьлла, омра дира. Цу сохьта кІант товелира. 19Іийса Ша волчу хенахь Цуьнан мурдаша, тІе а баьхкина, хаьттира: «Тхоьга хІунда ца даккхаделира те и жин ара?» 20Цо элира: «Шун Делах тешар кІезиг долу дела. Аса баккъал боху шуьга: нагахь санна шун Делах тешар жимачу буьрттигал а белахьара, и лаьтташ болчу цу ломе аша „ДІахила“ аьлча, иза дІахуьлур бара. Шуьга да ца луш цхьа а хІума хир дацара». 22Шаьш цхьаьна Галилай-махка схьадаьхкича, Іийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КІант нехан кара дІалур ву. 23Иза цара вуьйр ву. Амма кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву». Цуьнан мурдаш чІогІа гІайгІане ийгира. 24Уьш Іийсаца Къапарнаме кхаьчча, Кипина тІебаьхкира Делан цІенна ял гулъеш берш. Цара хаьттира: «Шун устазо Делан цІенна гІуллакхна ял лой?» 25Кипас жоп делира: «Ло!» Иза а аьлла, Кипа цІа чу вахара. Цо цхьа а дош алале, Іийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна муха хета, ШамІа: дуьнен чохь болчу паччахьаша ял шайн махкарчу бахархошкара йоккху, я кхечу махкара баьхкинчу бахархошкара йоккху?» 26Кипас элира: «Кхечу махкара баьхкинчу нахера йоккху». ТІаккха Іийсас элира: «Делахь хІета церан бахархой, ял ца луш, кІелхьарбовлу-кх. 27Амма кхузара Іедалехь болу нах оьгІаз ца бахийта, ваха а гІой, чІерий лоцу мІара хи чу а кхоссий, уггар хьалха айхьа схьалаьцна болчу чІеран бага хьажа. Цигахь хьуна къастийна ахча карор ду. Иза схьа а эций, хьайна а, Суна а тІера ял дІало».

will be added

X\